Хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу Зударийн дуьненаюкъарчу денца – бекарг (март) беттан 8-чу денца!
ХIора стеган дахарехь уггаре а сийлахь меттиг дIалоцу аш. Тхуна хазаллин, дикаллин, син комаьршаллин, доккхачу собаран масал хилла лаьтташ ду шу.
Оха баркалла, Дела реза хуьлда боху вайн наношна, цара тхо дезаш, къахеташ, лардеш кхиорна, тIеман кIуркIамани гIаьттинчу шерашкахь, шайн синойн чIагIалла, хьуьнар, доьналла гайтарна. Нохчийн зударийн доьналло, хьуьнаро, шаьш-шайн цакхооро гIо дира нохчийн халкъана халачу зерех чекхдала.
Мах хадийна ца валлал, йоккха хазна юкъаюьллу вайн зударша доьзал ларбарна, чIагIбарна, вайн халкъан оьзда гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ лардарна, къона тIаьхье ийманехь, эхь-бехк, яхь-юьхь йолуш кхиорна.
Аш бераш Iамадо бусалба дин лелон, баккхийчеран ларам бан, Даймохк а, шайн халкъ а деза. Цхьа а дестор а доцуш, ала мегар ду: вайн хиндерг кхетош-кхиош ду шу.
Нохчийн зударий хьакъ ма-дду къахьоьгуш бу республикин дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь: культурехь, могашалла Iалашъярехь, дешарехь, промышленностехь, юьртан бахамехь. Аш йоккха хазна юкъаюьллу вайн Даймохк кхиорна, хазбарна, цуьнга зазадаккхийтарна. Оха цуьнан лаккхара мах хадабо, тхуна иза деза а ду.
Тхан хьомсара зударий, даггара лаьа шун чаккхе йоцу ирс, ондда могашалла, доьзалехь беркат, токхо лаьттийла, аьтто хуьлийла. Иштта лаьа шу маьрша, дуккха а шерашкахь дехийла.
Юха а цкъа декъалдо шу бIаьстенан хIокху исбаьхьачу зударийн денца!
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо