Вайн нохчийн зударшна юкъахь массо а заманахь хилла шайх дийнна халкъо дозалла дан хьакъ болу зударий. Царах цхьаъ ю Забураева Хьава. Географин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъярца цо вайн нохчийн халкъана юьхькIам бина. Нохчийн зударшлахь географин Iилманийн дуьххьарлера доктор ю Хьава.
1982-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь ЗабураевгIеран доьзалехь дуьнен чу елира Хьава. ЦIера Хьалха-Мартан кIоштан ГIойтIара ю иза. ЙоьIан да агроном хилла, ткъа нана – кондитер. Бераллехь дуьйна а дешарна тIера яра иза.
Соьлжа-ГIаларчу №20 йолчу школехь дийшира Хьавас. Шен нийсархошна мелла а атта предметаш хазахеташ хиллехь а, Хьава гуттар а чолхечу предметашца – математикица, химица, географица уьйр йолуш яра. Школа а дашо мидалца чекхъяьккхира цо. Школехь ша яьккхинчу хенан хаза денош иштта дагалоьцу Хьавас:
– Школехь яьккхина хIора а минот, сахьт, де сан дахарера уггаре а мерза хан ю. Цигахь даьхначу хазачу деноша цхьа цIена, цкъа а сан дагчуьра йовр йоцу лар йитина. Сан 6 шо а кхачаза дара, школехь доьшуш болчу вежарех со хьоьгучу хенахь. Суна дика дагадогIу, 1-чу классе яхале, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де айса дукха лерина лардина. Тхан нанас со дуьххьара школе йигина де – ирсе хетара хIетахь…
Жимачохь Хьавана хьехархо хила лаьара. Классехь дика доьшуш хиларе терра, урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, шен цхьаболу нийсархой ца кхеттачу темина тIаьхьакхиабора цо. Хьехархо йолуш санна, царна хьоьхура.
Школа чекхъяьккхича, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически институтан (хIинца университет) геологин-корматаллин (геолого-промысловый) фкультете деша яхара иза. Цигахь а дика дешарца, Iилмане кхийдаш хиларца билгалъелира йоI.
Цо жигара дакъалоцура институтехь дIахьочу Iилманан-практикин конференцешкахь. Институт кхиамца чекхъяьккхича, институтан куьйгалло балха кхайкхира иза. Шена хаарш а деллачу хьехархошна-Iилманчашна юкъахь болх бар ирс хеташ хилла йолу Хьава резахилира.
Студенташца болх беш волу хьехархо Iилманан декъехула кхиа везаш хиларх дика кхетара иза. 2006-чу шарахь мехкадаьттан институтера Ю.Ломоносовн цIарахчу Москван пачхьалкхан университете стажировке хьажийра Хь.Забураева. Цигахь карадерзийначу хаарша гIо дира цунна Iилманан декъехула кхиарна.
Цул тIаьхьа, Кантан Иммануил цIарахчу Россин пачхьалкхан университетан (Калининград гIала) аспирантуре деша яхара. Оццу университетан диссертацийн кхеташонехь 2009-чу шарахь чIагIйира Хьавас географин Iилманийн кандидатан диссертаци.
27 шо долчу Хьавах географин Iилманийн кандидат хилира. Кхин а баккхий кхиамаш бохьуш еара цул тIаьхьа йогIу хан.
2011-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц И.Кантан цIарахчу Балтин федеральни универ- ситетехь дийшира цо.
Оццу университетан профессор, Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо Краснов Евгений вара цуьнан Iилманан консультант. Диссертаци тIехь къахьегначул тIаьхьа, карарчу шеран чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь Балтин федеральни университетехь йолчу диссертацийн кхеташонехь географин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйира Хьавас.
Диссертацин тема иштта яра: «Россин лаьмнийн регионашкахь Iаламах пайдаэцар эвсара хилийтаран геоэкологин баххаш».
Оха цуьнга хаьттира: «Новкъарлонаш нисъелирий докторан диссертаци язъярехь а, чIагIъярехь а? Сагатдорий ахь?». Цо иштта жоп делира:
– Докторан диссертаци язъярехь халонаш а нислора, ницкъ а хуьлура, амма сайн Iалашоне кхача болчу лаамо гIора лора суна оцу новкъахь юха а ца юьйлуш къахьега. Ткъа диссертаци чIагIъяран хьалхарчу миноташкахь сагатдора ас. Амма институтехь ас доьшучу хенахь дуьйна юьхьарлаьцначу, суна герга йолчу темин хьокъехь долчунна жоьпаш дала а, сайн диссертаци чIагIъян а ницкъ кхечира.
Хьаван 35 шо бен дац. Оцу хенахь докторан диссертаци чIагIъян кIорггера хьекъал а, хьуьнар а, къахьега лаам а оьшу. И хьуьнар тоьъна Хьавана. Таханлерчу дийнахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь хьоьхуш а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу комплексни Iилманан-талламийн институтан Iилманан белхахо а ю Забураева Хьава.
З.ЛОРСАНОВА
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо