Шен шира ламасташ долуш искусство ю каллиграфи. Дуккха а бIешерийн йохаллехь кхолладелла цуьнан законаш. Говзаллин къайленаш хьехархочуьнгара дешархочуьнга кховдош, таханлерчу дийне кхаччалц схьайогIуш ю и искусство.
Тахана хаамийн керлачу технологеша жигара хуьйцуш ду вайн дахар, амма каллиграфин, куьйгайозанан искусствон мехалла йовш яц. Рекламехь, книгаш, журналаш кечдарехь куьйган а, каллиграфин а йозанийн (шрифтийн) ма-ярра йолчу исбаьхьалло дикка тIедузу башхаллица къаьсташ доцу типографин йоза.
Ширачу заманахь, йоза хаар дукха даьржина доцучу хенахь, каллиграфин искусствон чIогIа лаккхара мах хадош хилла.
Хууш ду Ширачу Чинехь коьрта каллиграф императора шена герга озийна хилла хилар. Ширачинин каллиграфи суьрташдахкарца дика йогIуш хилла – цу хенахь Чинехь йозанан коьрта гIирс ларалуш хилла суьрташ дохку «кисть». Каллиграфин хьаьркийн кеп йоза яздечу гIирсе а, иза стенна тIе яздо а хьаьжжина хуьлуш хилла.
Европехь каллиграфи, искусство санна, кхоллаелла хаамаш боккхачу барамехь Iалашбаран а, дIасабаларан а уггаре а тешаме кеп куьйга язйина книга йолчу муьрехь.
Эрзах йинчу шуьйра юьхьиг йолчу пелага дитинчу сизашца го хIетахьлерчу муьран башхалла. Леррина дабагIа динчу неIарх йинчу агIонаша, ширачу авторша дага ма-лаццара, вайга схьакхачийна шира йоза. Шуьйра юьхьиг йолчу пелагца йоза яздаран кеп бIешерийн йохалла хийца а ца луш лаьттина.
Вайна евзаш йолчу латиницин алфавитан хьаьркийн кепаш лакхахь вай бийцинчу муьрехь, зорбанан цIохIар (станок) юкъа а ялале, кхоллаелла. Типографи кхолларо юкъараллин дахарехь керла мур дIаболийра.
«Книгин дикачу йозанехь хаало цуьнан дуьххьарлерчу куьйгайозанан бух. Эчигца дешнаш доттаран операцеша хаъал галдоккху куьйга яздинчу йозанан хатI, амма куьйгайозанан юьхьанцара кеп йицлойла дац», – яздина вевзаш волчу Швейцарин зорбанхочо, хьехархочо Эмиль Рудера XX-чу бIешеран юккъехь.
Ширачу Римехь долийна долу гуманизмечу йозанан баххаш Возрожденин заманахь а, цул тIаьхьарчу хенахь а кхиъна ду.
Хууш ду йоза шен хиларехь хийцамашна дуьхьал хилар (консервативни), цуьнан коьрта Iалашо, – бIешарера бIешаре, хаамаш дIаязбар, Iалашбар, дIабалар.
Альд Мануцийс а, Клод Гарамона а, Джамбаттиста Бодонис а, кхиболчу говзанчаша а кхоьллинчу йозанех пайдаоьцуш ду вай тахана.
Йозанан (искусствон санна) истори Iаморан а, графикин, коммуникативни дизайнан декъехь хинболчу говзанчашна йозанан искусство хьехаран а проблема интернетан заманахь а шен «мехалла» йолуш ю.
Графикин культурин ламасташка марзавалар хинволчу говзанчина даима а пайдехь ду, ткъа каллиграфин кепаш йовзаро шен проектан болх барехь а, керла йозанаш кхолларехь а гIо до.
БУЛАХ Анна,
искусствовед
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо