Россин Федерацин 2013–2020-чуй шерашна лерина йолу «Дешар кхиор» пачхьалкхан программа тIеэцарца доьзна хьалхахIоттийна СКФО-н ерриге а субъекташкахь кхаа сменехь хьехар дIадаккхаран а, дешар дуьззина цхьана сменехь хилийтаран а Iалашо.
И Iалашо кхочушъяран гурашкахь 2018-чу шеран юьххьехь Нохчийн Республикехь болх бан йолаелира 720 дешархочунна меттиг йолу керла кхоъ юкъарадешаран школа: цхьа школа Курчалойн кIоштарчу Iаларой-Эвлахь а, ши школа Гумс гIалахь а.
2018-гIа шо чекхдалале йина ер ю кхин а йиъ школа. Оцо таро хуьлуьйтур ю шинна сменехь доьшуш болчеран барам лахбан а, цхьамогIа юкъарадешаран учрежденешкахь кхаа сменехь хьехар дIадаккха а.
Дагадоуьйту, дIадаханчу шарахь Нохчийн Республикехь ян йолийнера 5 500 дешархочун меттигана лерина йолу 11 школа. Йина елира 6 дешаран заведени. Царна юкъахь ю – 720 дешархочунна меттиг йолу Хьалха-МартантIера №8 йолу юкъарадешаран школа, 1 224 дешархочунна меттиг йолу Соьлжа-ГIалара Ю.Дешериевн цIарах йолу лингвистикин школа, 600 дешархочунна меттиг йолу Шелара дешаран туш, 720 дешархочунна меттиг йолу Шела гIалара №7 йолу юкъарадешаран школа, 220 меттиг йолу Невран кIоштан Юбилейни юьртара юкъарадешаран школа, 360 меттиг йолу Соьлжа-ГIалара №48 йолу юкъарадешаран школа.
Нохчийчохь ерриге а 480 Школа, лакхарчу дешаран 4 заведени а, 24 колледж а, техникум а ю. Дешаран керла заведенеш яхкарца цхьаьна, лакхадовлуш ду берийн хаарш а.
Иштта, Соьлжа-ГIалара №60 йолчу школо толам баьккхина Ерригроссин «Кхиаме школа» конкурсехь, къона хьехархой толамхой а, лауреаташ а хилла Ерригроссин «Хьехархойн дебют – 2017» конкурсехь а, хьехархойн говзаллин пхоьалгIачу дуьненаюкъарчу «Янтаран бухIа» фестиваль-конкурсехь а.
Дешаран дикалла лакхара хиларан маьIнечу бахьанех ду хьехархоша шайн говзалла лакхаяккхар. Соьлжа-ГIаларчу «Кванториумехь» доьшуш болчеран командо хьалхара меттиг яьккхина «РОБОФЕСТ» фестивалехь.
«Кванториумийн» ерригроссин рейтингехь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн пачхьалкхан университетан технопарк.
Къилбаседа Кавказан федеральни округехь керла школаш яран барамо цецвоккху. Делахь а, оцу гIуллакхца йоьзна йолу чолхаллаш а яц кIезиг. Къаьсттина, дешархой хIинца а кхаа сменехь доьшуш болчу регионашкахь. Цундела и программа, ша маьIне хиларе терра, регионийн а, федеральни а Iедалан коьртачу тидамехь ю.
I.МУРТАЗОВ
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо