Кегийрхойн «ОНФ Молодежка» организаци вовшахтоьхна дукха хан яц, амма хIинцале а, дуккха а диканиг дан кхиъна цуьнан декъашхой. Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин дIадолорца вовшахтоьхна и организаци.
Муьлххачу а организацин санна, билгалъяьккхинчу организацин а ву шен «лидер». Цуьнан координатор Асхабов Беслан ву. Кегийрхойн организаци юкъахь жигархой дIора дукха бац. Уьш 30 стаг ву. Организацин болх дIаболош, церан хьалхара гIуллакх дара Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштара берийн майда цIанъяр а, куьце ялор а. Кегийрхоша шайна оьшуш болу гIирс схьа а эцна, Iуьйранна дIахIиттина сарралц басарш а хьокхуш, нехаш дIайохуш цIанйира, куьце ялийра берийн майда.
Ерригроссин халкъан фронто региональни отделенийн кегийрхойн организацешна юкъахь дIакхайкхийна хиллачу «Не жди перемен! Твори перемены!» конкурсехь дакъалоцуш, социальни ролик йира организацин декъашхоша.
Билгалъяьккхинчу конкурсан гурашкахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеран Богаткина Анна йолчохь хилира. ТIеман шерашкахь телеграфистка хилла ю иза. ХIетахь елла дуккха а орденаш а, мидалш а ю цуьнан.
– Тхо ша йолчу дахкарх боккха кхаъ хиллера Аннина. Иза ша цхьаъ Iаш ю, кхузахь цхьа а гергара стаг ца висина цуьнан. Адамех хьаьгна йолчу Аннина ша цхьалха хета. Елакъажарца дуьхьал елира тхуна йоккха стаг. Тхо дIадоьлхучу хенахь цуьнан бIаьргаш чу хиш диссира. Оха хаийтира, тхаьш юха а иза йолчу догIург хилар, – дийцира организацин жигархоша.
Чохь дан дезарг а дина, йоккхачу стагана оьшучуьнга а хьаьжна, цуьнан жималлера суьрташка а хьовсуш, цуьнан дийцаршка ла а дугIуш, мерза хан яьккхина дIабахара организацин жигархой. Оцу йоккхачу стеган дахарера цхьа де дара цара ирсе динарг.
Керла шо (2018-гIа) тIекхочучу хенахь, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин региональни отделенис, Ерригроссин халкъан фронтан региональни отделеница цхьаьна заьIап берашна лерина цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Къоначу хьажархочун театрехь.
Театран артисташа берийн самукъане постановка хIотторца самукъадаьккхира заьIап берийн. «Молодежка ОНФ» организацин жигархоша дакъалецира заьIап берашна лерина и башха цхьаьнакхетар вовшахтухуш а, дIахьош а.
Кегийрхойн организаци вовшахтоьхначул тIаьхьа, цара дIаяьхьна масех акци бен яц вай лакхахь билгалъяьккхинарг. Денна аьлча санна, «Диканиг диэ» кхайкхамца социальни роликаш еш, шаьш Iаш болчу баккхийчу нахе хьовса боьлхуш, церан догъоьцуш, заьIап берашца зIе латтош схьабогIуш бу жигархой. ХIинца а башха евзаш яц хIара организаци.
Вай тешна ду, де дийне даларца, алсам а деш, цара дечу дикачу гIуллакхаша иза республикехь шуьйра йовзуьйтрг хиларх.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: «Молодежка ОНФ» организацин жигархой
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо