Хьай, да ма ека

– Кхайкха а, вовшахтоха а ца оьшуш, халкъан гулам болуш бу-кха, – олу мичара вели а ца хууш, Шемалний, суний букъ тIехьа схьахIоьттинчу митингахочо, – дIахьажал, – митингана тIе куьг хьажадо цо.

Шемала, цхьа оьгIазе хьожуш, олу цуьнга: – Цхьана хIуманна тIехь цIархазамца билгалвала лууш волчо аьллера боху: «Со ма ву!» – «ван-м ву хьо а, элира, боху иза дика вевзаш волчо. Амма, мах хадош, ша ала кечдинарг: «воцчул, валаволлучул, ца хинволчул гIолехь ву» ца олуш, шегахь сацийра Шемала.

Митингахо дIа а, схьа а хьийза Шемалний, суний уллехь, охашимма хабаре ваьлла, ша тергал ца вича, дехьа агIор митингана юккъе ваха дIатохавеллачохь, цIеххьана, хелхаран бохьбугIуш санна, юхавоьрзу иза. Тхойшинна кеп хIоттош, аз айдо: – Хьай, да ма ека, Ичкери, хьан! КIентий, бIаьхой ца хилча а, тоьар бара и мехкарий!.. Мацалла лаьцначу зудчунна тIейогIуш зударийн батальон гина хилла митингахочунна. Иза а, нах а цецбовлу коьртарчу йовлакхашна тIехула йихкина баьццара «чалбанаш» йолуш, хазачу духаршца, герзашца кечбелла Ичкерин батальонера зударий-мехкарий гича. БIаьстенан бацалахь зезагех тера хета уьш, цаьрга хьовсуш, цецдевллачу бIеннаш бIаьргашна…

Хьо-м хила езарий шовданан йистехь,
Везаре дагара дIадуьйцуш хьайн.
Ткъа тахна хьо лаьтта йоьттина герзах,
Массо а къонахчул къонаха-йоI.

(Алиев ГIапур)

Шемал а, со а гуш долчун ойланехь, гIайгIан мотт лаьцна, мотт сецча санна, я митингахочуьнга а, я вовшашка а вист ца хуьлуш лаьтта. Митингахо-м шега вистхилча хезехь вац. Шега ладугIучохь – соцуш, ца дугIучохь – генавуьйлуш, нехан майраллех дозалла деш, зударийн-мехкарийн «доьналлех» куралла еш, султIавуьйлу, доккхачу ловзарх воккхавечу жухаргах тера.

Иза тергалвеш волчу Шемалний, суний тхаьшшинна тIевогIуш го Алиев Султан. Юххехула тIехъиккхина воьдучу митингахочуьнга а хьоьжуш, тIе а вогIий, салам ло Султана. Охашимма салам схьаоьцу.

– Ванах, – боху Султана, – и дIавахнарг ашшимма эккхийна-м вацара?

– Дера, вацара. Иштта ша массанхьа а эккхаш, хьийзаш ву-кха иза, хIара митингаш йолийчхьана а.

Шена хууш дерг, забарна санна, хотту Султана: – Цхьаъ – художник, важа – журналист ма вуй шуьшиъ. Хьаьнгахьа ву? Маршонехьай, Бакъонехьай я…

– И хIокху митингехь лелаш долу харц хаттар: «хьаьнгахьа…» ца динехь мегар дара ахь, Султан, – олу ас, – забар санна а, боху хьуна ас.

– Делахь-хIета, ши кIант, Маршо, Бакъо, Нийсо каро лууш шаьшшиъ велахь, оцу дIогахь лаьттачу къонахчуьнга хьожур ву-кха шуьшиъ. ДIахьажал…

Шемал а, со а, Султана, кортатосуш, гойтучу агIор дIахьожу. Аьрру куьйган кхаа пIелгаца беснин бIаьштиг хабийна, IиндагIехь лаьтташ волчу стеган гIаларт го тхойшинна, амма юьхь-сибат ца къаьста.

– Мила ву и, Султан? – хотту Шемала.

– Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву.

– Баккъалий? Вевзаш вара хьуна?

– Вара. Кхузахь хIун ду хьажа, сагатделла вогIуш, цунна тIе а кхаьчна, дагаволуш луьйш-олуш цуьнца лаьттина, схьавирзича, шуьшиъ гина, тIевеа со…

– Дукха хан юй Ахьмад-Хьаьжий, хьой вовшийн вевзаш волу, Султан?

– Советийн заманахь, белхан хьашт-гIуллакхца вевзина ву тхойшиъ…

Ахьмад-Хьаьжа гIайгIанехь лаьттара Султан цунна тIевоьдуш. Нохчаллин бIаьргашца ша цаьрга хьаьжча, мацаллехь йолчу зудчух а, герзех боьттина болчу мехкарех-тIемалойх а бIаьрг а бузуш, бусалбаллин бIаьргашца хьаьжча, шен доьзалх санна, къа а хеташ…

Хьо-м хила езарий, аганан гIожца
Бер дижо иллешца, узамаш беш.
Ткъа тахна хьох хилла Даймехкан нана,
Массо а къонахчул къонаха-йоI.

(Алиев ГIапур)

Ахьмад-Хьаьжигара садуу сингаттам гуш, Султана, саламца кховдийна шен куьг цуьнан буйнахь долуш, элира цуьнга: – Ойла ечун корта лазийна а ца Iаш, тентакбоккхур болуш ду-кха, Ахьмад-Хьаьжа, вайн цIера а, арара а хьал-де, хатта а, жоп дала а ца оьшуш…

Ахьмад-Хьаьжас, Султанан куьг, лазорна кхоьруш санна, дайн-аьхна дIахийцира: – Къахета-кха. Кхоам хета-кха, – аьлла…

Хьанна хаьа, юкъараллин-политикина, цIархазаман дуьхьа, мухха бахана а юккъе бахана а, баха гIерташ а, хIун хуьлу хаъалц юьстах совца лууш а Iаламат дукха нах бу митингехь.

ХIаъ, болуш бу нах хIокху митинге гома хьуьйсуш, тIехбуьйлуш, дIаоьхуш а, митинге нийса хьуьйсуш, соьцуш а, ура-атталла зударий а. Зударийн-тIемалойн тоба гварди йогIу митинге. Эскаран низамехь санна, нисбелла уьш леламехь а, духарехь а. Коьрта техкинчу йовлакхашна тIехула, чалбанех тера, баьццара ленташ ду дихкина.

Уьш мацалла лаьцначу шелахойн зудчунна тIехIуьтту. Ша-ша цунна юьхьадуьхьал кхача а, цуьнан дог хьостуш, дош ала а хьовсу. ТIеман арахь чевнаш йиначу дархочух санна, эсала, экама куьг хьокхуш, цуьнан коьртара йовлакх-чухта дIанисйо. Гонахара меттиг нуй хьокхуш цIанйо, чан йижош, куьйган маргIалчу пIелгашца хи хьорсу.

Эццахь гуш долчу оцу суьрточул а сов, и Ахьмад-Хьаьжа цецваьккхинарг, кхиболу митингахой а санна, иза, схьагарехь политикин мацалла лаьцначу зудчо шен ден сий дайъар ду. ТIекIел динчу «Кавказ» хьешацIийнан пурхен тIе хьала а ваьлла, массарна хазийта дош ала воьлча, «Охьаваккха! Охьаваккха!» аьлла, йоIа вахьийти шен да!..

Ичкерин зударийн батальоно оццул къинхетам а, йишаллин хьомсаралла а тIеерзийначу оцу зудчо хIунда бицбина техьа деца хила декхар долу ларам?

Хьенан бехк бу техьа ден я йоьIан? Да дуьнен чу хьалха ваьлла хилар а, йоI дуьнен чу тIаьхьа яьлла хилар а тидаме эцча, кхидерг дерриге а юьстах дитича а, бехк дена тIе буьжу. Кхетош-кхиоран халонах дерг аьлча, цхьа масал дагадогIу: Дин-бекъа Iамор Iаламат хала хуьлу: дирстан гаьллаш бага тасар а, хала болх бу, дирстан го ондда буйнахь къовла еза. Бекъа аьрха, луьра шен ницкъ Iаморхочуьнца къийса йоьлча, иза муьлхачу агIон тIе южур ю хааран синкхетам а, тIахъаьлла хьовзар а Iаламат чIогIа оьшу Iаморхочунна шен ност ца йойта а, пхьарс ца кагбайта а.

Чаккхенан жамIехь дерриге а дика карадоьрзу Iаморхо къар ца велча. Дин-бекъа муьтIахь хуьлу дирстанна а, нуьйрана а, ворданна а. Ахьмад-Хьаьжас дукха йо ойланаш. Доьзалш кхетош-кхиоран, дай-наной шаьш кхеташ цахиларан гIайгIано дог Iийжадо цуьнан. Букъ берзийна, меллаша дIавоьдура…

ХIаъ, дин-бекъа Дала бийца мотт белла цахилар доцург, шедо лазор а, ден ховхачу куьйго хьастар а, дас урх оьзначу агIор ерзар а кхетам белла, адамашца дахар доьзна хIайбате хьайба делахь, ткъа къиза, дера, луьра акхарой: лом, цIоькъа-лом, цIокъберг… ма Iема адамашна кара. Бакъду, и акхарой кара Iаморехь Iаморхочунна мел боккха кхерам бу, мел чIогIа ницкъ хуьлу бохург, се йина ца валлал, халонца доьзна ду. Амма муьлхха а хало кхиаман закъалт хиларх дог тешаро беркате толам ло адамашна-Iаморхошна.

Ткъа адам! ХIай адам! Хьуна Дала ойла ян хьекъал, бийца мотт, са ган бIаьргаш, ладогIа лергаш, кховдо куьйгаш, ловзо когаш ма-белла Ницкъ Кхочуш Волчо. Iамо Iилма а, хьеха устазаш а ма белла! Хьайн хьекъал самадаккха! Кхетаман лакхене кхаччалц!

Я хIара ду техьа, Делан салам хиларг, Пайхамара воьлхуш дийцинарг?

…Жимачо воккханиг
Воккхаллехь лоьрур вац.
Воккхачо жиманиг
Бакъон тIе кхойкхур вац…

КIорга ойла, йоккха гIайгIа ю Ахьмад-Хьаьжас шен халкъ бахьанехь йийриг, дуьненнал доккхачу шен даг чу ца таръяллал. Нохчийн мехкарша гIазот дихкина, дера герзаш ховхачу догIмашка къевлина, Россин империн ницкъ ца бевзаш, къевсина бакъо а, маршо а яккха политикин мацалла лаьцна йоьжна ю нохчийн зуда. Цунна гонаха хьийза къинхетаме дегнаш долу нохчийн мехкарий…

Хьо стенах кхоьллина, йина хьо стенах,
ХIун тайпа диллина хьуна чу са?
Нохчийн йоI-тIемало, мокхазар бердах
Таръелла, лаьтта хьо, лардеш хьайн цIа…
Хьо-м хила езарий шовданан йистехь,
Везаре дагара дIадуьйцуш хьайн,
Ткъа тахна хьо лаьтта йоьттина герзех,
Массо а къонахчул къонаха-йоI…

(Алиев ГIапур)

Ахьмад-Хьаьжина хаьа таханлерчу хьолехь нохчийн халкъ барт боьхна, декъаделла хиларан тIаьхье беркате хир йоцийла, цхьаъ хилла, кхетамехь чIагIделла, халкъо хьекъалций, собарций ца баьккхина толам, маршо герзаций, майраллиций къийсарх Россин Федерацигара нохчийн халкъе яккхалур йоцийла…

Маржа-яI, мила хир вара техьа тIехьоьжуш, Ша цхьаъ волчу Делан а, каразахдаьллачу нохчийн халкъан а дуьхьа, халкъан кхолламах долу хала а, доккха а жоьпалла тIе а лаьцна, иза заманан карчамехь, хьарчамехь хIаллакьхиларх, доь ца дойтуш, хьалхадаккхаран маьрша некъ лаха, каро?

Мила хир вара техьа Даймехкан хьомсара латта бухдалахь а, шен халкъаца цу тIехь виса а, вала а нийят долуш, Делан динна а, шен къомана а тешаме хила а, дерриге а дуьне шен дола даккхарх цунах Iеха ца вала а Ийман долуш? Суна дика вевзаш ву

Оцу хаттарша йойту йист йоцу къаьхьа ойланаш, церан ачо – гIайгIанаш. Боьхуш, гуш тIебогIуш болу инзаре бала юхатоха, Делан пурбанца, орцах мила вер ву техьа хьуна харцонан, къизаллин, зуламаш дукха лайна долу нохчийн халкъ?

Маржа-яI, дуьне хьо! Маржа-яI! Къуьйсуш-дуьсуш, каетташ-карарадуьйлуш, долчу хьох тхо ма Iехаделла…

– Султ ан, билггал оцу ойланаший, гIайгIанаший йийсар вина, хьоьжуш ву хьуна и Ахьмад-Хьаьжа хIокху кегаречу IалагIожане дIогахь, кхузахь тхойшиъ а санна.

– ХIаъ, – боху Султана, – суна дика вевзаш ву Ахьмад-Хьаьжа. Шен сай, гай хьалха дохуш, чекх сагучу моттаргIанех нах Iехор болуш вац иза. Дешан дуьззинчу маьIнехь, шен заманахь Таймин Бийболат, Бенойн БайсгIар санна, вуьззина нохчийн къонах ву. Вай неIалт кхайкхочу Советийн Iедалан гIуллакхехь иза а, со а волуш, кест-кеста цхьаьнакхетара тхойшиъ…

– Султан, хьан ненан ваша Вахаев Хаси Советийн Iедалан доккхачу даржехь волуш цо ма-лардарра, шен халкъ тIамах, зуламах лардан лууш ву Ахьмад-Хьаьжа. Иза политикина юккъехь а ву бусалба динан Iеламстаг хиларна. Дала мукъ лахь, бакъо толорехь аьтто хир бу цуьнан.

– Дала мукъ лахь…

Шемал Iадда лаьтта Султаней, соьгий ла а доьгIуш. Къамелана юкъа ца вогIуш. Ткъа, митингахо вист ца хуьлуш Iер ма тамаша бу-кх аьлла хеташ со иза волчу агIор дIахьаьжча, Шемала боху: – Иза-м хIинцале дIакхаьчна хьуна, шаьш йиллина, ларъеш хилла йолу машен йогIуш ма-гиннехь. Киралелон йоккха машен ю иза. ТIехь бежана а долуш…

– ХIаъ, Шемал, и ма дара и тохара, оцу некъахочо, митингахо некъа тIера дIа а ца волуш лаьттачу хенахь аьлларг: «Да ну вас! Колхозийн, совхозийн даьхни дууш лелаш ду шу…»

– Суна-м моьттура, – боху Шемала, – митингахо, дов даьлла, хьаьрчина нах а гина, уьш къасто, маслаIате хьаьдда ву. Дуькъа лаьттачу адамех агIу бетташ, бехк ма билла, ала а ца кхуьуш, ма воьдура иза…

Ахьмад-Хьаьжех динчу къамелан ойланера дош олу Султана, суна тIе а вирзина: – Ишттачу нахана хала ду хIара харц дуьне мерза даа. Хьанал, хьарам къестош, бакъдерг, харцдерг луьстуш, луьттуш, Делах кхоьруш, нахах эхь хеташ, къийлабала, шаьш-шайн юхаийзош, кортош лазош, Делан, халкъан дуьхьа къахьега деза церан.

Д.КАГЕРМАНОВ,

Нохчийн журналистикин къано

№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: