Нохчийн тхэквондисташа 4 мидал яьккхира

ХIокху деношкахь Дагестан Республикин пачхьенерчу «Автодор» спортан зала чохь дIаяьхьира Ерригроссин тхэквондохула «Патриот» цIе йолу турнир.

Къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а, Адыгейра а, Аштаркханера а, Волгоградан областера а, Дагестанера а спортсменаш.

Нохчийн Республикин сий лардеш бара Шелан кIоштан Гермачига юьртарчу берийн-кхиазхойн спортан школехь Iамийна спортсменаш.

Нохчийн Республикин Тхэквондон союзан пресс-службо хаам ма-барра, къийсадаларийн жамIашкахула нохчийн командо 4 мидал яьккхира: цхьацца дашон а, датон а, шиъ йоьзан а.

2004–2006-чуй шерашкахь бина болчу кегийрхошна юкъахь къовсалуш, Байсагуров Халид сийлаллин пьедесталан лаккхарчу тIегIане велира.

2000-чу шарахь бинчарна юкъахь дато мидал яьккхира Бетишев Мовсара. Ткъа йоьзан совгIатхой хилира 2004–2006-чуй шерашкахь бина болчу кегийрхошна юкъахь къовсалуш хилла Махматхаджиев ГIеза-Хьаьжа а, Солтыханов Мансур а.

I.МУРТАЗОВ

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: