Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин белхахоша республикин бахархойн кхерамазалла ларъярехь жигара къахьоьгу.
Хууш ма-хиллара, цхьадолу бераш цIарца ловзу. Ишттачохь боккха бохам хила тарло. Цундела, берашна кхерамазаллин бакъенаш йовзийтархьама, МЧС-н векалша тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а, акцеш а дIахьо беркатца.
Иштта, дукха хан йоццуш, лакхахь хьахийначу урхаллин Заводской кIоштан цIеяйъаран-кIелхьарадахаран №2 долчу декъан белхахоша Соьлжа-ГIаларчу №67 йолчу школехь берийн суьртийн конкурс дIаяьхьира. Инспектора Безаев Хьуьсейна дийцарехь, конкурсе дешархоша чуделларг 100 сов сурт дара.
– Жюрин декъашхошна атта дацара дешархойн суьртех тоьлларш къасто, хIунда аьлча, уьш дерриге а шайн-шайн чулацам болуш, хаза дара. ЦIеяйъаран декъехь долу шайн хаарш а, цIеяйъархойн болх а бара цара суьрташкахь гайтинарг. Бераш ойла ян, сурт хIотто хууш хилар билгалделира тхуна, – бохура цо.
Жюрин декъашхоша дешархойн белхийн мах хадийначул тIаьхьа билгалбевлира толамхой. Конкурсан толамхошна грамоташ а, совгIаташ а делира.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо