Дуьненахь а уггаре жима библиотека

Библиотека – дуьненахь мел долчу Iилманийн «тIорказ» ду. Тептар шира мел дели а, мехала хуьлуш, шех пайдаэца хууш болу бахархой дукха мел хуьлу а, оцу пачхьалкхан Iер-дахаран хьелаш селханчул а гIолехь дан хууш хьоста ду, хазна ю библиотека.

Библиотекаш а, ширачу тептарийн архиваш а паччахьан хазнин могIарехь Iалашъеш, кху вайн замане схьакхаьчна дуккха а йолу пачхьалкхаш. Масала, Iилманан, медицинин, историн белхаш дукха хенахь дуьйна язбина хиларца, боккха хьал-бахам гулбелла пачхьалкх ю Чина.

Хууш ма-хиллара тIемаш база а, лаза а яц тахана хIара дерриге а дуьне а шен «багахьарчо» долийна йолу Чина. Делахь а, шайн Iилманчаша, яздархоша дитинчу йозанийн хама бина цара. Къаьсттина сий деш хилла цара библиотекийн. Ширачу заманахь дуьйна тIеман кхерам тосабелча, шайн библиотекаш лома дIахьой, хьеха чохь дIаюьллий, мостагI тIе ца кхочу волчу агIор къайла йоккхуш хилла (нохчашна 1995–1999-чуй шерашкахь ца хиира дерриге а тIамна тIе доьдуш дуй хуъушшехь, я библиотекаш, я архиваш, я телерадион фонотекаш луларчу махка дIаяьхьна я цIахь лаьттах йоьхкина, къайлаяьхна, ларъян езий).

Ткъа синкхетам сема болчу наха кху заманахь таронаш алсамъевллера аьлла а, хьелаш дика дара аьлла а шайна селхана беркат деш лелийна хилла йолу хIуманаш, сийсазъяьхна, дIа ца кхуьйсу. Чуьра ара-м муххале а ца йохура цара, баьрчче яьхна, кхин а чIогIа сий деш, Iалашйо.

Ширачу хIуманийн пусар даран ламасташ Ингалсан а, Швейцарин а пачхьалкхашкахь къаьсттина лелаш а ду. Ширачу хIуманна чу «керла са кхолла» хаарца гIарабевлла бу Ингалсан пачхьалкхан бахархой. Шатайпа кеп карайо ингалсхошна шайн а, шайн пачхьалкхан а васт дуьненчохь массанхьа а, массарна а довзийта.

Хууш ма-хиллара, ши гIат долу цIен автобусаш, телефонан цIен кабинаш, почтан цIен бIогIамаш ингалсхойн дозалла ду. Церан Iедало кхечу цхьана а пачхьалкхана бакъо луш яц шайнаш санна автобусаш а, таксийн машенаш а лело. Амма хьелаш техникийн керла таронаш юкъайовларца дикачу агIор хийцаделлехь а телефонийн кабинаш ца оьшуш еанчу заманахь царах керлачу кепара дезар дан хиъна царна.

Ингалсан пачхьалкхан Iедало цIарна аьлла хIоттийначу 2 фунт стерлинган мехах эца йолийра кабинаш. Шайн истори еш хиллачу телефонийн кабинах кхоам хетта хьаьвзинчу бахархошна кхин керла некъ карийра оцу кабинах пайдаэца. Дуьненахь а гIараевлла евзачу банкаша а, махлелоран, компанеша а шайн офисашна чу шкафаш санна дIахIитто эца йолийра уьш. Ткъа циггарчу цхьайолчу ресторанашкахь цигаьрка узу кабинеташ йира оцу кабинех. ТIаккха сий дайна хиллачу кабинийн мах 2 фунт стерлинг хиллачохь 300–600 долларе хьалабелира. Амма телефонийн кабинех уггаре а хаза дезар дан ингалсан Уэстбери-саб-Мендип юьртан бахархошна дагадеара.

Цара цунах библиотека йира! Цунна чохь терхеш йина, царна тIе тайп тайпанчу тематикин: кулинарин, берийн, исбаьхьаллин литературин книгаш ехкира. Иштта йира Ингалсан махкахь дуьненахь а уггаре а жима лоруш йолу библиотека. «Белхан раж» гурашкахь яц цуьнан. Дийнахь а, буьйсанна а болх беш ю библиотека. Ша ешна ваьллачо, схьайохьий, шен метта охьаюьллу книга, еша кхин книга хьо.

Наггахь эшарш езачарна а карадо цу чохь совгIат. Цхьаболчу наха библиотеки чохь DVD дискаш дуьтуш меттигаш а нисло.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Ингалсан махкара телефонийн библиотекаш

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: