Шемахь герзаш деттар, тIемаш бар сацоран хьокъехь барт бинехь а «Джебхат-ан-Нусра» террористийн организацин гIеранаша алсамдаьхна герзаш деттар, къаьсттина Гута шахьаран малхбалехь. Нах чохь Iаш болчу дукха гIаьтнаш долчу цIеношкахь чIагIонаш ян буьйлабелла уьш. Ткъа маьрша нах, гIала а йитина, цигара бовда некъаш лоьхуш бу.
***
Мисарахь юха а некъан-транспортан бохам хилла, масех машен вовшах а кхеташ. Оцу бохамехь 9 стаг кхелхина, иттех стаг лазийна. Бакъонашларъяран органийн белхахоша дIахьош ду бохам хиларна бехкениг лахаран гIуллакхаш. Iедало некъан боламна тIехь терго латточу службашна тIедиллина некъан бакъенаш талхочаьргара луьра жоп дехар.
***
Iамаркан къилбаседа-малхбалехь, чIогIа мох а хьоькхуш, дарц даьллера масех де хьалха. И бахьанехь 7 стаг кхелхира, 2 миллион сов стаг электросерло йоцуш висинера. Карарчу хенахь дIахьош ду мехаша охьадиттина дитташ, бIогIамаш новкъара дIадахар, электросерло меттахIоттор.
***
Европин мехкашкахь чIогIа шийла даьхкина тIаьхьара денош. Хьоькхуш дарцаш а долуш, алссам ло диллина. И бахьанехь 60 стаг кхелхина. Ша аьлча, Польшехь 14 стаг кхелхина, Францехь – 9 стаг. Цу тайпана шелонаш хIиттина хан дага ца йогIу оцу мехкашкарчу къаношна а ура-атталла.
***
Израилехь хIокху деношкахь Iамораш дIадолийна Израилан а, США-н а эскарша. Уьш лерина ду ракетийн тохарна дуьхьало ян эскархой Iаморна. Шина а пачхьалкхера иттех эзар бIаьхо ву Iаморашкахь дакъалоцуш. Царах дукхахберш ракетчикаш бу.
***
Буркино-Фасохь теракт йина. Оцу бохамехь лаххара а 8 стаг кхелхина, 80 стагана чевнаш йина. Бакъонашларъяран органийн а, кхерамазаллин службийн а белхахоша дIахьош ду зулам дина террористаш лахар. Цкъачунна, оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна террористийн цхьана а организацис.
***
Германерчу социал-демократин партин векалш, эххар а, реза хилла Канцлера А.Меркела куьйгалла деш йолчу консерваторийн партица цхьаьна коалицин правительство вовшахтоха. Кхо-биъ бутт бара церан барт ца хуьлу. Оцу кхиамца А.Меркель декъалйина Великобританин Премьер-министра Т.Мэйс.
***
ТIаьхьарчу деношкахь дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхашкахь шуьйра дийцаре деш ду Россин Президента В.Путина Федеральни Гуламе дина долу хIора шеран кост. Къаьсттина тидам тIебохуьйту цара вайн махкахь юкъаяьккхинчу ядерни керлачу ракетина а, цу тайпа герз кхин цхьана а пачхьалкхан цахиларна а. Цу хьокъехь шайна хетарг дуьйцуш йоккха гIовгIа эккхийтина хаамийн гIирсашкахь.
***
Дозанал арахьарчу цхьамогIа пачхьалкхашкахь, цу юкъахь Iамаркехь а, Хонкарахь а хIинцале дIадолийна Россин Президентан харжамашкахь хенал хьалха кхаж тасар. Цу тайпа бакъо йолуш 80 эзар харжамхо ву дозанал арахьа. Кхул хьалха Россин Харжамийн коьртачу комиссин куьйгалло хаам бина ма-хиллара, кхечу пачхьалкхашкахь харжамийн 400 куп вовшахтоьхна.
***
ХIокху деношкахь 200 шо кхаьчна Москвахь Мининна а, Пажарскийна а дуьххьара хIоллам хIоттийна. Халкъан лаамца дина дара и гIуллакх, Москва мостагIех паргIатъяьккхина болу турпалхой тIаьхьенийн иэсехь бисийтаран Iалашонца. Халкъо ша вовшахтоьхна дара, Iедалера гIо-накъосталла а ца доьхуш, хIоллам барна оьшу ахча а. Иза хIетахьлера 150 эзар сом дара.
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо