Соьлжа-ГIала деана сийлахь ниIматаш

IMG_6504

Кху деношкахь Соьлжа-ГIала деара бусалба динехь чIогIа  деза долу  Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) сийлахь  ниIматаш – цо  лелийна ши  кад а, цуьнана  мас а. Уьш схьайохьуш богIучарна «Грозный» аэропорте  дуьхьал  вахара Нохчийн  Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, нохчийн Республикин  Куьйгахочун а, Правительствон а Администрацин  куьйгалхо Даудов Мохьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров  Ислам, республикин  чоьхьарчу гIуллакхийн  министр  Алханов Руслан, юкъараллин а, экономикин а кхерамзаллин  советан  секретарь Усмаев Вахьид, Курчалойн  районан  куьйгалхо Черхигов Идрис, районийн а, яртийн а  къеданаш, кхиберш.

Кадыров Рамзане а, цуьнан  доьзале  а болу  шен ларам  гойтуш Iабдулхьафиз Хан Турас дийтина  и ниIматаш  Нохчийн  Республике.

– Абдулхьафиз Хан  Турас дийцарехь Нохчийн  Республикин  Куьйгалхочо  Кадыров  Рамзана дукха къахьоьгу  бусалба  дин  чIагIдарехь. Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с) цхьа  мас Узбекистанехь ю, ткъа хIара  кхуза  схьаеанарг  даима а шу  долчохь юьсур ю. Нохчийчоьнан  а, Узбекистанан а халкъашна  юкъара барт а,  уьйраш а чIагIйийр ю оцу  ниIматаш а, – бохура  деза ниIматаш схьадохьуш  веанчу Махмудов  Юсуп-Жана.

Ала догIу, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) деза  ниIматаш  Iалашдаран филиал  Соьлжа-ГIалахь схьайиллина  хилар.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Авторан сурт     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: