Керла гIишлош йийр ю «Ведучи» курортехь

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон говзанчийн совето экономикин къаьсттина хьелаш долчу меттигашна юкъайогIучу «Ведучи» курортан шина резидентан – «Пик» а, «Вершина» а компанийн – заявкаш къобалйина.

Курортехь кхааседанан хьешацIийнан комплекс а, туристийн база а ян лерина ю компанеш. Цу хьокъехь хаамбо «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъараллин сайта тIехь.

«Пик» юкъараллин проектан Iалашо ю 86 чоь а йолуш, 216 стагана лерина кхааседанан хьешацIийнан комплексан гIишлояр. Объектана юкъайогIуш хир ю 100 меттиг йолу ресторан а, лобби а, караоке а бараш (маларш молу меттигаш) а, хIоттийна Iам (бассейн) а болуш самукъадаккхаран-могашаллатояран меттиг а, финийн а, туркойн а банеш а.

«Вершина» юкъаралла курортехь кхузаманан туристийн база ян дагахь ю. Iай кхузахь болх беш хир ю когсалазийн а, сноубордан а гIирсаш мехах лело луш йолу меттиг, аьхка – ламанан вилспеташ мехах хехка лун меттиг.

Иштта, экскурсийн бюро а схьайоьллур ю цигахь. «Ведучи» курорте баьхкинчу туристийн таро хир ю некъбуьйцург цхьаьна а волуш, джип машенца я квадроциклаца мехах Нохчийн Республикин сийлаллин меттигашка хьовса.

Туристийн базехь шишша стаг чохь Iойла долуш 8 номер а, 40 меттиг йолу кхоаме-классан вуьжийла (хостел) а хир ю.

«Ведучин» керлачу резидентийн инвестицийн барам 471 миллионал сов хир бу, цу юкъахь хир ду шайн чоьтах дерг а, «Къилбаседа Кавказан курорташ» акционерин юкъараллера декхаран финансированица тIеозийнарг а. Шинхьа а кхуллур ерг белхан 100 меттиг ю.

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела, «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъараллин директорийн советан председатела Байсултанов Одеса (хууш ма-хиллара, лакхахь билгалъяьккхинчу говзанчийн советана куьйгалла деш ву иза) экономикин къаьсттина хьелаш долчу меттигийн резидентийн – карарчу хенахь болчеран а, тIейогIучу хенахь курорташкахь болх бан луучеран а – тидам тIебахийтира кхидIа бен болу болх бизнес-планашца нийса а догIуш дIакхехьа безаш хиларна.

«Экономикин къаьсттинчу хьелашкахь йолчу меттигашкахь хьешацIенош, ресторанаш, самукъадаккхаран туьшаш, экскурсийн бюрош, кхийолу гIишлош еш болчу резиденташа объекташ шайн хеннахь дIаялар чIогIа маьIне ду. Вайн курорташка оьхуш болчу туристийн барам инвесторша шайн декхарш дика кхочушцадар бахьанехь (хьешацIийнехь меттигаш я кхийолу объекташ ца тоьъна) лахбалийта йиш яц», – элира О.Байсултановс.

А.ВАХАЕВА

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: