Наркотикаш схьаяьхна
ХIокху деношкахь оперативни-профилактикин белхаш дIахьочу хенахь полицин белхахоша Соьлжа-ГIалахь а, Невран а, Хьалха-Мартан а, Грозненски а кIошташкахь гучудаьккхина законехь доцуш наркотикаш лелор.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам ма-барра, полицин белхахоша кара а йина схьаяьккхина юккъерчу барамехь 130 грамм хиллал ораматех схьаялар долу, марихуанин а, кIомалан а шатайпа хьожа йолу наркотик.
Схьаяьккхина йолу наркотик дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.
ДIахьош таллам бу.
Къола дарна къера хилла
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштахь йолчу отделан дежурни декъе шен бехкана къера а хилла тIевеана Гумс гIалин 25 шо долу вахархо. Вахархочо мук1арло дина ша къола дарна.
Цо дийцарехь, хIокху шеран чиллин (февраль) баттахь Гуьмсерчу цхьана туьканан чоьхьаволу неI а кагйина, оцу чуьра 5 эзар соьмана кхачанан сурсаташ а, 16 эзар соьман барамехь ахча а лачкъийна хилла цо.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам ма-барра, оцу гIуллакхан хьокъехь дIахьош таллам бу.
Некъан бохамехь водитель лазийна
ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь, некъан-транспортан бохам бахьанехь лазийна 55 шо долу вахархо. Оцу хьокъехь хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.
Оцу метте яханчу оперативни-талламан тобано билгалдаьккхина, суьйранна, «Тойота Камри» автомашенан водитела, «некъ битаран» хьаьрк тергал а ца еш, некъан боламан асана тIе а ваьлла, шен автомашен кхечу «Тойота Камри» автомашенна тIетоьхна хилар.
Аварехь лазийна волу, оцу некъан-транспортан бохамна бехкениг больнице вигна, цигахь цунна оьшуш долу дарба дина.
Бакъо ца хилла киранаш дIасакхехьа
Соьлжа-ГIала чуволуччохь полицин белхахоша документаш талла сацийна 30 шо долчу меттигерчу вахархочун ГАЗ-330210 киранан хIургон.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхий министерствон пресс-службо хаам ма-барра, автомашене хьовсучу хенахь билгалдаьлла, вахархочо автомашенан кузов чохь дIахьош 1000 кийла хиллал тиша эчиг хилар.
Цу киранан хила деза цхьа а документаш а ца хилла водителехь.
I.МУРТАЗОВ
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо