Ерригроссин «Дог берашна дIало» конкурсан хьалхара региональни мур дIаболийна Нохчийн Республикехь. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIахьош бу хьалхара мур. Цигахь дакъалоцуш 5 шарал сов белхан стаж йолу хьехархой бу.
Конкурс хIокху номинацешкахула дIахьош ю: техникин а, исбаьхьаллин а, социальни-педагогикин а, туристийн-мохкбовзаран а, ма-дарра Iилма довзаран а.
Хьалхара мур дIахьош бу муниципальни кхитIе а дешаран учрежденешна юкъахь чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнера бекарг (март) беттан 10-гIа де тIекхаччалц, шолгIа мур (регионан, заочни кепехь) – бекарг (март) беттан 10-чу дийнера оханан (апрель) беттан хьалхара де тIекхаччалц.
КхоалгIачу муьрехь, билгалбевллачу хьехархошна юкъахь регионан финал хир ю оханан (апрель) беттан хьалхарчу дийнера 10-гIа де тIекхаччалц.
Конкурсан дакъалацархоша йовзийта еза шайн белхан говзалла, белхан дикалла лакхаяккха шайна юкъадало лууш дерг, берашца, белхан накъосташца йолу шайн юкъаметтиг. Иштта царах, хIорамма а йиллина урок яла еза, кхитIе а долчу дешаран «Сан дешаран программа» проект йовзийта а еза, жюрин хаттаршна жоьпаш дала а деза.
КхитIе а долчу дешаран хьехархойн белхан говзаллин а, болх баран корматаллин а мах 10 балле кхаччалц хадор бу. Нохчийн Республикин «КхитIе а долчу дешаран тоьлла хьехархо» Сийлахь цIе а, деза совгIат а лур ду толамхочунна.
ВЕГИЕВА Макка
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо