Нохчийн Республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца пресс-конференци дIаяьхьира хIокху деношкахь. Иза лерина яра 2017-чу шеран жамIаш довзийтарна.

Чекхдаьллачу шарахь бинчу балхах лаьцна дуьйцуш, республикин Прокурора билгалдаьккхира коррупцин а, терроризман а, экстремизман а, могашалла Iалашъяран а декъехь динчу зуламех а, иштта, экономикин а, кредитни-банкийн а дакъошкахь законодательство талхорах а, и.дI.кх.а.
Абдул-Кадыров Шарпуддис хаийтира деккъа цхьаьна 2017-чу шарахь прокуратурин белхахоша бина болх бахьанехь, пачхьалкхана а, бахархошна а догIуш долу 83 млн сом а, иштта, федеральни бюджетера «къайладаккха» лерина 335 млн. сом а юхадерзийна хилар.
Зуламийн барам 6,2 процентана лакхабаьлла. Республикин Прокурорана иза ша куьйгалла дечу ведомствос а, бакъонашларъяран органаша а цхьаьна болх барца доьзна ду аьлла хета.
– Дечу зуламийн барам лакхабаьлла. Амма шаьш зуламаш алсамдевлла бохург дац и! Прокуратуро а, бакъонашларъяран органаша а цхьаьна болх бар бахьана долуш, хIинццалц къайлаихна долу зуламаш гучудийла доьлла, – билгалдаьккхира цо.
47 процентана лахделла доьзалшкахь берашна тIехь къизалла латторан зуламаш, ткъа кегийрхошна дуьхьал деш долу зуламаш 27 процентана.
Тидамза ца дуьту Прокурора Шемара а, Иракъера а цIадерзийначу берийн хьал а.
– Чекхдаьллачу шарахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, Шемара а, Иракъера а цIадерзийна 68 бер, царах 26 – республикера бер ду. Церан бакъонашларъяран гIуллакх республикин Прокуратурин Iуналлехь ду.
Иштта, сан дIадолорца, оцу мехкашкара цIаберзийначу бахархойн юкъара база кхолларан болх а дIаболийна, – элира Абдул-Кадыров Шарпуддис.
Хьаькамаша балха (шайн куьйгалла кIел – авт.) гергара нах дIаэцарца а, хьаькамаллин дарж дIакхехьарца а, цуьнца цхьаьна совдегаралла лелорца а доьзна 84 гIуллакх дIадолийна чекхдаьллачу шарахь.
Пачхьалкхан органийн 402 белхахочунна тIедиллина коррупцица къийсам латторан хьокъехь долу федеральни законодательство талхор дIадакххар.
Билггал кхаьънаш эцар гучудаларца доьзна, 99 уголовни гIуллакх дIадолийна, 2 – кхаьънаш далар-эцарна юкъалелар гучудаларца. Оцу гIуллакхашца нийса а догIуш, 199 стаг уголовни жоьпе озийна.
Республикехь дIаязйина а йолуш, ахчанаш шайн счеташкахула «чекхдахарца» болх беш йолу «цхьанадийнан» 35 фирма дIакъовлийтина республикин Прокуратуро. Оцу фирмийн счеташкахула ахчанаш «чекхдаьхна» Россин кхечу субъекташкарчу 90 сов организацис. Цара федеральни бюджетана 300 млн. соьмал а сов зен дина.
Иштта, чекхдаьллачу шарахь, Прокуратурин органаша тIеэцна 6 910 вахархо, царах 487 – республикин прокурора.
И.ИСЛАМОВ
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо