Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь хIорашеран «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбахарна лерина суьйре дIаяьхьира Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшо.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, культурин министра Дааев Хож-Баудис, кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, кхечара.
Цига баьхкинчаьрга маршалла а хоттуш, вистхилира Интеллектуальни туьшан председатель Хазбулатов Бекхан: – Маршалла ду массаьрга а. Уггаре а хьалха суна баркалла ала лаьа «Дато бухIа» совгIат даларан гIуллакх вовшахтохарехь накъостий а хилла лаьттачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу фондан президентана Кадырова Айманина а, «Россельхозбанк-ан» региональни отделенина а. Тахана цаьргара гIо хуьлуш дацахьара, хIора а шарахь цхьаьна а кхеташ, «Дато бухIа» совгIатан лауреташ билгалбахаран гIуллакх дIадахьа таро хир яцара.
«Дато бухIа» совгIатан мехаллах лаьцна дош а олуш, вистхилира историн Iилманийн доктор, профессор, хьахийначу совгIатан жюрин председатель Ибрагимов Муса.
– Iилманан а, культурин а, иштта кхечу а дакъошкахь билгалбевллачарна луш ду «Дато бухIа» совгIат. Таханлера суьйре Нохчийн къоман театрехь дIахьош хиларх воккхаве со. Вайна ма-хаъара, хIокху сцени тIехь ролаш ловзийна гIарабевлла бевзаш болчу артисташа. Цундела, таханлера цхьаьнакхетар кху чохь дIадахьар вайна массарна а мехала ду. Чуелларг 40 сов заявка яра, царах оха схьакъастийнарг 13 лауреат ву. Уьш тахана шуна бовзуьйтур бу оха, – элира цо.
Цул тIаьхьа «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ бовзийтира.
«Сан орамаш» номинацехь лауреат хилира Довлат Сайфудин ИбрахIим, «Iилма» – историн Iилманийн кандидат Магомадов Супьян, «Дешар» – философин Iилманийн доктор Нанаева Барият, педагогически Iилманийн кандидат Басханов Сурхо, медицинин Iилманийн доктор Батаев Хизир, «Журналистика» – Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, республикин культурин хьакъволу гIуллакххо Аболханов Хьаьким, «Литература» – поэт, публицист Ахматукаев Адам, «Лаккхарчу корматаллина» – экономикин Iилманийн доктор Авторханов Абу, «Могашалла Iалашъяр» – №1 йолчу клиникин больницин лор-терапевт Лечиев Узер, «За подвижничество» – Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, «Хьехархо» – Неврерчу №1 йолчу школин оьрсийн меттан, литературин а хьехархо Гарибян Ольга, «Къона интеллектуал» – техникин Iилманийн кандидат Мажиев Казбек.
«Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбаьхначул тIаьхьа, гулбеллачеран иллешца а, эшаршца а самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа Димаев Iелас, Хайдаров Майрбека, Кавраева Мархас.
З.ХАСИЕВА
Авторан суьрташ тIехь: «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо