Нохчийн халкъаца дика а, вуон а доькъуш, цунна хазахетар хилча кхаъ хуьлуш, бохам хилча дог Iовжош, даима а цуьнца цхьаьна яьхна, еха Несин Аймани.
Тахана Нохчийчохь хьовха, луларчу регионашкахь а наггахь стаг карор вац Айманех, цо куьйгалла дечу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондах, церан комаьршаллех лаьцна дуьйцуш хазаза.
Нохчийчуьрчу, Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройрчу, ткъа иштта, Иорданерчу, Шемарчу, Ливерчу, кхечу пачхьалкхашкарчу бIеннаш, эзарнаш нахана сагIина кхачанан сурсаташ, кхиерг йохьуьйту цо кест-кеста.
Берашна дарба карийнарш масане бу Нохчийчохь а, цул арахьа а, Айманис ахчанца гIо-накъосталла дар бахьанехь, иза орцахъялар бахьанехь.
Цуьнца цхьаьна Кадырова Айманис гIолацар бахьанехь вайн бIеннаш махкахойн аьтто хилла шайн цIенош меттахIитто, цIиндан, шайна керла цIенош дан, шайн гIуллакх дIадоло, когахIитта. Сий-ларам беш, тахана халкъалахь Аману олий йоккху цуьнан цIе.
ХIинцца гучуяьлла яц Айманин комаьршалла. Тахана гучудаьлла дац цуьнан ийман, дог-дикалла, гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк. И дикаллаш, мехаллаш даима ахилла цуьнгахь. Цунна тоьшалла до бераллехь дуьйна иза евзаш хиллачара а, Къилбаседа Кавказехь а шен дика цIе йоккхуш волчу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас а.
Цуьнгахь и дикаллаш хилла вайн халкъана, махкана хала киртигаш тIехIиттича а, зеран муьраш даьхкича а. Орамера схьа ду и дерриге а. Несин Аймани хIокху дуьнен чу еана нохчийн халкъ махках даьккхинчу луьрачу, къизачу, декъазчу хенахь.
Оцу хенан къаьхьа чам бевзина ю иза, шен хенара массо а нохчи санна. ХIетте а, оцу хенахь а цуьнан ден- ненан ницкъ кхаьчна шайн йоIехь адамалла, бусалбалла, эхь-бехк, доьналла, стогалла кхион. Жимачохь дуьйна марздина ламаз-марха, Iамийна хьанал-хьарам къасто, халонашна бIо ца къажо.
И дерриге а эшна цунна ша йоккха хилча, дахаран чордачу некъа тIе хIоьттича. Шен деган дикалла доьзалшна дIаяла а хиъна оцу хьуьнаречу зудчунна.
Ахьмад-Хьаьжина а мел хала хилла хир дара, и иштта цахиллехь хIаллакьхиларан зиле кхачийначу нохчийн халкъана хьалхавала а, иза Iинах доьдучуьра кIелхьарадаккха а, вуно доккха и жоьпалла тIелаца а. Оцу луьрачу муьрехь цунна тешаме гIортор хилла дIахIоьттина Аймани. Кхерчан йовхо, аьхналла латтийна цо Ахьмад-Хьаьжина. Иза къонахчунна кIезиг хIума дац.
Айманис лайнарг лалур долуш дукха зударий бац Нана-Нохчийчохь. ХIинца-м, тIеман кIуьрлара девлла, машаран новкъа довлуш дара вай аьлла хеттачу хенахь, ямартчу мостагIаша тешнабехк бина, кхалхар хилира Ахьмад-Хьаьжин.
Оцу бохамо Iовжийна дог-бIаьрг доьлхучуьра сацале Делан кхиэле вирзира кIант – Зелимха… И дерриге а лан мел доккха ийман, собар оьшу! Мел доккха ийман, собар оьшура цул тIаьхьа, нахана, шен доьзална шегара бала-гIайгIа ца гайта!
Цуьнгахь хилир-кха и ийман а, и собар а, и доьналла а. Корта таIIийна, де-буьйса ца лоьруш, нехан хьашташка хьоьжуш а, хьанал къахьоьгуш а ю иза. Мокъа еана хан Далла Iамал-Iибадат дарна а, берабераш ша санна ,оьзда, гIиллакхе, яхь-юьхь, эхь-бехк долуш кхиорна а дIало Айманис.
Хьаьхийначуьра аьлча, Айманис дукха лерина кхочушдо АллахIан фарзаш а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ а. Иза жимачохь дуьйна сатесна яра, сийлахьчу Макка яхана, Хьаьждан. Дала цуьнан цу тIехь аьтто бира 1992-чу шарахь.
Оцу шарахь дуьххьара ХьаьжцIа а яхана, КаIбате, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ровзате бIаьргтоха ирс хилира цуьнан. Цул тIаьхьа а хилла иза оцу сийлахьчу, езачу меттигашкахь. Амма хIинца а цунах кхачам хилла яц Аймани. Харц хир дацара цуьнан са хIинца а Маккахь а, Мединатехь а лаьтта аьлча.
Иза, иштта, хоьтуьйту цуьнгахь долчу иймано, комаьршалло, хазачу гIиллакхаша, беркатечу гIуллакхаша, къинхетамо.
С.ХАСАНОВ
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо