Нохчийн Республикин
Куьйгалхочуьнга
Р.А.Кадыровга
Лараме Рамзан Ахматович!
Ас хьоьга кхайкхам бар доьзна ду дуьненарчу бусалбанийн лараме лидер а, вайн заманан чолхечу хье-
лашкахь Россина тешаме хиларан масал хилла лаьтташ а хьо хиларца. Ас хьоьга кхойкху «Бераша Машаран сурт дуьллу я ларде тхо нацизмах а, дуьненаюкъарчу терроризмах а» дуьненаюкъара проект кхочушъярехь гIолацаре. Кхочушъян йолийна дукха хан яцахь а, шайн цигара тIеман-политикин хьал цхьанаэшшара доцучу дуккха а пачхьалкхаша тидаме эцна ю проект.
Чекхдаьллачу шарахь ЛНР-хь, ДНР-хь, Къилба ХIирийчохь, Приднестровьехь, Австрехь, Германехь, Ирландехь, Болгарехь, Италехь, Молдовехь, Эстонехь, Латвехь, Канадехь, Ливанехь, Россин регионашкахь (Москва, Ростов, Белгород, Севастополь) 30 гайтам а, кхин гIуллакхаш а дIадаьхьна проект кхочушъяран гурашкахь.
Чолхечу хьелашкахь дахар нисделлачу берийн суьрташкахула дуьненаюкъарчу терроризмана бехкениг гайтар ю оцу гIуллакхийн Iалашо.
Дуьненаюкъара проект кхочушъян йолийна 2016-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Донбассерчу гуманитарни миссин векалша. Цуьнан Iалашо яра дуьненан юкъараллина геноцидан, нацистийн идеологин, дуьненаюкъарчу терроризман бакъдерг довзийтар, оцу зуламашна бехкенаш Iорабахар.
Проект кхочушъяран ши агIо ю: гайтамаш а, беш болу болх хаамийн гIирсашкахь бовзийтар а.
Вайн махкарчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а юкъараллин организацийн а, Европин, Канадин, Гергарчу Малхбален меттигерчу бахархойн а тидамза ца дисина проектан гурашкахь дIадаьхьна гIуллакхаш. Ша аьлча, проектан гIо лаьцна Культурин-историн «Мебиус» туьшо, Антифашистийн дуьненаюкъарчу союзо, Блогерийн дуьненаюкъарчу ассоциацис (МАБ), Канадин оьрсийн конгрессо, Колон гIаларчу Ирландин тIеман музейс, дуккха а кхечу организацеша.
Берийн суьрташ гIолацаран фонде дIа а луш, Нохчийн Республикехь, Дагестанехь, ОвгIанехь, Палестинехь, Иракъехь, кхечу меттигашкахь гайтамаш дIабахьаран хьокъехь кехаташ кхочу проект вовшахтоьхначаьрга.
Карарчу хенахь Шемерчу МаслаIатан туьшан гIоьнца цигарчу берийн суьрташ схьагулдар ду дIахьош. Шемарчу бераша шайн суьрташкахь ма-дарра гойту террористаш муьлш бу а, шайн гIолоцурш муьлш бу а.
Доьху хьоьга «Бераша Машаран сурт дуьллу я ларде тхо нацизмах а, дуьненаюкъарчу терроризмах а» проектан гIолацар, и дарца ахь мах боцу хазна юкъаюьллур ю бусалба пачхьалкхашкара бераш а, баккхийнаш а нацизмана а, дуьненаюкъарчу терроризмана а дуьхьал гIовтторна.
Дуьненан юкъараллехь сий-лараме волчу ахь проект къобалъяро доккха маьIна лелор ду бусалбанийн машаран ницкъаш вайн юкъарчу мостагIчунна – дуьненаюкъарчу терроризмана, цуьнан гIолацархошна – дуьхьал цхьаьнатохарехь.
А.И.Борисов,
ГIолацаран Фондан генеральни директор
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо