Къоначу бIаьхошна дика масал

анонс

МогІарерчу бІаьхойн тІеман хьуьнар билгалдоккхуш луш долчех уггаре а деза совгІат хилла «Слава» орден. СССР-н исторехь 2620 стаг бен вац кхаа даржан «Слава» орден елларг. Царех цхьаъ ву нохчи Энгиноев Дуда. Иза вина 1919-чу шеран 25-чу июнехь Доьлакехь (кхелхина 1979-чу шарахь).

Оцу терахьаша гойтуш ма-хиллара, Дуда дуьнена ваьлла 95 шо а, кхелхина 35 шо а кхаьчна карарчу шарахь.

…Керла тІедеанчу советийн Іедало халкъана баккъал а паргІато а, маршо а йохьург хиларх тешна вара цуьнан да Эди, цундела цо жигара дакъалецира и чІагІдарехьа д1абаьхьначу къийсамехь. Колхозаш яхка йолийча уггаре а хьалха дІаязвеллачех вара Эди, ахархоша шайн дуьххьарлера куьйгалхо а хаьржира иза. Амма бийшина Іаш бацара керлачу Іедалан мостагІий а – 1932-чу шарахь цара тешнабехкаца воь Энгиноев Эди. Дуда воккханиг а волуш, байлахь буьсу кхеран доьзал. Оцу хьоло сихдо кІентан кхиар.  Школехь 4 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа, дешар а дуьтий, шен нанна г1о хилийтаран 1алашонца, колхозе балха х1утту иза. Дукха хан ялале цунах колхозехь кегийрхойн бригадан куьйгалхо а, юкъараллин белхан жигархо а хуьлу. Амма яхь йолуш кхуьучу кІентан дог-ойла кхин а даккхийчу гІуллакхашка кхийдара, шен дахаран некъ эскарехь гІуллакхдарца гуора цунна…

Сийлахь-боккха Даймехкан тІом болабалале дикка хьалха, 1937-чу шеран июнехь, Беломорски флотилин цхьана хІордкеман тІехь дІадолийра эскарехь гІуллакхдар Энгиноев Дудас. Доьналлица дакъалоцу финашца хиллачу т1амехь. Фашистийн Германица  тІом болабелча дозалардархойн отряде воккху иза, ткъа 1943-чу шеран июнь баттахь дуьйна тІом чекхбаллалц 125-чу гІашлойн дивизин 165-чу къаьсттинчу разведротин таллархо (разведчик) хуьлий лаьтта. Цо дакъалаьцна Ленинград ларъеш хиллачу тІемашкахь, Эстони оккупантех мукъайоккхуш, Сандмирски плацдармехь фашисташ отуш, тІемашца чекхваьлла Польшин Себеж, Катовице, Олау гІаланашкахула. Шегара йоккха майралла гайтина немцойн оппельненски дакъа хІаллакдеш, Каундорф, Штригау, Вальденбург гІаланаш схьайохуш.

МогІарерчу бІаьхочунна тІера, эпсаран чин луш, взводан командиран дарже кхаччалц кхиаран массо  а тІегІанах чекхволуш, некъ бина Д.Энгиноевс. Иза баккъал а доьналла долуш хиларна дара иза ишта. Цунна тоьшалла до тІамехь хьуьнарш гайтарна бІаьхошна луш долу уггаре а  лакхара совгІат Дудина делла хиларо а.

…Таллархошна мостагІех цхьаъ йийсар валор тІедиллира. ЗІе йина, мостагІчун метта-мотт болчу дІабуьйлабелира хІорш. Фашистийн хьалхарчу саьнгарна тІекхача йиъ бІе метр йисина хир йолуш, охьаэгна, текхаш, ха хила тарлучу агІор дІагІертара таллархой. Мелла а саьнгарна улле бахна, ладоьгІуш, тап-аьлла дІатийра. Энгиноев кхин а юххе вахара, хезаш хІума дацара. Фашисташ бан а буй-те кхузахь аьлла, шеко кхоллаелира. ЛадоьгІура. Шарал еха хетта, масех минот елира, хІаваэхь томканан хьожа кхетале. ХІумманах шек боцчу фашисташна «кІур бан» дагадеанчух тера дара. И билгало тоьира вайчарна. Дудас хаам а бина, дукха сиха саьнгарш чу лилхира таллархой. Чуччабахана хиллачу тІамехь цигахь хилла фашисташ хІаллакбина, (ша Энгиноевс вийнарг кхоъ вара), цхьа унтер-офицер йийсаре а валош, байъинчийн герз, кехаташ дохьуш, кхиамца юхабирзира тІемалой. Оцу тасадаларехь гайтинчу хьуьнарна Энгиноев Дудина кхоалгІачу даржан «Слава» орденца совгІат дира.

…1944-чу шеран сентябрехь Эстони мостагІех дІацІанъеш тІемаш беш дара вайн эскарш. Энгиноевн таллархошна тІедиллинера юхадовлучу немцойн эскаршна тІехь терго латтор. Хаа дезаш дара эскаран дакъош дехьа-сехьа дахарх, церан ницкъех, дуьхьалонна чІагІбала гІертарх дерг. Хьалха дІабахийтинчу таллархоша хаам бира, тІай эккхийтарна, хих ца бовлалуш, дукха немцой бу хи йистехь гулбелла аьлла. Мелла улле вахана, хьаьжча, цунна гира шаьш хІун дер ца хуучух тера дукха мостагІий, машенаш, гІудалкхаш. Вайнаш герга бу бохучух шек хилар а, я хих дехьа бовла кечамаш а ца хаалора. Шена гинчух дивизе хаам а бина, Энгиноевс сацамбира, хІуъа дина а, немцошка герз охьадиллийта. Аттачех дацара иза. Таллархойн цхьа взвод, ткъа дуьхьал – эзар  сов хир волуш мостагІ. И хоуьйтийла дацара мостагІчунна, вайн эскарша гуо бина сурт хІотто дезара. Оцу Іалашонца масех таллархо хил дехьа а валийтина, вуьйш ген-гена, гуо беш, дІахІиттийра Дудас шайн пулеметашца.

Цул тІаьхьа, гуччу метте а ваьлла ирх автомат кхоьссира. Изза дира бисинчу таллархоша а. Хил дехьа бевллачара а тІехь.

– Хенде хох! – онда мохь тухуш, герга баьхкира таллархой. Стиглара охьабиссича санна, цІеэскархой гучубовларо Іадийнера немцой, церан цхьа а шеко яцара цхьана эскаран декъо шайна гуо бина хиларх: герз охьа а дуьллуш, машенаш тІера, гІудалкхаш тІера охьалелхаш, юьстах буьйлуш, цхьана могІара дІахІитта буьйлабелира уьш.

Масех стаг шайна юкъара ара а теттира, эпсарш болчех тера дара уьш.

Оцу хьуьнарна совгІат дан хьалхататтаран кехат тІехь («Наградной лист») Энгиноев Дудин тІеман дахарерчу оцу мІаьргонах доцца яздина:

«Майра а, говза а разведтобанна тІехь куьйгалла даро мостагІчуьнга герз охьадиллийтира. И операци бахьанехь йийсаре валийра мостагІчун 1200 салти а, эпсар а. Уьш эскаран (армин) штабе дІа а бигира». (И терахь яздеш тхо гІалат ца девлла, документашца чІагІдина ду иза. Бакъду, ткъех стага 1200 салти йийсаре валийна меттигаш дукха хир аьлла-м ца хета Даймехкан тІеман исторехь – ред).

8-чу Эскаран (Армин) Командующис шолгІачу даржан «Слава» орденца совгІат дира Д.Энгиноевна и хьуьнар гайтарна.

…Дивизин штабера разведроте омра кхочу – дозанал дехьа а довлий, мостагІчун ницкъ, чІагІонан къепеш, гарнизонаш йолу меттигаш талла, юхадогІуш «мотт» а балабе. МостагІчун тыле кхача дукха хала а дацара хІетахь – юхадовлуш долу немцойн эскарш ца ларадора фронтан йохалла чІагІонан къепе нисъян. Буьйсанна 10 – 15 километр гена чу а бахана, дІаса а бекъабелла, омра кхочушдан буьйлабелира хІорш. Дийнахь сарралц мостагІчун эскарш долу меттигаш теллина, йиллинчу меттехь цхьаьна а кхетта, цІехьа буьйлабелира таллархой. Кхарна шайна-м, немцошна туса ца долуьйтуш, сехьабовла хала дацара, амма «мотт» боцуш гІойла дацара. Фашистийн чІагІонан тІаьххьарчу зила тІе кхаьчча, цІеххьана саьнгарш чу а лилхина, буьйсанна тІом болийра: юкъаевлира гранаташ, автоматаш, эххар а арсашца чуччабахар а хилира. БІе гергга фашист хІаллак а вина, 10 йийсаре валош, фронтан зилал сехьабевлира майра таллархой.

Командованин и тІеман омра кхочушдарехь майралла а, доьналла а гайтарна разведвзводан командирана лакхарчу сержантана Д.Энгиноевна хьалхарчу даржан «Слава» орденца совгІат дира (СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуман Указца – ред.).

1945-чу шеран май баттахь хиллачу тІемашкахь, Вальденбург а, Траутенаф а гІаланашна гуонах, къайлах меттигерчу бахархошна а, вайн салташна а тІелеташ хилла, яьржина мостагІийн тобанаш хІаллакьяр тІедиллира Д.Энгиноевн таллархошна. Оцу декхаршца а дика ларийра иза. Цунна тоьшалла дора цигахь гайтинчу хьуьнарна Д.Энгиноевна ЦІечу седанан орденца совгІат даро.

Энгиноев Дудин хьуьнарш лакхахь цІерш яьхначу совгІаташца билгалдаьхна а ца Іийна. Иштта цунна елла салташлахь сий-лараме лоруш йолу «За отвагу», «За боевые заслуги» мидалш, ткъа иштта «За оборону Ленинграда» мидал а.

Документаша чІагІдарехь, кхузза (1942, 1943, 1944-чу шерашкахь) чевнаш хилла а ву иза.

Кхин цхьаъ а билгалдаккха деза. Хийла нохчи висина вайн къомах хилар бахьанехь хьакъдолу совгІат дІа ца кхочуш. Иштта меттигаш къаьсттина дукха нисъелла нохчийн къам махках даьккхинчул тІаьхьа. Оцу хьелашкахь совгІатана хьалхатоттуш волчу нохчичун къам командираша хийцина яздина меттигаш дукха ю. Иштта Д.Энгиноевна кхоалгІачу даржан «Слава» орден яларан кехат тІехь «чичен» аьлла билгалдаьккхина къам (1944-чу шеран юьхь ю иза, кхалхор гІарадалаза долу хан), шолгІа «Слава» луш «кабордин» (кехат тІехь ма-дарра) хуьлу кхунах (1944-чу шеран октябрь баттахь ду иза), хьалхарчу даржан «Слава» луш къам билгалдечохь «русский» аьлла яздина (1945-чу шеран май), «ЦІечу Седанан» орденна хьалхатоттуш юха а «кабардинец» хуьлу кхунах. И хІилланаш лелийна а, кхуьнан бІаьхаллин хьуьнарш билгалдаха некъ карийначу командирашна баркалла ала догІу, амма оцу бакъдолчара тоьшалла до кхечу къомах хІара хиллехь Д.Энгиноевн тІеман хьуьнарийн кхин а лакхара мах хадийна хирг хиларан.

Амма маса нохчи висина, шен къомалла бахьанехь б1аьхьаллин хьуьнаран хьакъ боллу мах ца хадош, шайна юкъахь Советски Союзан Турпалхочун ц1е яла хьалхатеттина иттаннаш б1аьхой а болуш. Цунна билггал долу масалш дукха ду.

1946-чу шарахь Эскарера мукъа воккху «Слава» орденан вуьззина кавалер Энгиноев Дуда, амма цІа ваха цІа дацара турпалхочун, иза ГІиргІизойчу шен гергарчарна тІевоьду. Цигахь тайп-тайпана белхаш бо, шен дахаран тІаьххьарчу  шерашкахь республикин ДОСААФ-н республикански советан председатель лаьтта. Кхалхар хилла 1979-чу шеран октябрехь.

Карарчу хенахь Доьлакехь бехаш-Іаш ду цуьнан вешин бераш, ткъа шен кІант  Пермь гІалахь ву. Турпалхо виц ца вина ша винчу юьртахь а, республикехь а.

Д.Энгиноевх лаьцна яздина «Даймохк», «Вести республики», «Аргун» газетийн, «Орга» журналан агІонаш тІехь, цунах лаьцна хаамаш бу «Кавалеры ордена Славы трех степеней» (М., Военное изд-во, 2000) киншки тІехь.

Делахь а шен цІе халкъан иэсехь йисийта кхин а гІуллакхаш дан хьакъдолчех хета нохчашлахь цхьаъ бен воцу «Слава» орденан вуьззина кавалер Энгиноев Дуда (цхьацца хьостанашкахь уьш кхин а хилла бохуш яздо, амма цІарца вийца цкъа тахана и цхьаъ бен билгалваьлла вац). Дика хир дара цуьнан цІарах вайн пачхьенехь цхьа урам хилча а, музейхь цунна лерина маьІиг хилча а. Д.Энгиноевн а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман кхечу дакъалацархойн а хьуьнарш дика масал ду тахана эскарехь г1уллакх дан кхойкхучу вайн къоначу б1аьхошна. Кхин цхьа мехала бахьана а ду вай Даймехкан т1еман дакъалацархойн хьуьнарех дийца – т1едог1учу шеран 9-чу майхь вайн махкахь шуьйра билгалдоккхур ду фашистийн Германина т1ехь толам баьккхина 70 шо кхачар. И Толам герга балош, шаьш-шайн ца кхоош, доьналлица мостаг1ех леттачу турпалхойн ц1ерш карлаяхар а, цаевзарш йовзийтар а вайн сийлахь декхар ду.

ХЬ.АБОЛХАНОВ.              

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: