2018-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгаллица Республикин эколого-биологин туьшо лакхарчу классашкарчу дешархойн Iилманан-талламийн а, прикладни а проектийн Ерригроссин конкурсан регионан мур дIабаьхьира.
Конкурсан Iалашо яра лакхарчу классашкарчу дешархойн хинан тIаьхьалонаш ларъяран, меттахIитторан, царах пайдаэцаран декъехь йолу тоьлла проекташ билгалъяхар, хих пайдаэцарна, бехдина хиш цIандарна, церан биотайпанаш Iалашдарна, хинан, хенан хIоттаман, социальни а, кхидолу а хьелаш талларна, иштта форсайт-талламаш дIабахьарна тIехьажийна Iилманан-техникин проекташ кхочушйинчу дешархойн къинхьегам совгIаташца къастор а.
Конкурсехь дакъалецира Нохчийн Республикин юкъарадешаран (№61 йолу СОШ, Н.А.Назарбаевн цIарах №1 йолу лицей (Соьлжа-ГIала), Гуьмсан, Грозненски, Хьалха-Мартанан, ТIехьа-Мартанан, Нажи-Юьртан, Курчалойн, Теркан, Шелковски кIошташкарчу эколого-биологин станцеш) учрежденешкарчу дейтта шарера берхIитта шаре кхаччалц хенаш йолчу ткъа дешархочо. Къийсадаларш дIадаьхьира шина номинацехь «Хи а, Iалам а», «Хи а, хенан хIоттам а».
«Хи а, Iалам а» номинацехь толам баьккхира В.Ахматовс(16 шо, «Яьсси хин экологин хьал», Гуьмсан кIошт). СовгIатан меттигаш ехира: Р.Дудуговас, И.Магамадовас (16 шераш, «Бурлышка хин паспорт хIоттор а, хин дикалла таллар а», Грозненски кIошт). I.Гакаевс (14 шо, «Республикин дарбанан хиш довзар», Хьалха-Мартанан кIошт).
«Хи а, ( климат) хенан хIоттам а» номинацин толамхо хилира Я.Албасханов (15 шо, «Ямсу хи довзар», Нажи- Юьртан кIошт).
СовгIатан меттигаш яьхнарш: Хь.Альвиева (16 шо, «Куьрчалой-Эвлан хин экосистемина хенан хIоттам хийцабаларо тIеIаткъам бар», Курчалойн кIошт), Т.Мягчиева (14 шо, «Терк хи, иза лардар», Теркан кIошт).
Жюрин сацамца Ахматов Вахин болх («Яьсси хин экологин хьал») лакхарчу классашкарчу дешархойн Iилманан-талламийн а, прикладни проектийн а хинан тIаьхьалонаш меттахIитторан а, хиш лардаран а темехула йолчу 2018-чу шеран Ерригроссин конкурсе дIабахьийтина.
Л.ДАУТОВА
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо