Тхан рузма

Бекарг беттан 6-гIа де, 1954-гIа шо. ГIиргIазойчохь вина Лулуев Сайд-Iалви, Россин Яздархойн союзан декъашхо.

Дешна Свердловскерчу юридически институтехь, белхаш бина чоьхьарчу гIуллакхийн а, суьдан а органашкахь.

Яздан волавелира 1972-чу шарахь. ХIетахь дуьйна цуьнан публицистикин статьяш, дийцарш, нохчийн яздархойн керла араевллачу книгашна рецензиш зорбане юьйлу «Гумс», «Даймохк», «Вести республики», «Молодежная смена» газеташкахь, «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашкахь.

1996-чу шарахь араелира яздархочун дуьххьарлера книга: «Хроника геноцида чеченского народа». ХIетахь дуьйна кхин а пхи книга арахеца ларийна яздархо: «Чечня: былое и думы», «Конец двадцатого», «Сложная истина», «Вижу футбол».

Тахана а литературин хьаьрмахь беркате къахьоьгуш схьавогIу Лулуев Сайд-Iалви.

Бекарг беттан 8-гIа де, 1936-гIа шо. Грозненски кIоштан Девкар-Эвлахь вина Эсхаджиев Якъуб, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь (1962-чу шарахь дуьххьара и отделени чекхъяьккхинчарех вара иза).

Белхаш бина РСФСР-н къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалан куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрин заведующи, профессор, Нохчийн Республикин дешаран гIуллакхийн институтан хьехаран методикин лабораторин куьйгалхо волуш.

40 сов Iилманан белхан автор. Царах коьртаниш лара догIу: 8–9-чуй классашна лерина нохчийн меттан синтаксисан учебник (соавторшца цхьаьна), «Нохчийн меттан чолхечу предложенин синтаксисехула лекцийн курс», «9-чу классехь нохчийн мотт хьехар» (хьехархошна лерина методикин пособи), «5–6-чуй классашна лерина нохчийн маттехула дидактически материал», и.дI.кх. а.

Якъубан Iилманан белхийн еккъа цIершка хьаьжча а гучудолуш дерг цхьаъ ду – цуьнан Iилманан лехамийн коьрта Iалашо ю юккъерчу а, лакхарчу а дешаран кхерчашкахь нохчийн мотт хьехаран Iилманан-методикин бух кхоллар. Оцу декъехь беркате болх а бина цо.

Iилманчин кхалхар хилла 2007-чу шарахь.

Бекарг беттан 8-гIа де, 1957-гIа шо. Казахстанан Семипалатинскан областан Чарская станцехь вина Ясаев Мохьмад, Нохчийн Республикин халкъан артист.

Хьалха-МартантIера №7 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Нохч-ГIалгIайн республикин музыкин училищехь а, Краснодарерчу культурин институтехь а.

1980-чу шарахь дуьйна 2011-гIа шо кхаччалц болх бо Нохч-ГIалгIайн (Нохчийн Республикин) пачхьалкхан филармонехь.

1980–1993-чуй шерашкахь «Илли» ансамблан музыкальни куьйгалхо лаьтта.

ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь ладогIархошна уггаре а дезачех цхьаъ хилла дIахIоьттира М.Ясаевс дIаолуш хилла «Кемсийн аре» илли (дешнаш – Э.Мамакаевн, мукъам – С.Димаевн).

ЛадогIархоша дезаш тIеэцна цо дIаолуш долу «Езачу йоIе», «Хьоме Кавказ» цIерш йолу халкъан иллеш, ткъа иштта Э.М.Эльжуркаевн, I.Яричевн, кхечу поэтийн дешнашна ша даьхна иллеш а («Орцахвала Везан Дела», «Даймехкан илли», «Нана», «Сан Нохчийчоь»…).

Нохчийн Республикин халкъан артист, Къилба ХIирийчоьнан хьакъволу артист, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат ву Ясаев Мохьмад.

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: