Хьаналчу къинхьегамца ваьхна

Бакаев Ваха дуьнен чу ваьлла 1923-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Грозненски кIоштарчу Йоккхачу АтагIахь. Боккха доьзал бара церан ден Iусманан а, ненан Iабин а. Ваха доьзалехь шолгIа бер дара, цул тIаьхьа вара Ширвани, Вахьид, Султан, Шамсудди, ШаIрани, йоккхах ерг цхьаъ бен йоцу ДутIа яра.

1931-чу шарахь 1-чу классе деша вахара Ваха. Шен да Iусман (юьртахь массара а Нука олий, йоккхуш хилла цуьнан цIе) лаьцначу 1938-чу шарахь 6-чу классехь доьшуш вара кIант. ХIетахь бералла чекхъелира цуьнан, хIунда аьлча, да лаьцча оццул боккха доьзал кхаба нанна атта дацара, цундела школа а йитина, ден метта цIийнан дукъ схьаэца а, балха ваха а дийзира 15 шо бен доцчу Вахин.

БIаьргех хиш дIа а дохуш дуьйцу къаночо Бакаев Ваха-Хьаьжас оцу хенах лаьцна: – Уьш дара 1937–1938-гIий шераш. Цу хенахь сан 15 шо бен дацара. Советийн Iедалан 20 шо кхачар даздан кечам беш бара мохк. Баккхий хийцамаш хиллера Нохч-ГIалгIайчохь а. Коллективизаци, индустриализаци, культурин революци – и керла дешнаш, кхетамаш ондда юкъабаьхкинера нохчийн маттана а, нохчийн дахарна а. Массарна а хетара оцу билгалонашца и шераш историна юкъа а гIур ду…

Амма оцу шерийн кхин билгало а хилира. ТIаьхьо «алссам нах байъар, лецар» аьлла, цIе тиллира цунах. «Халкъийн дас» Сталина классашна юккъера къовсам чIагIбаларан хьокъехь аьлла дешнаш лецначеран, тIепаза байначеран, тоьпаш тоьхначеран эзарнаш кхолламашца чIагIдора цуьнан тешамечу хьадалчаша, пачхьалкхан лаккхара даржаш лелочарна тIера могIарерчу НКВД-н белхахошна тIекхаччалц.

Юьхьанца хабарш даьржира – цхьаъ вукхул ирча. Кестта бакъ хила дуьйладелира наха шайна юкъахь къайлах дийцинарш. Оцу хьокъехь хаамаш бан болийра газеташкахь а, радиохула а. Лаьхьа санна, хьаьрчина, кхерам бижира адамийн дегнаш чу. Нах ладоьгIначохь бисира.

Эладита, хьагIгамо, моттбеттар дIадоладелира. Адамийн вовшех тешам бацара. ТаIзарш даран и мокха, къиза яьржина тулгIе кхочура массо а маьIIе. Цо шена буха хьора, хьулвора «хьомсарчу тхьамдин» дашна дуьхьал дош деана халкъалахь лоруш волу партин белхахо, ша бохучунна тIехь лаьтташ волу цIеяххана Iилманча, хьеставала ца лууш волу яздархо, поэт, шена хетарг а, ойла а йолуш волу журналист, эхь-бехк дохка реза воцу лор, халонашкахь вахчавелла тIемало – къонах мел верг массо а.

РогIера «кхаж баьлларг» дIавуьгура де делахь а, буьйса елахь а. Хилларг хилла даьлча а ца хаьара и дIавигаран бахьана. Массаьрга а олург цхьаъ дара – «халкъан мостагI». Политикин говзачу «бозбуанчаша» Берияс, Серовс, иштта кхечара а, шайн куьйга кхолла а кхоьллина, болх беш яра Iожаллин хьер. Иза эрна лоттуьйтийла дацара. Керл-керла адамаш оьшура цунна, – кхидIа дийца гIора кхачийнера воккхачу стеган…

– АтагIахь Сталина колхозаш яхкийтинера 1933-чу шарахь, – жимма хан ялийтина, кхидIа дийцира цо. – Оцу хенахь дуьйна цигахь болх беш вара Нука. Уьш яхккалц цуьнан долахь иттех сов гектар латта хилла, цу лаьтта тIехь ялта дуьш, кхиош, говраш, даьхни дустош-кхобуш, шен доьзал а, гергарнаш а кхобуш вара тхан да, тхуна хьанал напха латтош.

Дуьххьара колхозаш ехкича, ша гулдина буьртиган ялта пачхьалкхана дIаден, сагIина делира дас, ша а цига балха а хIуттуш. Ша лоцучу дийнахь – 1938-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь – балхахь вара Нука. Йоккхачу АтагIара «Вперед» цIе йолчу колхозехь говрашлелорхо вара иза. И лацале цхьа кIира хьалха, дика болх барна, колхозо цунна совгIатана елла шо кхаьчна бекъа яра тхан.

Цу дийнахь веанчу цхьана кIанта, делкъахенахь АтагIан райкомехь хуьлуш кхеташо ю, хьоьга цига кхойкху, аьлла хиллера сан дега. Кхин цхьана а кепара бехкевина хIума а доцуш, циггахь лаца а лаьцна, дIавигна иза КПЗ-н хьаькама, гIалгIачо Экажевс.

Цу хенахь йиллина яра АтагIахь КПЗ олу, лаьцна нах чубухкуш йолу меттиг. ХIинца а долуш ду и цIа, доьхна лаьтташ. Цу чохь 1918-чу шарахь лаьцна буьйса яьккхина ву цIен партизан, коммунист Шерипов Асланбек а (шен доттагIий Эсамбаеввий, Тасуеввий волчу веанчу хенахь, АтагIан райкоман председатель лаьттинчу теркахочо Чуликовс лаца а лаьцна).

Бакъду, буьйса бен ца яккхийтина Асланбеке. ШолгIачу дийнахь АтагIарчу доттагIаша-коммунисташа сихонца орца а даьккхина, араваьккхина. Сан да лоцуш лецира тхан лулахо Шахбиев а, кхин цхьацца нах а. Цу хенахь лаьцна Калугехь 12 шо даккхийтира тхан ден хенара волчу вевзачу яздархочуьнга Ошаев Халиде.

Суна цкъа а дагара ца долу сайн да лаьцна дIавигна Iаьнан шийла де а, иза дIавигначун фамили а. Иза, оха, кIенташа, дагахь латтийна хIара де тIекхаччалц, – юха а бIаьрхиш охьахьаьвдира къаночун юьхьа тIехула. Уьш йовлакхца дIа а дохуш, кхидIа а дийцира Вахас. – Сайн да лаццалц вуно яккхий ойланаш хиллачу сан дерриге а дайра оцу дийнахь.

Юьртахь лоруш, сий деш, майра, оьзда, тешаме, Iаламат комаьрша адам хилла тхан да Нука. Дукха нахе ла ца делира, бехк-гунахь а доцуш, иза лацар. Да лаьцначу шолгIачу дийнахь дуьйна дIаболабелира сан къинхьегаман некъ. Со цуьнан метта говрашлелорхо дIаийцира колхозе.

Амма Вахин къинхьегаман некъ бахбала доьгIна ца хиллера.

1942-чу шарахь, боцу бекх а тIе а биллина, набахти чу воьллира кIант. Цул тIаьхьа нийсса 2 шо даьлча тIехIоьттира нохчийн халкъан дахарехь уггаре а халачарех хилла киртиг.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь лерринчу цIерпоштахь Берия а, цуьнан заместительш инарла-полковник Кобулов а, эскаран инарла Серов а, НКВД-н канцелярин начальник инарла-лейтенант Мамулов а, кхиберш а Соьлжа-ГIала кхаьчнера вайнах цIерабахаран операцина тIехь куьйгалла дархьама (авт.: хьовса КПСС-н ГIебартойн-Балкхаройн обкоман партийни архив, ф. 252, ок.1, д. 16, л. 25–26).

Чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн автономни республикин меттигера берриге а бахархой цIерпоштан станцешкахь – Соьлжа-ГIалахь, Гуьмсехь, Устрада-ГIалахь, Закан-Юьртахь, Несарехь киралелочу вагонаш чу а боьхкина, Къилбаседа-малхбален Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьовсийра.

Иштта, дIахьовсийначу доьзалшна юкъахь яра Бакаева Iаба а, шен пхеа кIантаца. Ткъа воккхах волу кIант Ваха, пхи кийла кIа лачкъийна аьлла, кхо шо хан а тоьхна, чувоьллина набахтехь вара. ЙоI ДутIа марехь яра, ткъа цуьнан цIийнда Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вара.

СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1944-чу шеран бекарг (март) беттан 22-чу дийнахьлерчу Указаца Нохч-ГIалгIайн АССР дIа а яьккхина, цунах Грозненски область йира. ДIаяьккхинчу республикин коьртачу 7 кIоштан цIерш хийцира.

1945-чу шарахь Казахстанехь, бераш мацалла ца далийта, яраш яха яхана йолу Iаба, цхьана са долчу хIумано къовза а йина, цунах дIовш а даьлла, кхелхира. Да-нана, доккхах долу ваший, йиший шайца а доцуш, бисира Бакаев Iусманан доьзал (тIаьхьо кхарна тIекхиира кхеран йиша).

Уггаре а жимах волчу кIанта ШаIранис, вайнах цIабирзинчул тIаьхьа, Л.Брежневга кехат яздинера, цхьана дикане сатуьйсуш. Цу тIехь цо иштта дуьйцура, шен дех-ненах лаьцна: «Сий долу Леонид Ильич! Ас яздо Хьоьга деган боккхачу лазамца, ахь сайна гIо дийриг хиларх тешарца, хьох дегайовхо хиларца. Ахь сайн да волу меттиг юьйцург хиларх чIогIа теша со, дийцахьа суна, мичахь ву сан да Бакаев Iусман? Сан нанас Iабис суна дийцарехь, иза Атагински кIоштан Йоккхачу АтагIахь хиллачу колхозехь говрашлелорхочун болх беш волуш, кхин цхьана а кепара бехк боцуш, 1938-чу шарахь «тройкано» «халкъан мостагI» ву аьлла, чиллин беттан 1-чу дийнахь лаьцна дIавигна.

Нанас суна дуьйцура, сан да колхозан куьйгалло лоруш, даима а хьалхарчеран могIарехь волуш, дезачу совгIаташца декъалвеш хилла хилар. Лаьцначул тIаьхьа нанна бина хаам иштта хилла: чохь яккха 10 шо хан тоьхна.

Цхьана хенахь, тхо Казахстанехь долуш, со 9-чу классехь доьшуш вара, Шемонахи поселкехь тхаьш Iаш, сайн ден хьокъехь ас шозза кехат яздира К.Е.Ворошиловга, цо 1953-чу шарахь хьалхарчу кехатна жоп делира суна, Малхбален-Казахстанан РОМВД-н спецкомендатуре, иштта, хаам тIехь а болуш: «Хьан да Бакаев Iусман дийна а ву, «Дальни» лагерехь а ву», аьлла.

Оцу хьокъехь ас шолгIа а кехат дахьийтира К.Е.Ворошиловга. Бакъду, оцу кехатна суна жоп ца делира. Сан нана Бакаева Iаба елла 1945-чу шарахь Малхбален-Казахстанан областан Шемонахински кIоштахь. И яларан акт а ду, ВКО-н Богатырево юьртахь йолчу Кировски юьртан советехь регистраци а йина.

Да-нана хьалххе кхалхарна сан вежарша кхиийра со, хIинца уьш НГIАССР-н Грозненски кIоштан Йоккхачу АтагIахь бехаш-Iаш бу.

1957-чу шарахь Шемонахински №2 йолчу юккъерчу школехь чекхъяьккхина ас 10 класс. Цул тIаьхьа, гIуллакх дина эскарехь. Тахана Рязанан радиотехникин институтехь доьшуш ву.

Суна вуно чIогIа хаа лаьара сан да стенна бехке хилла, мичахь ву и хIинца, тхойшиннан вовшашна тIекхачар хIун дича хир дара те? ГIо дехьа суна оцу гIуллакхна тIехь, доьху ас хьоьга!

1962-чу шеран чиллин (февраль) беттан 22-гIа де.

Бакаев ШаIрани, студент».

Таро ца хилира жимах волчу ШаIранин шен дех долу бакъдерг хаа.

1982-чу шарахь, доттагIчун карах герз даьлла, кхелхира иза, зуда яло цIа валийна волчу хенахь. Горбачевн «перестройка», «демократи» йолаелчий бен гучу ца делира Бакаев Iусманах долу бакъдерг.

«Юьртахошна юкъахь контреволюцин пропаганда лелорна, юьртахь молла латтарна, нахана юкъахь Советийн Iедал деха лаьттар дац бохуш, къамелаш дарна», 1938-чу шеран бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь Iуьйранна 5 сахьт долуш, тоьпаш тохарца таIзар дина хиллера Бакаев Iусманна.

Цхьа а бехк боцуш, дахаран гIушлакхе кхаьчначу хенахь хIаллаквина иза а, иза санна доьналла долу бIеннаш нохчий а. Бакъ долуш, царах лаьцна яздан, дийца, ала йиш ца хилла нохчийн СССР-на коьрте Горбачев Михаил валлалц, цо «дешан паргIато» яккхалц. Хийла кIант-йоI, да-нана, йиша-ваша делла хир ду шайн гергарчарах дерг ца хууш. Хиъча а хIун до цунах, иза вуно дог Iовжош, къиза хилла хилча…

ХIинца вай воккхачу стага дечу къамелана тIе юхадоьрзу.

– 1945-чу шарахь, кхо шо хан чохь а яьккхина, со набахтера аравелира. Ца хаьара сайн нана Iаба вежаршца Даймахках яьккхича мича хьажийна. Джамбулехь совцийнера сан ненахой МусаевгIар. Царна тIевахара со сайн нана мичахь ю хатта а, иза лаха а.

Ненахошна а хууш ца хиллера нана дIаяьллийла. Ненахошкара суна хиира тхешан доьзал Казахстанерчу Богатырево юьртахь Iаш буйла а, цаьрца тхан йиша ДутIа юйла а.

Цхьа кIира ненахошца а даьккхина, со новкъа велира сайн вежаршна сихонца тIекхача. Вежарий-м нана а елла, шаьш хиллера, луларчу казахаша а, оьрсаша а юучуьнца гIо а деш, – даккхий синош а дохуш, велхаран шад легашкахь а соьцуш, дуьйцу 95 шаре ваьллачу Вахас. – ЧIогIа самукъаделира сан вежарийн со шайх дIакхетча. ХIинца зуда ца ялийча а ца волура, хIунда аьлча, тхуна яахIума ян а, тIера бедар йитта а зуда оьшура, йиша ер яцара тхан гIуллакхаш дина, цуьнан шен доьзал бара…

– ЦIеяххана хазаллица юьйцуш ши йоI яра Йоккхачу АтагIарчу Мадаев Насин. Йоккхах йолу йоI Совдат деций-ненаций Даймахках яьккхина яцара нохчий цIера бохуш. Иза МартантIехь, йиша йолчу яхханчохь, яьллера дех-ненах а, Даймахках а. Цундела шен йишица Жарадатца цуьнан бераш а лелош, тхо долчохь Богатыревохь Iаш хилла хиллера иза, ткъа да-нана – кхечанхьа.

Иза сайна хиъча, ас лехира и йоI, хIунда аьлча, оцу хенахь да-нана муьлш ду хьаьжний бен, йоI схьаяьлла бух теллиний бен ялош а яцара зуда. Амма, бакъду, йоI хаза яцахь реза хир волуш со а вацара. Тахана а ялор яцара ас хаза, товш йоцу зуда, мел доккха тайпа-тукхам долуш и елахь а, – воьлу воккха стаг, серлаваьлла, воккхавеш, кхидIа хилларг ирсе а, безамца а дуьйцуш.

– Насин йоI Совдат йовзале гергарчара масех йоI гайтира суна, амма со реза ца хилира. Эххар а, Совдат ялийра ирахьIен. Соьца Дуби-Эвлара сан доттагI Дауд вара. ЙоI сайна гучу ма-еллинехь, ас муьшка йира Даудна: «И йоI йоцуш со кху чуьра дIагIур вац», – аьлла.

ДоттагI кхийтира ас бохучух. Иза йоIана тIевирзира, амма йоI, ша хIинца а жима ю маре яха, я цкъа шен дех ненах дIакхетталц аьттехьа а дац яхар-яр дийцар а, аьлла, дIахадо гIоьртира тхоьца долу захало.

Амма со безамо лаьцнера, ас вуно сиха схьалахийтира йоьIан да-нана. ТIаккха, уьш мичахь бу хиъча, захало эцна гергара нах бахийтира цуьнан дена тIе. Дас, йоI йоьхуш верг мила ву хиъча, доцца жоп деллера: «Бакин Iусманан кIанте йоI яхийттал сан ирс хилча, цул боккха кхаъ бан а бац сан доьзална», – аьлла.

Дас дош деллачул тIаьхьа, сан доттагI ца велира Совдатана тIаьхьара, оха и схьаялаяллалц. 16 шо бен дацара Совдатан, жима яра, амма суна а, сан вежаршна а хIусамнана хилла ца Iаш, нана, йиша, накъост хилла дIахIоьттира иза. Дукха хан ялале цуьнан да-нана а, ваша а, ши йиша а ас тхаьш долчу схьабалийра, лулахь меттиг а нисйина. Цул тIаьхьа и яллалц тхо мерза, ирсе даха а даьхна. Сан вежаршна шайн нана, йиша санна езаш, лоруш, чекхъяьлла иза, цундела тахана а и хьахийча, велха дог а догIу, цунах лаьцна дийца а лаьа. Соьца цхьаьна къахьоьгуш, ас дийрриг дан гIерташ, чекхъяьлла иза.

Ехха цамгарца Iиллира иза. Куьг, ког сецна, ткъе итт шо а даьккхира меттахь. ДIаелира 2003-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь, мархийн беттан дезачу дийнахь. И дIаяьлча цунна даьллачу орцано а, хIиттинчу тешаша а гайтира иза мел бусалба, цIена, оьзда адам дара а, цуьнан ларам марзхошлахь мел лакхара хилла а.

Тахана а и хьехош, суна карладели дерриге а: хилларг, лайнарг, тIаьххьара хиллачу шина тIемах, куьг-ког а ца лелаш, меттахь Iуьллучу цунна мел ницкъ хуьлура вайна тIе бомбанаш, ракеташ етта йолийча… Дала кхин ма гойтийла и саннарг цхьана бусалбанна а, керстанна а…

Ялх доьзалхо хилла Вахин, Совдатан. Цхьа кIант Шарпудди Казахстанехь уьш Iаш а болуш, цIеххьана цомгаш а хилла, кхелхина. ХIинца а долуш ду пхи бер: Сайпуди, Асет, Малика, МасIуд, Лала. Доккхах долу диъ шайн доьзалш а болуш Iаш бу. Жимах йолу Лала шен шина бераца ден хIусамехь Iаш ю. Лалех массарахчул а сов къахета дена, хIунда аьлча, 12 шо кхаьччахьана меттахь йисина шен нана, ткъе итт шарахь жима бер санна, лелийна цо, шен жималла, шен дахар а дитина. Цундела ша дIаваьлча, ша воцуш цо хIун лелор ду те, бохуш, дог Iийжа воккхачу стеган, йоIах къахеташ. Бакъду, ши бер дика ду цуьнан, жимах волу ваша МасIуд а ву, нус Луиза а ю цунна чу са диллина.

«Дала мукъ лахь, хIинца санна бертахь, мерза Iийриг хир бу со дIаваьлча а. ХIокху АтагIахь сан хене кхаьчна воккха стаг ван а ма ваций. Ас сайн цхьаъ бен йоцу йиша а, берриге вежарий а дIабоьхкина, хIусамнана дIайоьллина. Декъаза хиларна висина хир ву-кх со массарел а тIаьхьа», – дуьйцу Вахас шен доьзалх лаьцна.

Iаламат дукха ду къаночух Бакаев Вахех а, цуьнан дех Iусманах а лаьцна дийца а, яздан а. Кхин хIумма а ца хилча а тоьар ду, таханлера де тIекхаччалц, къинхьегаман балхана бIо ца къажош, шен 15 шо кхаьччахьана хьацарца даьккхина сом бен шен доьзална чудохьуш доцуш Ваха а, цуьнан вежарий а баьхна хилар.

Нохчийчохь нохчашна болх луш бацара, нохчий «шабашке» оьхура доьзал кхаба рицкъ даккхархьама. Суьрта тIехь гуш йолу бригада, шайна юкъахь Бакаев Султанний, Шамсуддий а волуш, ткъех шарахь сов, ГIалмакхойчохь гIишлошъяран белхаш бина бригада ю, бригадир Бакаев Ваха а волуш.

Элистахь а, ГIизларахь а дукха гIишлош йина, гIараяьлла бригада хилла иза. Даима а, шен да Iусман санна, хьалхарчу меттехь хилла ву Ваха а. Дика белхаш барна «Жигули» машен а, цхьа машенцIа а делира цунна ГIалмакхойчохь долчу Iедало.

1993-чу шарахь ХьаьжцIа вахара Ваха. Цул тIаьхьа, шен ден безамна, цо ламазна чоь латтийначохь, шайн кертахь маьждиг дира. Мархийн баттахь цигахь таравихь ламазаш дан вовшахкхета БакаевгIеран лулахой а, кхиболу юьртахой а. Шен хене хьаьжна доцуш, дика кхетам а, иэс а ду воккхачу стеган. Цо тахана а Къуръан а доьшу (нохчийн маттахь), кхийолу книгаш а йоьшу. Тахана а ган йиш ю 95 шо долу воккха стаг бешахь хох, саьрамсекх, гIабакх, кхоьш, картолаш дIаюьш а, асар деш а. Иштта хьаналчу рицкъаца баха а, лела а Iамийна цо шен доьзал а.

А.АРСАМИРЗАЕВА

БакаевгIеран доьзалан архивера суьрташ

№16, пIераска, бекарг (март) беттан 2-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: