Даудов Мохьмада дакъалецира маьждиг схьадоьллучохь

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада дакъалецира Курчалойн муниципальни кIоштан Гелдаганна а, Цоци-Эвлана а юккъехь жамаIатан маьждиг схьадоьллучохь.

Нохчийчоьнан законодательни лаккхарчу органан спикерца цхьаьна цигахь дакъалоцуш вара Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенех волу Сайфуддин ИбрахIим, республикин Парламентан депутат Дадаев Ризван, Гарнаев Жабраил, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Абдулаев Iела, ткъа иштта, Нохчийчохь бевзаш болу Iеламнах, яртийн маьждигийн имамаш, оцу шина а юьртара къаной, кхиберш.

Исбаьхьа ду маьждиг. Делан боккха къинхетам бу вай и дан маьрша хилар а, вайн оцу маьждигашка хьашто хилар а. АлхьамдулиллахI! Ткъа хIара маьждиг шен башхалла йолуш ду. Кешнашка баьхкинчеран шен хеннахь а, бегIийла долчу хьелашкахь а ламазаш дан а, кхидолу Iибадат дан а аьтто хилийта дина ду иза. Цу хьокъехь сацам бинера Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан Президента Кадырова Айманис. Оцу фондан чоьтах дина маьждиг.

Гулбеллачарна хьалха къамел дечу хенахь, Даудов Мохьмада билгалдаьккхира маьждиг дар деза а, сийлахь а, АллахIера йоккха ял хир йолуш гIуллакх хилар.

Цо даггара баркалла элира Несин Айманина Гелдаганарчу а, Цоци-Эвларчу а бахархошна, хIокху некъаца дIасабоьлхучарна хIара башха совгIат дарна. Парламентан куьйгалхочо, иштта, баркалла элира маьждиг дарехь дакъа мел лаьцначарна.

Сийлахьчу Къуръанан а, фикхан а маьIнаш девзаш волчу Iеламстага Сайфуддин ИбрахIима дийцира маьждиг динчарна АллахI-Дала кечдинчу совгIатах лаьцна. Цо билгалдаьккхира маьждиг дар –
иза АллахIа шен лайх къинхетам баран билгало хилар, АллахIан къинхетамций бен маьждиг дан дагадогIург цахилар, иза дийриг цахилар.

Цул тIаьхьа, керлачу маьждигехь жамаIатехь ламазаш дира, ткъа Кунта-Хьаьжин муридаша, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, мовлад дийшира.

Цунах лаьцна хаам бира газетан редакце Нохчийчоьнан Парламентан пресс-службин белхахоша.

Хь.САИДОВ

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: