Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн къоман драмин театран актеран Азаев Хьамидан цIе дика евзаш ю вайн махкахь.
Нохчийн Республикин халкъан артист волчу цуьнан ирс хилла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин васт къоман театран сцени тIехь кхолла. Цунах дозалла до похIмечу актера. Иштта аьтто, гоьбевллачу артистийн а, наггахь бен хуьлуш бац. Кхоллараллин балха тIехь алссам зеделларг долуш волу Хьамид дика ларийра режиссера шена тIедехкинчу декхаршца.
Театр езархошна кхечу ролашкахь а гина вара актер. Дуьненна гIараваьллачу драматурган Шекспир Вильяман «Отелло» трагеди тIехь хIоттийна яра, ГИТИС-хь дешна бевлла, 1973-чу шарахь Москвара цIабоьрзуш хиллачу вайн кегийрхойн дипломни спектакль.
Коьртачу турпалхочун Отеллон васт кхуллуш вара къона актер. Иштта, испанхойн яздархочун Сервантес Мигелан «Дон Кихот» романа тIехь хIоттийначу «Человек из Ламанчи» спектаклехь коьртачу турпалхочун Дон Кихотан васт кхуллуш а вара Азаев Хьамид.
Москварчу театран институтехь дешначу ткъа сов стагах дипломни шина спектаклерчу коьртачу турпалхойн васташ кхоллар Хьамидах тешор, къеггина тоьшалла ду студент волуш дуьйна, похIмица къаьсташ хилла хиларна.
45 шо хан дIаяьлла цул тIаьхьа. Хьамид вайна гина нохчийн къоман театро хIиттийначу дуккха а спектаклашкахь. Хьовсархойн синкIоргене кховда а, шайн исбаьхьаллица тIеIаткъам бан а ницкъкхочуш хилла цо кхоьллина васташ. Уьш дара Шукшинан «Энергичные люди», Гоголан «Женитьба», Пушкинан «Скупой рыцарь», «Моцарт и Сальери», иштта, кхечу спектаклашкахь Азаев Хьамида кхоьллина башха васташ.
Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, хьуьнаре актер ву Хьамид. Иза тIечIагIдо вайн турпалхочо дакъалаьцначу цхьамогIа исбаьхьаллин фильмаша. Царах, уггаре а хьалха, цIе яккха хьакъдолуш ю «Азербайджанфильм» киностудехь яьккхина «Бабек» исбаьхьаллин фильм.
Режиссера Кулиев Эльдара яьккхинчу фильмехь дуьйцург IX-чу бIешарахь хилларг дара. Бабек коьртехь волуш, шайн маршонехьа азербайджанхоша латтийна луьра къийсам бара кинохьовсархошна бовзийтинарг. Бабекан турпалчу эскаран тоьллачарах цхьа дакъа долчу бIобаьччин Азракан васт кхуллуш вара Хьамид фильмехь. Халкъана юккъера схьаваьллачу бIобаьччин нуьцкъала амал, доьналла, майралла гойтуш, маьIне васт дара вайн махкахочо фильмехь кхоьллинарг.
Цул тIаьхьа Азаев Хьамид вайна гира «Послезавтра в полночь» исбаьхьаллин фильмехь. Фаталиев Рамиза язйинчу сценари тIехь и фильм яьккхинарг режиссер Бабаев Ариф вара. Азаев Хьамидах Насиран васт кхоллар тешийра режиссера.
Даима а санна, шен хаарш, говзалла, корматалла ца кхоош, актера боккхачу безамца кхоьллира шех тешийна васт. Цул тIаьхьа цо дакъалаьцнарг «Виктор» исбаьхьаллин фильм яра. Французхойн режиссера Мартинез Филиппа сценарий хIоттийна, Депардье Жана дакъалоцуш, яьккхина ю фильм.
Нохчийн гIиллакх, оьздангалла, деэшначунна орцахвала кийча хилар къоман цIийца хиларх лаьцна дуьйцуш ю иза. КIезиг бац фильмехь дакъалоцуш французхойн актераш. Амма цхьана а кепара шеко йоцуш, царал эшна гуш вац Азаев Хьамид. Иза къеггина тоьшалла ду вайн турпалхо хьуьнаре актер, похIме адам хиларна.
45 шаре кхочуш болчу цуьнан хьаналчу къинхьегаман некъо а тоьшалла до иза нохчийн къоман театре ларамаза кхаьчна цахиларна.
ХIокху деношкахь шен 70 кхачар билгалдаккха кечлуш ву 1948-чу шеран бекарг (март) беттан 5-чу дийнахь генарчу Семипалатинскан областерчу Новопокровскан кIоштана юкъайогIучу Алексеевка юьртахь дуьнен чу ваьлла Азаев Хьамид.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахар бахьана долуш нисделла иза иштта.
1957-чу шарахь вайнахана дай баьхначу лаьтта тIе цIаберза бакъо яьлча Хьамидан да Хьадид шен боккха доьзал балош Дишни-Ведана цIавирзира. Юккъера школа чекхъяккхар а Дишни-Веданахь хилира Хьамидан.
1968-чу шарахь Москварчу театральни институте деша а цигара дIавахара.
1972-чу шарахь кхиамца институт чекхъяьккхина Соьлжа-ГIала цIавирзичхьана цуьнан дахар къоман театраца доьзна ду.
ХIора суьйранна, диллинчу сахьтIехь нохчийн къоман театран сцени тIе волу Азаев Хьамид. Дукха хьолахь, са цIена болчу цуьнан турпалхоша дог-ойла ира-карахIоттайо, дикане, къинхетаме, адамалле, Даймохк безаре кхойкху, нохчийн къоман сирлачу кханенах дегайовхо чIагIйо, керлачу анайисте воьху.
Нохчийн похIмечу актерех цхьаъ ву Хьамид. Хазахета шен 70 шо кхачаре иза могашаллица, кхоллараллин толамашца, керлачу лехамашца кхочуш хилар. Театран хьовсархоша дегайовхо кхобу Нохчийн Республикин халкъан артиста Азаев Хьамида кхоьллина керла васташ герггарчу хенахь шайна гург хиларх.
Юбиляр 70 шо кхачарца декъалвеш, цIеначу даггара ала лаьа: «Айхьа похIме кхуллучу васташца тхан дегнаш хьоьстуш, дуккха а шерашкахь вехийла хьо! Тхо тешна ду кхолларалин керлачу кхиамийн лакхенашка цара хьо кхачориг хиларх».
А.ГАЗИЕВА
№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо