Хьелаш дика ду деша мало ца йичахьана

2010-чу шарахь схьайиллина Соьлжера муниципальни бюджетни юккъерчу дешаран учреждени – №66 йолу школа. Стохка дуьйна цигахь директор ю Магомадова Луиза.

1995-чу шарахь Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяьккхина цо, караерзийна «юьхьанцарчу классийн хьехархо» корматалла. Хьехархойн Iилманийн кандидат ю Луиза.

– ХIокху школин кертахь йина керла шиъ гIишло ю. Цхьаъ, юьхьанцарчу классийн школа ю дешар шина сменехь долуш. Важа – лакхарчу классийн школа. Кхузахь цхьа смена ю. Школехь болх беш верриге а 63 хьехархо а, доьшуш 700 бер а ду. Юьхьанцарчу ерриге а классашкахь компьютерш, интерактивни аннаш ду. Оьшучу гIирсашца кечйина ю кабинеташ. Химин, биологин кабинеташ чохь а интерактивни аннаш хиларо дуккха а аттачу баьккхина хьехархойн болх, берийн дешар. Школехь йоккха спортзал, компьютерийн кабинет, библиотека ю.

Тагирова Фатимас куьйгалла деш ю кхузара библиотека. Хаза кечйина ю чоь, вовшахтоьхна дешаран а, исбаьхьаллин а дуккха а литература.

– Нохчийн меттан а, литературин а кабинет ю охатхешан ницкъаца кечйина. Иштта дIахьо кхитIе долчу дешаран занятеш, 9-чуй, 11-чуй классийн дешархой кечбо экзаменашна, – дийцира Магомадова Луизас.

Бераш Iамадо йиш лакха, куьйгаговзаллина, бедарш яра а, тега а, фортепьянон, хелхаран, спортан кружокаш ю.

Боккха тидам тIебохуьйту физиче ски культурина. Дешаран шо дIадолалуш спортзалана оьшу гIирс эцна дIахIоттийна. Физкультурин хьехархоша Абуезидов Бислана, Баматгириев Казбека дешархой кечбо школашна юкъарчу къийсадаларшна а, конкурсашна а. Цул сов, тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь совгIатан меттигаш, грамоташ, кубкаш, мидалш йоху дешархоша.

Иштта, дешархоша дакъалоцу тайп-тайпанчу конкурсашкахь, олимпиадашкахь. ХIокху школехь Ерригроссин предметни олимпиадин хьалхара мур дIабаьхьира.

9-чу «А» классан дешархочо Шалиева Маккас хьалхара меттиг яьккхира «Ненан денна» леринчу конкурсехь нохчийн маттахь байт язйина.

Исаева Асета хьалхара меттиг яьккхира «Терроризм» темина лерина сочинени язъярехь. И конкурсаш республикин тIегIанехь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира.

– Дешаран а, Iилманан а министерствос а, Дешаран департаменто а берриге ницкъ тIехьажабо ерриге а школашна санна, тхан школина а оьшучу гIирсашца кхачоярна. Пачхьалкхан юкъара экзаменна а, Пачхьалкхан жамIаш даран аттестацина а кечамаш барна тIехь къахьоьгуш бу хьехархой а, дешархой а.

Дешархошна дуьсуш дерг даггара дешар ду.

АЛИЕВА Фатима

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: