Инарла Ермоловс, тIемаш беш 1818-чу шарахь Нохчийчоьнна юккъе кхаьчча, цигахь гIоп юьйгIира, цунна Буьрсаниг аьлла цIе а туьллуш. Оцу цIаро нохчийн дегнаш чу кхерам тосур бу аьлла хеташ.
(Россин Iилманча – Кавказталлархо, этнограф Л.И.Лавров).
Делахь а замано кхин гайтира. Кхерам тасар бохучух дош ца хилира. Ткъа Соьлжа-ГIала (цхьана а бохаме хьаьжна ца Iаш) Россина юкъахь зазадоккхуш йолчу Нохчийн Республикин пачхье, цIиндаларан масал, бIаьхаллин Сийлаллин гIала хилла дIахIоьттина. Шен 200 шо кхочучу хенахь вайн хьоме шахьар къаьсттина
исбаьхьа а, аьхна а ю. Иза къона а, кхоллараллин ницкъах юьзна а ю. Республикин Куьйгалхочун Р.А.Кадыровн сацам боллу а, массо агIор хьесап дина дика дIахоттийна гIуллакхалла а бахьана долуш регион майрра гIулчаш йохуш, хиндолчуьнгахьа йоьдуш ю. Стиглан Iаршашка баххьаш кховдийна лаьтта лекха цIенош, деших лепа момсарш йолу маьждигаш, школаш, стадионаш, башха медицинин гIишлош. БIаьрг хьоьсту урамаш, бошмаш, майданаш, ирсах лепа бахархойн яххьаш – и дерриге а таханлерчу вайн дахаран сурт ду.

Берриге а мохк а санна сацам боллуш ширачу кепех, хьежамех, идеологин кхетамех дIа къаьсташ ю республика. Советийн Iедал доьхначул тIаьхьа хуьйцуш ю урамийн, майданийн, яртийн, учрежденийн хIокху заманца йогIуш йоцу цIерш. Царна тохкуш ю дуьненахь а, махкахь а бевзаш болчу политикийн, Iилманчийн, динан дайн, сий-ларамечу нехан цIерш, хIунда аьлча, уьш халкъан иэсехь бисина, уьш тахана а къонахаллин, похIмаллин, стогаллин масал хилла лаьтташ бу.
Соьлжа-ГIалахь ю шех официозин маттахь Калининан цIарах олуш йолу поселок. Цунах иштта алахь а, дукхах болчу бахархошна хаьа 1990-чу шарахь оцу поселкана МаIас аьлла, цIе тиллина хилар (исторехь евзаш ю цуьнан кхин цIерш – Магас, я Минхес – «Маьлхан гIала», гIаланийн цхьанаэшшара боцчу боламехь вайнехан «коьртачу» шахьаран шира цIе). Пачхьалкхан Iедалан лаккхарчу органаша (оцу муьрехь НГIАССР н Лакхара Совет) хьокъала боллу сацам тIеийцира Калининан поселкан цIе хийцаран хьокъехь. И сацам дIа а кхайкхийра нохчийн халкъан хьалхарчу гуламехь. ЦIе хийцаран хьокъехь сацам тIеэцале хьалха, дIадолоран тобано, поселкан бахархойн гуламехь, дакъалоцуш цIеяххана Iилманчаш а, говзанчаш а болуш цигахь дакъалоцуш хиллачарна довзийтира М.И.Калининан цхьадолу «хьуьнарш».
Диктаторан Сталинан уллерчу бIанакъостийн тобанна юкъахь вара иза. ТIекхача аьтто болчу хьостанашкара хууш ду бакъволчу Калининах тера хIума тайна маж йолчу къаночун вастехь кIезиг хилла хилар. Ша урхалла дечу шерашкахь иза цхьа а лаам а, хьуьнар а доцу оцу рожан тайниг хилла дIахIоьттина хилла, цо куьйгаш теIош хилла шен къизаллица инзарвохучу сацамашна а, указашна а: уьш хилла МВД-н системехь «кхааннан» (трибунал) кхиэл кхайкхорна «баьццара некъ» белларш.
«Кхаанна» бакъо луш хилла «политика бахьанехь лецнарш» чубохка, набахташка дIахьовсо, тоьпаш тоха. Бакъо луш хилла «халкъан мостагIийн» берашна, шийттара девлачарна, тоьпаш тоха. Цо куьг яздина шайн дай баьхначу мехкашкара «аьхна доцу халкъаш», цу юкъахь нохчий, гIалгIай, кхарачой, балкхарой, ГIирмера гIезалой, туркой-месхетинхой, гIалмакххой, кхиберш махках бехира.
Цу тайппана харцонаш, къизаллаш лелон ша куьг таIорца М.И.Калининан Сталинан раж ир-кара хIиттайора кхидIа а талораш, къизаллаш лелорна, махкахь массо а кхерийна массо а шпион ву моттуьйту хьал хIоттийнера. Иза тIех чIогIа чолхе хьал хилар хьесапе эцча а, лаамца я лаамза декъехь хилла оцу заманахь латтийначу Iазапна.
СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель, «ерригсоюзан староста» воллушехь шен зудчунна, «кремлан Золушкина» Е.И.Калининна (Лорберг, цуьнан да эстанхо, нана – бедаршйиттархо хилла) гIо ца даделира (я кхийрира) цуьнга.
1939-чу шеран оханан (апрель) баттахь иза бехке йира контрреволюцин гIуллакх лелорна. Цунна 15 шо хан туьйхира. Цунах 8 шо гергга хан яьккхира цо шен къизаллица евзачу АЛЖИР-хь (Акмолинскера Даймехкан Ямартхойн Зударийн Набахте – Казахстанан республикин Акмолинскан областехь хиллачу зударийн йоккхачу набахтин барта (къамелашкахь) йоккхуш хилла цIе).
Россехь паччахьашна а хIолламаш хIиттош ца хилла уьш дийна а болуш. Ткъа «Ерригсоюзан староста» Калинин Михалваныч 1931-чу шарахь ца Iавелира шен цIе иэсехь йисийта лаар гучу ца доккхуш. Цо ша куьг яздира Тверь гIалина шен цIе яларан хьокъехь долчу указана.
Вайн МаIас поселках дерг аьлча, оха ца доьху цунна кхин цIе тиллар, оха доьху цунна хьалха шен хилла цIе – МаIас – юхаерзор. Йоккха шеко йолуш ду М.И.Калининан цIе вайн пачхьенна а, ярташна а, урамашна а тахка Ладаме бахьанаш ду бохург, хIунда аьлча, иза дакъалаьцна ву цхьа а бехк-гунахь доцу шен махкахой (цу юкъахь вайнах а) хIаллакбарехь. Цул сов, и ваьхначу Тверь гIалина 1990-чу шарахь юхаерзийна шен хьалха хилла цIе.
Нохчийн халкъан оьмарехь лазаме, бохаме киртигаш дукха нисъеллехь а вайн иэсехь яха йисина дуьненахь цIе йоккхуш хиллачу хьекъалчийн, къонахийн, бIаьхойн цIерш. Амма, халахеташ делахь а, Соьлжа-ГIалин цхьайолчу кIошташна а, ярташна а техкина цхьа а мехалла а, маьIна а доцуш йолу цIерш тахана а яха йисина. Масала, царах ю мехкадаьтта доккхуш хилла йолу, терахьашца билгалъяьхна йолу меттигаш. Аьр вай, 36-гIа, 20-гIа, 56-гIа, 12-гIа и.дI.кх. каппаш.
Иштта, цхьа а маьIна доцуш цIерш техкина микрорайонашна а: 1,2,3,4,5,6… Схьалоцур вай Войковн цIарах поселок. ХIунда тиллина и цIе? Паччахьаш байъархой дагахь латтабойла лууш ца тиллинехь кхин цхьа а бахьана дац и цIе тилла. Хийца еза и цIерш!
Меттигерчу Iедало а, бахархоша а доггаха къахьегар бахьана долуш хазъелла, куьце еана дIахIиттина и меттигаш. Дика кхиъна инфраструктура, газаца, хица, электросерлонца кхачояр, транспорт дIасалелар и.дI.кх.
Цкъа мацах, Грозная гIап йиллале хьалха нохчийн дуккха ярташ, кIотарш хилла кхузахь (Яздархойн мохкталлархойн А.Сулеймановн, I.Кусаевн, кхечеран белхашкахь билгалдоккхуш ду кхузахь 30 сов юрт, кIота хилла хилар). Уьш къинхетамза ягийна чалтачо Ермоловс. Цхьайолчу яртийн цIерш архивехь а, адамийн иэсехь а Iалашйина.
Хетарехь, дика хир дара, дикка ойла а йина, хьалха кхузахь мичахь муьлха юрт, кIотар хилла талла а теллина, цхьайолчу микрорайонашна, поселкашна, каппашна хьалха хилла цIерш техкича. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочучу муьрехь дича иза шен хеннахь а, нийса а хир дара, вайн дайн сий-ларам бар, церан гIуллакхаш иэсехь латтор хир дара.
Республикин зорбанехь («Даймохк» газет, 2015-чу шеран 25-гIа (апрель) оханан беттан, №45–46) ю Нохчийчоьнан дукхах йолчу яртийн шайн бакъйолу шира цIерш. Цаьрца цхьаьна ялийна ю оцу яртийн оьрсийн маттахь йохуш йолу, цIерш. Масала, вайна евзаш йолу Первомайски станица, Соьлжа-ГIали йисттехь йолу Мамакхин кIотар (юрт) ю. Цуьнан цIе хийцина нохчий лаххьийна Казахстане а, Юккъерчу Ази а 1944-чу шарахь дIакхалхийначул тIаьхьа. Иштта Пригороднех – Шинасуьйра-юкъ, Комсомольскех – БердкIел, Знаменскех – ЧIуьлга-Юрт, и.дI.кх. олуш хилла хьалха, хIинца а олу нохчаша.
Дукха хан йоццуш Грозненски кIоштан ЧIаьнти-Юьртан (Терское) бахархоша гулам дIабаьхьира. Цара доьхура шайн юьртарчу эвлаяан, хIокху юьртахь ваьхначу Дебиров Элах-Моллин цIе тиллар. Иштта Докка-Шайх (Шаптукаев Iабдул-Iазиз) иэсехь висийтарехьа гIуллакхаш дар а доьху, хIинца цхьаьнакхеттачу Горячеводски (Коьрте) станицина а, Девкар-Эвлана а и цIе тилларца.
Иштта цIерш хийцар догIуш хир дара регионехь Р.А.Кадыровс къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, махкахойн масалш тIехь кхетош-кхиорехь дIахьош долчу гIуллакхашца. Кхузахь дехаш долчу адамашна шайн къоман а, динан а башхаллаш духарца, маттаца, гIиллакхашца, ламасташца евзина ца Iаш, царна девзар дара шайн синойн орамаш, оцу лаьттаца йоьзна йолу шайн масийтта чкъурах чекхъяьлла йолу гергарлонийн зIе.
Шеко яц меттигерчу культурин-историн топонимин бакъйолу цIерш юхаерзо яккхий финансийн харжаш ян езарг хиларан. Делахь а, дерриге а хьесапе эцча (къоман синкхетамна, ерригроссин граждански цхьааллин принципаш вовшахтохарна, исторически реабилитаци а, нийсо а ярна и гIуллакх экаме, мехала хилар) и гIулч яккха еза аьлла хета. ХIаъ, хала ду!
Амма дерриге а дуьненна хаьа вайн Iедале кхин а яккхий проекташ кхочушъяелла хилар. Хетарехь, нийсонца шен йист яккхаре 200 шарахь хьежна и лазам. Хьокъала доллучу тIегIанерчу хьаькамийн лаам хилахь таро хир ю республикин топономин карта жим-жима керлачу хенан демократин ойланца догIуш дина дIахIотто. Иштта хийцамаш бар чIогIа догIуш хир дара Р.А.Кадыровс регионехь кегийрхой ийманехь а, оьздангаллехь а, дайн Iадаташкахь а, Даймокх безаран ойланехь а кхетош-кхиоран, уьш цIеяхханчу вайн махкахойн дахаран масалшна тIехь кхиоран гIуллакхашца.
Иза оьшура кхузахь дехаш долу адамаш шаьш бусалба а, нохчий а хилар деккъа духарца а, ненан маттахь деш долчу къамелаца а, гIиллакхашца а, ламасташца а гайтина ца Iаш, уггаре а хьалха царна шайн дайн хьацар а, цIий а хуьйдинчу хIокху лаьттаца йолу шайн гергарлонийн а, синойн а, орамийн зIе хааялийта, къеггина гайта.
Оцу гIуллакхан къайлаха цхьа билгало йолуш санна а хетар и гIуллакх халкъан баьчча, реформатор, патриот Кадыров Рамзан коьртехь волчу Iедало чекх а доккхуш. Лекхачун лаамца билггал цунна делла нохчийн мохк, ши бIе шо хьалха паччахьан Россин муьрехьлера а, хIинцалера а тIаьхьенаш цхьаьнатохар. Патриотизман ойланца билгалвийла гIерташ дуьйцуш дац хIара.
Ткъа хIокху киртиган хьолах кхетаро а, вайн халкъан сийлахьчу историн, культурин, ламастийн хьокъехь кхитIе а хаамаш бан таро луш исторехь хилла йолу халкъан бакъйолу, халкъо дукха сатийсина топономи юхаерзо лааро а кхоьллина ойланаш ю. И гIуллакх мехала хиларан шеко яц. Кхузахь шен метта хир ду аьлла хета марксизман цхьана классика цхьана хьолан хьокъехь аьлла дешнаш. Цуьнан мах хадош цо аьлла: «Нагахь санна селхана хьалхе хиллехь, тахана йиш яц, амма кхана тIаьхьа хила тарло».
Делахь а, дика хууш верг АллахI ву!
ДАДУЕВ Мохьмад,
къинхьегаман ветеран,
МаIас поселкан вахархо
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо