Воккха-Дада а, Iаж а

– Дакъаза ма бала хьо делаI, тахана, мела догIа хилла, ма чIогIа боьлхуш бу хьо, хIун хилла-те хьуна? Юхаберзахьа… Хилларш, лелларш дийца вайшимма, дагна синтем лохуш, – аьлла, Iожан къеначу гIодах шен шога, хебаршка ихна, къинхьегамо дахчийна куьг хьоькхуш, къамеле велира Воккха-Дада. – Ма дукха хан ю-кх вайшиъ хIокху кертахь деха. Газа а, лаза а хIун ду? Хьуна дагадогIу а хир дац. Жима синтар долуш беара ас хьо хIокху беша.

«Веза Дела, беркате стом бе Ахь кхунах сан доьзална а, юьртана а – массарна а. Хьан дуьхьа сагIина дIабоь-кха ас хIара Iаж. Хьо ву-кх массо а хIума а дендеш, кхиош верг», – аьлла, бисмилла а даьккхина, латта самсадаьккхина, хьандина дIадуьйгIира ас хьан синтар.

Цкъа а хьогалла ца хааялийтира ас хьуна. Аьхкенан бурконехь хьан гIаш маргIала дала доьлча, кест-кеста хьан экаме орамаш хих Iабадора, ткъа цо массо а га, гIа… Iаьнан муьрехь, хьо шелонах лардеш, хьан гIодах тIаргIа хьарчабора. Шелонан а, хьогаллин а, мацаллин а къаьхьа чам сайна бевзина хиларна, деш дара ас иза. Хьо царах лардеш. Кхелли а цунна юьллура хьуна гонаха. Хьо хьандан…

Сан чIогIа самукъадолура хьуна юххехь, хьо хьоьстуш. Дукха сиха кхиира хьо, дегI доккхуш, гIад стамлуш. Дуьххьара хьуна шатайпа исбаьхьалла луш, хьан генаш кхолуш заза латийча, ма чIогIа кхаъ хиллера суна. Заза стоьмашка – кегийчу Iежашка дирзира. Циггахь чекхъелира хьан – синтаран – оьмар. Хьох, бакъонца, Iаж хилира. Къона Iаж, туй тесний бен, бIаьра а хьожур воцуш. ХIора денна вогIура со хьоьга хьажа. Ма чIогIа ларбора ахь хьайн генаш тIе латийна массо а стом. Суна ца гучу куьйгашца ондда дIалаьцна, цхьа а охьа ца бужуьйтуш, хьайн пхенашкахула лела хи, хьайна кхоийна а, царна дIакхачийта лууш. Цундела кхиир-кха уьш, цIе беснаш а лепаш, муттанах дуьззина. Iежаш нош делча, ахь дуьххьара белла стом а эцна, лулахо волчу вахара со. ЭхI, ма хазахеттера цунна. Дуьненан берриге а бахам ас шена беача санна воккхавера иза.

«Хьан да-нана схьаделара хIинца. Ма хазахетар дара царна ахь дина гIуллакх. Хьан да, Мохьмад ма вара къаьсттина дукха стом безаш. Шена дезар ца деш, берриге а Iаж, кхор, хьач нахана сагIина дIабала гIертар вара хьуна. Стом ношлучу хенахь, тоьлтоьлларг хоржий, некъа йисте боги чохь охьабуьллура, тIехволучуьнга схьаэцийта, баийта. Ма чомехь а хуьлура цуьнан уьш, хIара а санна», – элира лулахочо.

… ХIаъ. ХIора а шарахь мерзачу муттанах дуьззина Iежаш латадора хьан генаш тIе. Стоьмаша тIех даздой, лаьттах хьекхалуш, «букар» доьлхий хуьлура хьан генаш. Уьш хьалаайдой, хьостий, уьш кагдаларх лардеш, гIортораш хIиттайора. ТIаккха ахь доккха садоккхуш санна хеталора. – ДагадогIий хьуна? – къамел дора Воккха-Дадас, Iожан диттах дайн куьг хьоькхуш.

Иза доьлхучуьра жимма юхадирзина аьлла хийтира цунна. Оцо кхуьнан дагна а гIеххьа хьаам бира.

– Хьан IиндагIехь, ойланийн урх малйой вехха Iара со, хилларш, лелларш дагалоьцуш, бералла карлайолий. Сайн къаьхьа бералла. Хийрачу махкахь дIаяхара иза, хийрачу адамашна юккъехь. Новкъа дIасаваха ваьлча, кхерсташ лелачу жIаьлина санна, тIаьхьа тIулгаш кхуьйсура, дастаме багаеттара бераша, шайн цIеношна тIехьа а лечкъаш. Жимма а дуьхьало йича я царна дуьхьал вистхилча: Iа-ле-лай, олий орцадоккхура, гIовгIа оьккхуьйтура берийн дай-наноша. Тхан дега я нене дов хьедан богIура: «ДIадехка и шайн берзан кIеза! Тхан бераш арадовла ца дуьту цо. Нагахь аш иза саца ца вахь, Iедале чувуллуьйтур ву… Шу ямартхой», – олура.

Цара дуьйцучух хIетахь башха кхета а ца кхетара. Суна тIаьхьуо бен ца Iемира церан мотт. Цундела ца хаьара цара хIетахь хIун дуьйцу.

Воккха хила воьлча кхийтира со а, тхо дерриге а царна бIаьрга дан дезаш цахиларан бахьанах. Со а, тхан да-нана, йиша-ваша ца деза оха царна дина хIума доций-м хаьара суна, со мел жима хиллехь а, кхетам боцуш хиллехь а. Хаьара тхо цкъа а, цхьанна а ямарт ца хиллий. Ткъа воккха хилча, дерригенах а кхийтира. Дахар а ма ду дарс.

…«Вай цIа дохуьйту боху!» – аьлла, дукха хазахетта, лаьттах ког ца кхеташ цIавеара цхьана суьйранна дада. Дукха чIогIа самукъадаьлла, и дахьа-декъа меттиг йоцуш, воьлуш, бер санна кхийсалуш, хелхавуьйлуш, цхьана метта ца сацалуш, Далла хастамаш беш, тхо, шен бераш, маракъуьйлуш хьийзара иза, юхаверза са доцуш. ХIетахь кхеташ ца хиллехь а, хIинца кхета цо лелийначех. Iойт-яI-кх! Ма чIогIа сатуьйсуш хилла-кх иза хIокху махка кхача. Амма, байттамал, Нохчийчоь ган доьгIна-м ца хиллера цунна. ШолгIачу Iуьйранна иза вижинчуьра хьала ца гIаьттира.

Оцу а, цул тIаьхьарчу шина-кхаа дийнахь а дукхе дукха адамаш ихира вайга. «Кхин гур вац шуна шайн да. ТIаьххьара а хьовса цуьнга», – аьлла, цхьана децас и волчу чу дигира тхо.

Юьхь бен кхин гуш хIума доцуш, кIайн киса хьарчийна, Iуьллуш вара дада, велааьшна а хилла. «Хазахетар тIехдаьлла хилла цунна. Цуьнан даге ца ладелла иза. Деллахьа вацара хьо хIумма а вон къонах», – элира тхуна тIехьа лаьтташ хиллачу стага.

Цуьнга хьажавеллачу суна гира цуьнан хебаршка яханчу юьхьа тIехула охьахьаьвдда бIаьрхиш. Со а вилхира тIаккха, чIоггIа…

Цкъа а ойланех ца воккхура ахь со. Хьайга къамел деш волуш, стом охьабожийна а, новкъарло ца йора. Иштта дукха шераш дIаихна. Со а къанвелла. Хьо а бац къона. Гой хьуна хебаршка дахана хьайн дитт. Ткъа хIара моьнаш. Дера чевнаш. Тахана а цара хьайн дегIан мутт лешош, боьлхуш бу хьо. ХIун хилла хьуна? Чевнаш лазаевлла? Я соьга ладоьгIуш цхьаъ дагадеана? – юха а хаттаршка велира Воккха-Дада.

Моьнаша хи лешадора, дечигашна хи хьоду хан яцахь а. Шен къена корта Iожана тIе а таIийна вист ца хуьлуш, ладоьгIуш Iара къано, цо шен гIайгIа-бала ялхоре сатесча санна. Шена иза хезар ю аьлла хетара цунна. Хаза лаарна, хаза а хезира. Я моттаделира те? ХIан-хIа. Иза, гIийлла са а ийзош, дийца болабелира: «Пхийтта шо хьалха хилларг карладаьллера суна. Ма-дарра хIетахь хилла сурт дуьхьал хIуьттуш…

Iаьнан оцу шийла- чу Iуьйранна, неIарш кегъеш, хьо волчу цIа чу лилхира, тIеман барзакъ дуьйхина, герзех боьттина нах. Хьо шайна дуьхьал ваьлча, автоматан хен Iоьттина, когаш тIера гал воккхуш, тIехлилхира уьш.

Цхьаьна чуьра вукха чу лелхаш, ишкапаш чу, маьнгеш кIел хьуьйсуш, массо хIума тIекIалтосуш, цхьаъ лоьхуш бара. Цхьанхьа чохь вижина волу хьан кIант, ластийна лаьтта вахийтира цара. Юха, хуьлучух кхета ца вуьтуш, Iункар-бертал ветташ, араваккха волийра.

– Кхуьнгара хIун даьлла? Вита хIара! Со ву хIокху кертан да. Ас жоп лур ду кхуьнгара даьллачух, – тIечевхира хьо хьалха ваьллачу эпсарна, царна некъ боьхкуш.

– Уйди с дороги, старый! А не то!..

– А то что?.. ала кхиира хьо, кхетамах валале.

Коьртах, букъах автоматийн баххаш туьйхира хьуна. Къоьжачу коьртах цIий оьхуш охьавуьйжира хьо. Арахь герз долуш хезча кхетамчу веара хьо. Халла гIаьттина, даима а хьайн гIевлангахь хуьлуш йолчу шаьлтана тIехьаьдда, цунах дезза катоьхна, къоналлехь санна, араиккхира хьо.

Сан гIодах дIавихкина хьайн кIант гира хьуна. ДегIах са къаьстина, цIеша вуьзна, хIоллам санна лаьттара иза. Цунна диттинчу герзан шокъалеш сан дегIах яханера, сан дог морцуш. Инзаре чIогIа мохь-цIогIа хьокхуш, шаьлта а яьккхина, оцу цIогIано Iадийна лаьттачу эпсарна чукхоссавелира хьо.

Айхьа лелочух кхеташ вацара хьо. Хьераваьлча санна шаьлта лестайора. ЦIий Iенира. Ши-кхо тIемало воьжна ца Iийра… Юха а къорра герз делира. Бух хадийна поп санна, хьо лайла вуьйжира…

ТIеман барзакъца хилларш дIабахара, шайн накъостий шайца дIахьош. Амма кертара арабовллалц воьжна Iуьллучу хьуна тIера бIаьрг дIа ца боккхура цара. Сайн дегIах дIавихкинчу хьан кIантана а, иттех гIулч генахь Iуьллучу хьуна а орца доьхуш, сайн дегIана хилла дера чевнаш йицйина, цIевзира со, ма хуьллу сайн генаш а лестош.

Мичара вели ца хууш, Делан орцанца, цхьа кхо стаг кхечира. Уьш цкъа хьалха хьуна тIехьаьвдира, юха – кIантана. «Ахьмад сихха чувига. ХIара кIант вайн гIо оьшучуьра ваьлла. Кхунна дан гIо дац вайн. Дала гIазот войла-кх хIара. Делор вацара хьо хIумма а ледара къонах», – хьо а, кIант а дIавигира цара…

Хьо сайна кхин цкъа а гур вац моьттуш, гIайгIанехь хилла ца Iаш, боккхачу балехь бара со.

Хетарехь, сан пхенашкахула-гаьннашкахула, орамашкахула лелаш долу хи а сецнера. Сайх дог диллинера ас. Чевнаш Iийжара. Уьш йоьрзуш яцара.

Йоьрзург а хир яцара бIаьстенан цхьана хазачу дийнахь хьо, Iаса а луьйзуш беша ца ваьллехь. Ма хазахеттера суна. Сайн когаш хиллехь, хьуна тIебодур бара со. Тоха са доцуш, хьуна тIекхача лаьара. Цхьадика доккха са а даьккхина, меллаша суна тIеволавелира хьо, тIунделла бIаьргаш сох лечкъо а гIерташ.

ТIевеана, Iаса охьа а тесна, со къевллина марабоьллира ахь… Вехха лаьттира. Вист ца хуьлуш. Дешнаш оьшуш киртиг яцара иза. Тезет дара. Вайшиннан тезет. Вайшиъ доцург кхин теш воцуш. Да кIантах ваьлла тезет. Шен дегIе кхаьчна кIант кхалхарал боккха бохам бац боху дена хила… И дерриге а карладаьлла боьлхурий со-м», – хазийра Iожо, я Воккха-Дадина моттаделира-те?

Iожан моьнех Iийдалучу хино куьйгаш, юьхь яшийна лаьттара Воккха-Дада. ХIокхо дагардуьйцу «нийса накъост» ма вара хIара Iаж.

Тахана боьлхура иза. Къаьхьа боьлхура. Цуьнан сатедан гIерташ, и хьоьстуш, цунна куьг хьоькхуш, «бIаьрхиш» дIадохуш вехха лаьттира иза.

«Ма белхахьа, юхаберзахьа. Iийжаш йолу вайшиннан чевнаш ма даръехьа. Ца го хьуна хIара маьрша, екхна аьхке. Дитахьа хилларш, лелларш. Вайшиннан лазам вайшинна бен хууш ца хилча, цо вайшиъ бен лазош ца хилча. Дитахьа. Ма бехьа хьайна а, суна а ницкъ. ХIинца мел дуур аьлла хета хьуна хIара маьлха дуьне?!

Даккха дисинарг цхьа де бен дацахь а – дика даржадехьа, хьайн беркате, токхе стом латтабехьа… Iожо доккха садоккхуш санна хийтира Воккха-Дадина.

Иза иштта хилла а хир дара. Цуьнан шеддашка дирзинчу моьнех Iийдало хи соцуш дара.

Хь.САИДОВ

№17, шинара, бекарг (март) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: