Нохчийн зуда – Иорданехь

Хьалха заманахь дуьйна нохчийн зудчо схьакхоьхьург вуно доккха дукъ ду. Халкъ махках даккхар, тIемаш, къизалла, мацалла… Дуккха а ду турпалчу нохчийн зударийн, нанойн лан дезнарш. Вайн къоман оьзда гIиллакхаш, дайн Iадаташ, хаза ламасташ жовхIаран бIаьрг санна лардеш, хIокху дийне схьакхачийна вайн наноша.

Уьш хьакъ ма-дду ларийна бусалба дино а, Даймахко а шайна тIедехкинчу декхаршца. Цаьргахь баккъал а доккха хьуьнар, собар хилла хилар вайна гойту таханлерчу дийнахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ хала Iалашдалуш хиларо. Халахеташ делахь а, хIинцалерчу кегийрхоша жим-жима дIатосуш, дицдеш ду вайн къоман хаза гIиллакхаш, наггахь бен ца буьйцу ненан мотт…

Нохчийн махкахь нохчашна юккъахь Iаш долчу вайга а къоман хазна Iалашъялуш ца хилча, дозанал арахьа Iаш болчу нохчаша хIун до-те олий, ойла кхоллало. ХIинц-хIинца я иттех-ткъа шо хьалха цIера дIабахначарна-м башха хало хир яц цу тIехь. Амма бIе шо сов хьалха шайн дай кхузахь Iар доцург, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла а боцчу нохчашна тахана Иорданин, Хонкаран, Шемин мехкашкахь Iаьрбашна, туркошна юкъахь нохчийн Iадаташ лело, нохчийн мотт Iалашбан атта дац.

1901-чу шарахь Нохчийчуьра Иордане хьижрат динчарах бу Бенойн БойсагIаран тIаьхьенах болу БакиргIеран доьзал. БойсагIаран вешин кIентан кIентан доьзал хилла иза (БакиргIеран вежарий Iабдул-Маджийд, ИсмаьIал, ВацIа).

Иордане дIакхелхачу хенахь зударий балийна хилла Iабдул-Маджийд, ИсмаьIал шайн доьзалшца цигахь бисина, ткъа шен езар Нохчийчохь йисина волу ВацIа Даймахка цIавирзина (цуьнан тIаьхье тахана вай долчохь ю).

Хийрачу махкахь хиларе хьаьжна а доцуш, нохчалла Iалашъеш, ненан мотт ца бицбеш, доьзал кхиийначу нохчийн нанойх цхьаъ ю лакхахь вай хьахийначу Iабдул-Маджийдан кIентан йоI Бакир Надья.

1962-чу шарахь Иорданерчу Заркъа шахьарахь Мухьмадан а, Iайшатан а доьзалехь дуьнен чу яьлла иза. Пхи йоI а, кхо кIант а хилла церан доьзалехь. Нохчийн доьзалшкахь дIахIоьттина ма-хиллара, да болх беш, напха латтош хилла, ткъа нана, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица доьзал кхиош, цIахь Iийна. Надьян дас-нанас а, вежарша-йижарша а гуттар нохчийн мотт бийцина шайн доьзалехь.

Шен 17 шо долуш, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, нехан цIентIе яхара Надья. Йиъ йоI, ши кIант – ялх доьзалхо дуьнен чу велира цуьнан (уггаре йоккхачун хIинца 38 шо ду, жимах йолчу йоьIан – 19 шо).

Доьзалхой кегий болуш, ерриге а хан уьш кхиорна, церан дешарна, хьашташна йойуш яьхна Надья. Шен 40 шо дуьзча Къуръан Iамо йолаелла иза, цу тIехь цунна доккха гIо дина Iаьрбийн мотт дика хааро.

2010-чу шарахь Къуръан кхечарна хьеха бакъо (иджазахI) луш долу тоьшаллин кехат делла цунна (48 шо долчу хенахь).

Иорданерчу нохчийн зударшна юкъахь кIезиг бац цхьацца говзаллаш караерзийна, болх беш, зударийн юкъараллашкахь жигара дакъалоцуш берш. Цигахь болу вайн зударий цхьаьнакхеташ, гуллуш меттигаш (Нохчийн зударийн юкъараллаш) ю цигарчу шахьаршкахь Заркъехь а, Сувейлехь а.

Оцу юкъараллашкахь, лулахь-кулахь, шайн урамехь болчу зударшна таджвид (Къуръан дешаран Iилма, низам) Iамош, хьанал къахьоьгу Надьяс.

Цул сов, ненан мотт Iаморна, цуьнца доьзна долу хаарш кхиорна тIе а боккха тидам бохуьйту цо. Нохчийн мотт Iамор, кхиор шен дахарехь уггаре а коьртачу гIуллакхех цхьаъ лоруш волчу Надьян жимах волчу вашас Iабдул-Хьамийда шен хIусамехь класс а йиллина, хьехархо а лаьцна, шен гергарчарна ненан маттахь деша а, яздан а Iамадайтина масийтта шо хьалха.

Iабдул-Хьамийдан дIадолорца беа маттахь (нохчийн, оьрсийн, Iаьрбийн, ингалсан) кхочушъеш йолчу «Нохчийн дошам» проекта тIехь Iаьрбийн меттан декъехула къахьоьгуш ю Бакир Надья а, цуьнан йоI Асет а.

Карарчу хенахь жимах йолу йоI деша хIотторан Iалашонца Хонкара яхана ю Надья а, Асет а. Цигарчу (Хонкарарчу) нохчашна ненан мотт Iаморан проект а ю цара йоло дагалаьцна.

«Нохчийн мотт жималлехь дас-нанас буьйцуш Iамийна белахь а, амма ненан маттахь деша а, яздан а ца хаьара тхуна хIинц-хIинццалц, – дуьйцу Бакир Надьяс, – атта дац кхузахь кегийчу нахана нохчийн мотт Iамо, хIунда аьлча, Iаьрбийн а, ингалсан а меттанаш Iамо деза церан школехь, университетехь. Ткъа уьш дика хууш ца хилча, балха тасабала хала хуьлу».

Нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш шайн доьзалашкахь Iалашдархьама хIун до аш аьлла, хаьттича, иштта жоп ло Бакир Надьяс: «Ас сайна дас-нанас Iамийна долу гIиллакхаш, ламасташ сайн доьзална а Iамийна. Амма и гIуллакх тIаьхь-тIаьхьа хала хуьлуш ду (кхечу къомах болчу нахана юкъахь Iаш хиларе терра). Вайн къоман Iадаташ, ламасташ цхьанхьа яздина хила дезаш дара, массеран а тIекхача аьтто болуш. Иштта ца хилахь, вайн орамаш, гIиллакхаш Iалашдан хала хир ду вайна».

Надья бакъ а ю цу тIехь. Цхьанхьа яздина ца хилахь, жим-жима тосуш дIатесина, дицдан кхерам болуш ду вайн къоман Iадаташ, гIиллакхаш. Дуьнен чохь йоккхучу хенахь Iаьрбашна юкъахь бен ца Iийначу царна-м хьовха, Даймахкахь Iаш долчу вайна а-м оьшура къоман синмехаллаш йозане яхар… ТIаккха мукъане а уьш Iалашъян ницкъ кхочур барий-те вайн?!

А.МУСАЕВА

№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

4 комментари йазйина хIокху “Нохчийн зуда – Иорданехь” йаздарна бухахь

    1. Дала сий шун дойла, оццул генахь доллушехь вайн къоман гIиллакхаш а, ненан мотт а Iалашбарна.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: