Вайх дукхахболчарна даима а дагахь лаьтта вайн хилла дуьххьарлера хьехархой. Цара йоккха меттиг дIалоцу вайн дахарехь.

Хьехархо – иза еккъа цхьа говзалла хилла ца Iа, иза жоьпалле болх бу. ХIунда аьлча, хьехархочун балхана юкъадогIуш дуккха а декхарш ду.
Берашна кIорггера кхетам а луш, уьш сирлачу новкъа дохуш ерг хьехархо ю. ХIора а дешархо шена а, нахана а пайде хир волчу агIор кхиорехь къахьоьгу цо. Нагахь санна бераш дезаш а, цаьрца мотт каро хууш а хилахь, тIаккха хуьлу цунах дика хьехархо.
Сан дуьххьарлера хьехархо яра Соьлжа-ГIаларчу №50 йолчу школехь юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш йолу Хумгаева Камета.
Оцу школехь цо болх бен 26 шо хан ю. Ас цуьнан классехь дешна 1991–1995-чуй шерашкахь. Со цуьнан классехь хиллачул тIаьхьа дуккха а шераш дIадевллехь а, тхуна юккъе херо ца йоьлла.
Дукха хан йоцуш, дагахь доцуш сан оцу хьехархочунца цхьаьнакхетар нисделира. Иза къамеле яьлча сайн бераллин хан дагалоьцуш Iийра со, цуьнга ладоьгIуш. Тхойшиннан гар эрна ца хилира, хIунда аьлча, со цуьнан дешархо йолуш ца хиънарг хиира сунна цунах лаьцна. Цо дийцира ша хаьржинчу говзаллин некъах лаьцна.
Камета 7 шо кхаьчча Соьлжа-ГIаларчу №21 йолчу школе деша яхана. Цо дийцарехь, 6–7-чу классехь доьшучу хенахь дуьйна лаам хилла цуьнан хьехархо хила. Иза 1988-чу шарахь школа чекхъ а яькхина Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище деша яхана. Цигахь доьшуш йолуш №56, №60, №50 йолчу школашкахь практикехь хилира.
№50 йолчу школехь юхьанцарчу классийн дешаран декъан заведующи а, хьехархо а яра Ерененко Лидия. Цунна зеделлачух боккха пайда белира Каметина. Л.Ерененкос кхуьнан тидам беш, хаарш толлуш хилла. Иза реза хилла цо дIахьош йолчу урокашна. Практикехь цо ша дика гайтарна юхьанцарчу классийн хьехархочун балха дIаийцира иза. Оцу хенахь дуьйна оцу школехь хьехархочун болх беш схьайогIуш ю Камета.
Суна иза езаялийтинарг цуьнан дешархошка болу ларам а, марзо а яра. Дешарна ледара, а программина тIаьхьадисина а долу бераш дIатесна ца дуьтуш, цаьрца къахьега хан карайора цунна.
Нагахь санна шен дешархо школе ваза хан яьлча, цуьнан цIа йоьдура, дешархо школе ца вогIуш хIун бахьана долуш Iийна хьожура.
ДагадогIу, тхан классера цхьа йоI цомгаш хилла, бутт гергга хан елира школе ца йогIуш. Цундела дешарна тIаьхьайисинера иза. Урокаш чекхъевлча хIора дийнахь иза программина тIаьхьакхиош къахьийгира Каметас.
ХIора беро доьшийла лууш, царах дог лозуш, дика хьехархо ю иза. Урокаш елла ца Iаш, гIиллакх Iамадо цо. Цундела дешархоша а, коллективо а лоруш а, царна езаш а ю.
Башха хьехархо хиларал сов, доьзална дика нана а, дика хIусамнана а ю иза.
Каметина тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалацарна Заводской кIоштан префектуро а, дешаран урхалло а, дешаран а Iилманан а министерствос а елла дуккха а Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду. Иштта, 2016-чу шарахь Ерригроссин «Умната» конкурсехь хьалхара меттиг яккхарна делла Диплом а ду.
Карарчу хенахь директоран юьхьанцарчу классийн балхехула заместитель ю иза.
АСЛАХАНОВА Хеда
Авторан суьрта тIехь: Хумгаева Камета