Иза 1957-чу шарахь дара. ГIиргIизойчуьра даймахка цIа бирзина, Соьлжа-гIалахь баха-Iен сецира тхан доьзал.
Бевза-безарш ган болчу лаамца, гIалин коьртачу базара воьдура массо а. Сайн нана ишттачу Iалашонца базара йоьдучу цхьана дийнахь, со а яхара цуьнца. Тхуна цигахь дуьхьал кхийтира вай махках дахале дуьйна а нанна евзаш хилла йолу цхьа безамехь зуда. Иза Хакишева Човка хиллера.
Оцу цхьаьнакхетарх и шиъ йоккхайийна яьлча, сан нанас хаьттира: «Болх-м ца карийна хьуна?» – аьлла. Човкас хазахеташ, дийцира ша «Ленинан некъ» (хIинцалера «Даймохк») газетехь машинисткин болх беш ю аьлла.
Нохчийн маттахь яздан а, деша а хуурш кIезиг хиларна, белхахойн къелла йолуш, хала дохку шаьш бохура. Сан нанас, забаренна санна: «ХIара йоI йигахьа цига, кхунна хаьа хьуна нохчийн маттахь деша а, яздан а», – элира.
Сан 15 шо дара хIетахь. Кхана «Ленинан некъ» газетан редакцехь вовшахкхетар ду аьлла, барт а бина, дIасакъаьстира тхо.
ШолгIачу дийнахь редакце яхара со. Машинки тIехь нохчийн маттахь зорбатоха Iама со тIечIагIйира цхьана безамехь йолчу зудчунна. Дадуева Рабу ю элира иза, 1944-чу шарахь вай махках дахале оцу говзаллехула курсаш чекх а яьхна, масех меттехь болх а бина, йоккха говзанча.
Хаза а, самукъане а, догцIена а зуда яра Рабу. Шен кIедачу маттах адам атта кхеташ. Цундела, хьалхарчу дийнахь дуьйна, иза тайна, кхин ийза ца луш, цуьнгара Iама йолаелира со. Рабус беш, хаза туьйра санна, безабелира суна и болх. Керлачу, сирлачу дуьнене кхаьчча санна хеталуш, дIайолаелира.
Массо а хIума довза болчу лаамо сиха караерзаяйтира соьга, юьхьанца дукха чолхе хетаелла машинки тIехь зорбатуху говзалла.
Тхоьца цхьаьна «Ленинан некъ» газетехь болх беш бара цIе йоккхуш болу яздархой, журналисташ Чалаев Билал, Джамалханов Зайнди, Кагерманов Докка, Рабун цIийнда Дадуев Абу, кхиберш.
Кхойтта шарахь даймахке сатуьйсуш, шайн махках а, шайн балхах а хьегна болу уьш, боккхачу деган айъамца къахьоьгуш бара.
Дадуева Рабу а оцу корматаллин нахах лору аса. ХIунда аьлча, цунна дика хаьара нохчийн маттахь деша а, яздан а. Нохчийн маттахь байташ язйора цо, гул а еш, дIаязйора нохчийн барта кхоллараллин произведенеш.
Журналистийн а, яздархойн а материалашна зорба, машинки тIе а ца хьожуш, тухура цо. ЧIoгIа дукха езара иза массарна а, гIиллакхе а, каде а хиларна. Йоккхайийна а ца йолура сайн хьехархочух. Со дукха жима хиларна делахь а я, шен адамалла хиларна делахь а, хьеста а хьоьстуш, Iамайора Рабус. Баккъалла а цуьнан беркат бахьана долуш, дIаболабелира сан къинхьегаман некъ.
Рабуца къахьоьгу шо а далале, цо а, газетан белхахоша а магорца, хIетта меттахIоттош йолчу республикан радиокомитете балха яхара со. Цигахь а яра нохчийн меттан говзанчашца, со газете йогIуш, тхан редакцехь лаьттина къелла.
Радион болх вовшахтоха гIерташ къахьоьгуш бара вайн тоьлашха болу журналисташ: Шамилев Андарбек, Магомаев Хас-Мохьмад, Шамилева Хьава, Дидаев CaьIид, Ведзижев Идрис, кхиберш.
Радиокомитетехь берш баккхийбийна а ца бовлура Рабус суна иштта дика нохчийн маттах деллачу хаарех. Жимачохь сан да а дера вара, суна вайн мотт говза хуийла лууш. Цо Iамийна дара суна нохчийн элпаш а, нохчийн маттахь деша а, яздан а. Цундела суна айса Рабуца долчу гергарлонехь, уггаре а хьалха, сайн ден лаам кхочушбина а хета.
Со дIаяханчул тIаьхьа, дукха хье ца луш, куьйгалло, ехна-яьккхина, Дадуева Рабу а еара тхоьца цхьаьна болх бан. Далла лиъна хиллера, юха а тхан белхан некъаш цхьаьнадоза.
Нохчийн маттахь «вещани» йина ца Iара Нохч-ГIалгIайн радиокомитет. Цуьнга терра, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех лаьтташ яра тхан коллектив.
Массарна а даггара дукхаезара Рабу, массара а даггара лорура иза, хIора а цуьнца юххера гергарло дезаш хуьлура. Иза шен белхан говзанча хилар я цунна вайнехан къоман фольклор дика йовзар хилла ца Iара цуьнан бахьана. И, уггаре хьалха, Рабу адамалла йолуш хилар дара.
Тхаьшшиннан гергарло мелла а хьалха тасаделла хиларна, иза кхечу мехкарийнчул, алсам сайн гергара хетара суна. Иштта, со шена герга хеташ яра сан хьехамча а. Оцу гергарлонах тахана а дозалла до аса.
Цуьнан а ду шен бахьана. Сибрех йоккхучу хенахь я бералла а, я цул тIаьхьа йогIу жималла а, балха арадевллачул тIаьхьа, и болх боцург, дахар а ца хиллачу, тхуна нанас, йоккхах йолчу йишас луш долу хьекъал делларг Рабу ма яра. ЦIахь тхайн наношца, йиша-вешица йоккхучул алссам хуьлура оха оцу довха, комаьрша дог долчу зудчуьнца йоккху хан.
Шен чуьра, шен доьзалхой болуш санна, догIучохь, хийла дов а дера дина цо тхуна. И ца динехь, тхо мегар а дацара.
Сих-сиха тхан редакце богIура къона яздархой, журналисташ. Дукха бара царна юкъахь шайн материалашна Рабус зорбатоха луурш. Царех бара Хатуев Iабдулхьамид, Цугаев Сулиман, Уциев Абу, Байхаджиев За- йнди, Яхъяев Хьасамби, Темирсултанов Iалис, кхиберш.
Тхо долчу кхаьчча, цхьаъ санна, забарш йолуш а, чIогIа самукъа долуш а хуьлура уьш. Аьлча а, тхуна юкъарчу мехкаршца захало хьахор дезара, шен цIахь зуда йолчунна а, йоцчунна а. Забарех мел дика кхетахь а, Рабун шен гIиллакхан терза дара царна а, тхуна а юккъе хIоттийна. Жимма а гена вала воьлларг сацавора: «ЙоI езаш веанчо, иза нене еха езар ю», – олий, ша сема хилар хоуьйтуш.
Церан цIахь мухха хьал делахь а, дашна говза болчу оцу яздархошка, журналисташка безам боьдурш а дера нислора тхуна юкъахь. Уьш маре дIабаханчул тIаьхьа, шен йоIаршна санна, Рабус царна цу тIехь оьшу хьекъал а лора.
Дика накъост яра Рабу баккхийчарна, кегийрхошна дика хьехамча а. Шен дахарера масалш а далош, зеделлачух дакъа а деш, буххера дуьйна къоман гIиллакх-оьздангалла довзуьйтуш, дас-нанас санна, хьекъал лора цо тхуна.
Амма, дашна доцуш, вайн кхоллараллин коллективаша, ва Дела аьлла, цхьана меттехь болх бан ца юьтура Рабу. Суна дика дагадогIу шен машинка а карахь, нуьцкъах бохург санна, иза нохчийн Iилманан-талламан институте а, книжни издательстве а, нохчийн хьовха, гIалгIайн газетан редакце а юьгуш. Иза доьзна дара латинин графикица яздина долу яханчу хенан нохчийн а, гIалгIайн а йозанаш, цо ша кириллице а дерзош, гочдар ца оьшуш, зорбатохарца.
Массанхьа а, массарна а оьшуш стаг яра Рабу. Дера ша зорбатухучу хенахь, хууш а, ца хууш а авторийн дисина гIалаташ а ма нисдора цо.
Дадуева Рабун цIийнда Дадуев Абу а вара цIе йоккхуш поэт, яздархо, журналист. Цхьатерра ши адам вовшахтухуш: «Дала аьчка мачаш яийна» олучу похIма долчу нахах дара Рабу а, Даби а (иштта олура Абух Рабус).
Да-нана санна, гIиллакхе, оьзда, кегий долуш дуьйна а адамашна юкъахь шайн меттиг хууш кхиъна Абун, Рабун доьзалш: Мохьмад, Нажмудди (Дала гечдойла цунна), Руслан, Зина.
Тхуна, мехкаршна доккха хазахетар хуьлура, кегий болуш уьш тхаьш долчу балха балийча. Дахарехь вай шех дика-вуон олу цхьа киртиг тIехIоьттича, суна даима а дагайогIу Рабу.
Харц хир дац, хIинца а со цунах масал эца а, цо деллачу хьекъал тIехь чекхъяла а гIерта аьлча. Дуьне дуьне ду, вайна хIуъа хетахь а. Адамашна шаьш оьшур дара аьлла доцуш, цхьаъ кхечо хуьйцуш, вайна юкъара дIабоьлху Рабу, цуьнан цIийнда Абу санна болу нах. Амма, цара дитина дика, цара хиттина некъаш даха дуьсу лаьтта тIехь.
Цаьргара схьаэцна вай нохчий къоман историга а, литературе а, бартан кхолларалле а болу безам, цаьрца хотталуш ю вайн дайн орамашца йолу зIе а. Цаьргара Iемина вай, Нохчалла ларъеш даха а. Царна зеделлачунна тIехь вешан тIаьхьенаш а Iамайо.
«Шен турпалхой бицбина къам, кхане йоцуш ду», – боху халкъан кицано. Цундела вайна деза а, сийлахь а ду уьш дага а лоцуш, Дадуева Рабух а, цуьнан цIийндех Абух а довха, мерза дагалецаман дош алар.
Схьаделхьара, хIинца 95 шераш кхаьчна хир дара Дадуева Рабун а, цуьнан цIийнден Дабин а (Рабун безамана иштта язъян лаьа суна кхузахь Абун цIе). Хьалхе дIадахана и шиъ вайна юкъара.
Делахь а, Дала елларг ю зама. Дала елларг ю лаьтта тIехь йоккху хан а. Ткъа вайна, цара некъ беллачу адамашна тIехь ду, даггара Дала гечдойла шуна, шун дикалла йиц ца ян, тхуна хьекъал а лойла, алар.
Эльмурзаева Роза,
нохчийн радион ветеран
№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо