Айдамирова Машаран цIе дика евзаш ю вайн республикехь. Цуьнан да Айдамиров Абузар нохчийн халкъан яздархо хилла хилар ца Iа Машар йовзаран бахьана. Иза ша а ю кхоллараллехь къахьоьгуш.

Зорбане яьлла масех книга ю Машаран. Алссам шайх схьаэца пайда бу дешархошна цуьнан говзаршца. Вайнехан къаьхьа чам бетталучу кхолламах ю коьртачу декъана, Айдамирова Машара язйина книгаш.
Цуьнан турпалхой дукха хьолахь вайн махкахой бу, нуьцкъала амалш, доза доцу синъондалла, доьналла, майралла шайца йолуш. И нуьцкъала амалш къонахийн васташкахь хилла ца Iа.
Дуьне цецдаккхал доьналла долуш, йохьах дуьззина кийрахь комаьрша дегнаш долуш гойту Машара нохчийн зударий. Цунна къеггина масал ду яздархочун «Кхоллам» цIе йолу говзар.
Нохчийчоь тIеман цIергахь йогу а, вайн махкахой балехь бохку а мур бу цу тIехь буьйцург. Генарчу юьртара Соьлжа-ГIала охьайогIуш ю автобус. Даима а санна, блок-постехь сацийна, пассажирийн паспорташка хьожу кеп хIоттийна, зуламе ца доккхуш, зударий чекхбовлуьйту.
Ткъа царна юкъара жима стаг сацаво. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайна кест-кеста гина, дог Iовжийна киртиг ю «Кхолламан» турпалхочунна тIехIоьттинарг. Иштта, бехк-гунахь доцуш, блок-постехь совцийначул тIаьхьа, дукха кегий нах тIепаза, лар йоцуш байна вайн махкара, хIаллакьхилла. Цунах дика кхета «Кхолламан» турпалхой а.
Амма хила тарлучу бохамах жима стаг кIелхьаравоккху кхиъна йогIучу нохчийн йоIа. «Схьаваийта иза, сан хIусамда ву!», – олий, мохь туху йоIа кIантах буьрса каеттачу салташка.
Салтий ца теша йоIа аьллачух. Массарна гуш ду цо аьлларг бакъцахилар. ТIаккха йоIа сихха тIейоьдий, барт боккху салташа дIаийзочу нохчийн кIантана. Салтий цец-акъ бовлу. Мелла а нохчийн гIиллакхаш девзачу царна хаьа, дуьйцург бакъ дацахь, цкъа а хила йиш йолуш сурт дац нохчийн йоIа хIоттийнарг.
Кхечу хьелашкахь нисделлехь тайпанна а тIе эхь догIуш кеп ю иза. Амма цигахь, валар-висар терзан
тIе нисделлачохь, нохчийн цхьана кIентан дахар дуьненна мехха лерира «Кхолламан» турпалхочо. Вай, дешархоша къобалдина и тIе а лецира.
Айдамирова Машаран похIмин тIеIаткъаман ницкъ бара вайга и тIелацийтинарг. Шен экамечу сица литтинарг, цIийца лезнарг, нохчийн къомо лайнарг, цунна гинарг дара яздархочо дешархойн кхиэле диллинарг.
Жухаргийн ловзарш жигарадаьхначу политикаша вайн халкъе боссийна бала бара, куьзганахь санна, схьагойтуш. Вайх хIоранна гина, къаьхьа къурдаш дойтуш, хорамаш бина киртигаш ю Айдамирова Машара шен говзаршкахь юьйцурш.
Цуьнан цхьа а книга яц сихалахь язйина, цIархазмана зорбане яьккхина. КIорггера ойла еш, ирачу хьекъалца луьттуш, экамчу дагах чекхбоккхуш язбина бу цуьнан хIара а могIа…
Айдамирова Машар дуьнен чу яьлла 1963-чу шеран бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь, Нажи-Юьртан кIоштарчу нохчийн ширачу юьртахь – Мескетахь. Цигахь чекхъяьккхина юккъера школа.
Яздархочун йоI хиларе терра, книгашна юкъахь хьалакхиъна ю иза. Цундела, дукха хьалхе тасаелла цаьрца йолу уьйр-марзо а. Доьзалехь жимахъерг а йолуш, ден хьоме йоI яра Машар. Машарна а везара шен да Iаламат дукха.
Цунах тера хила лууш кхевдира йоI йозанашка, шен къона ойланаш кехатах тешош. Машаран доккха ирс хилира цу тIехь. ЙоI доьшуш йолчу школин директор кхуьнан да вара. Ткъа Айдамиров Абузаран синтем боцу амал дукхах болчарна евзаш яра. Иза цкъа а ца Iийна белхан сахьташ дагардеш. Цуьнан даима а боккха лаам хилла нохчийн бераш дика доьшуш а, кIорггера хаарш долуш а хилийта.
Цундела йиллинера Абузара Мескетарчу школехь литературни кружок а. Юьхьанца иза ша вара кружокана куьйгалла деш. ТIаьхьуо – поэт Сайдулаев Хьасан.
Школехь доьшучу хенахь, кружокан жигархо яра Машар. Дешна яларх и гергарло дIа а ца тесира цо. Юккъерчу школин итт класс чекхъяьккхина яьлла Машар, оццу школе балха хIоьттира юьхьацарчу классашна хьеха.
Балхана юкъара ца йолуш Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша хIоьттира, иза кхоччуш хьехархочун корматалла караерзо Iалашо лаьцна. Дешарца, балхаца мел хан ца тоьаш, хиллехь а, литературица долу гергарло дIакхехьа собар, ницкъ, хьуьнар хилира Машарехь.
Цул сов, музыка, суртдиллар хийра дацара цунна. Шен ден, цхьайолу книгаш зорбане кечъеш а, художникан болх бина ю иза. Ткъа цуьнан шен дуьххьарлера книга зорбане елира 2004-чу шарахь. Иза дийцарийн гулар яра, «Буьйсанехь беха некъ» цIе а йолуш.
Къоначу яздархочун цIе евзира, гIараелира. Кни- гашешархоша къобалдина тIелецира Айдамирова Машаран дийцарш. Уьш дикане, адамалле, къинхетаме, деган комаьршалле кхойкхуш дара, чолхечу дахаран аьзнех дуьззина дара. Шен къоман дахар ма-дарра девзаш хиларна теш хIуьттуш дара. Кхолларалин кхиамах Iехаелла, даг тIе куралла йоьссина юкъараллин дахарна юьстах ца елира Машар.
Мелхо а жигарабаьккхира юкъараллин болх, 2005-чу шарахь «Нохчийн зударийн организацийн Ассоциаци» кхуллуш. Оьшушчохь, шен меттехь и «Ассоциации» кхоьллина хиларна теш хIуьтту 2005-чу шеран гурахь Айдамирова Машар Нохчийн Республикин дуьххьарлерчу Парламенте депутат харжар.
Халкъана, махкана уггаре а халачу хенахь, зударийн тхьамда хилла, юкъараллин болх жигарабаьккхира цо. Деэшна дукха зударий кхочура Машарна тIе оцу муьрехь. Буьрсачу тIамо цIенош дохийна, кIентий байна, тIетовжа верас воцуш бисина бIаьрза хьийзаш бара вайн наной а, йижарий оцу хенахь.
Парламентан декъашхо йолчу Айдамирова Машарна гечо карадора царна орцахъяла а, дог хьаста а. Цундела сатедой юхабоьрзура депутатана тIекхаьчна зударий.
Ткъа халкъан векалан шен а самалхадолура цхьана зудчунна мукъане а шен гIо-накъосталла дан ницкъ кхаьчча. Хала хан яра иза. Амма Машара мало йина, орцанца гIатта цуьнан ницкъ ца кхаьчна а цхьа а гIуллакх юкъах-м ца дуьсура. Мел хала яллахь а, литературица долу гергарло дIа цатесира цо.
2008-чу шарахь араелира цуьнан «Нана, алахьа аганан илли» цIе йолу книга. Кхин йолу цуьнан говзарш санна, къобалйина тIелецира иза а вайн махкахоша. Яздархочун похIма, цунна дахар кIорггера довзар, говзарийн турпалхой вайн дахарера схьаэцна хилар дара и книга дешархошка тIелацийтинарг а, цуьнан лаккхара мах хадабайтинарг а. Кхицхьа книга ю Айдамирова Машара язйина. Иза «Лаьмнийн хIайкал» цIе йолу роман ю.
Нохчийн къоман литературехь лараме тIегIа дIалаца хьакъдолуш говзар ю иза. Цкъа делахь, вайн халкъан генара истори, ХIII–XIV-чу бIешерийн дахар ду цу тIехь дуьйцуш, шолгIачу декъана, хазаллица лепа нохчийн мотт бу, кху заманахь цкъа а юьйцу хезна йоцчу хIуманийн цIерш йовзуьйтуш, ткъа кхоалгIачу декъана, ховхачу безамца кхоьллина, дешархойн кхиэле дехкина зударийн васташ ду, хIора нохчийн йоIа шайх масал эца хьакъдолуш.
Нохчийн къоман селхане йовза, цуьнан башха хIуо шех хьакхадала луучо доггах йоьшур йолуш роман ю «Лаьмнийн хIайкал». Заманан йохалла мехалла йовр йолуш роман яц иза. Бакъболчу нохчийн зударийн синъондаллина хIоллам хилла бIешерашкахь ехар йолуш ю.
Иштта, Машара шен похIмечу ден Айдамиров Абузаран сирлачу кхоллараллех лаьцна а язйина исбаьхьа книга. Цуьнан хьаналчу къинхьегаман а, чолхечу дахаран а цкъа а атта ца хилла некъаш довзийтина йоIа «Айдамиров Абузаран дахар а, кхолларалла а» цIе йолчу книги тIехь.
Гуш ду Машарна шен хьомечу ден сийлахьчу цIарца доьзна мел дерг Iаламат мехала, дагна уллера хилар. Изза ойланаш кхоллало Мескитарчу Айдамиров Абузаран цIарах йолчу литературни музей кхаьчча а.
ХIайкал санна, лерина лардеш, ду музейхь Айдамиров Абузаран куьйг хьакхаделла массо хIума. Вайн турпалхочун Айдамирова Машаран хьуьнар ду и дика махкана, халкъана латтош дерг а.
Иза данне а дац кхидолу гIуллакхаш дIатесна, балхах мокъа яьлла Музейн болх Машара дIакхоьхьу бохург. Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтехь ненан мотт, литература кхиош болх беш ю тахана Айдамирова Машар. Шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош схьайогIуш ю. Делан къинхетамца замано тиш ца йина, къан ца йина.
БIаьстенан зазанца йохье юьйлу хазалла ю цуьнан тайначу юьхь-сибатца маьлхан зIаьнарех лепаш. Айдамирова Машаран адамалла, ховхачу безамца дерриге а дуьне маракъовла кийча долу цуьнан комаьрша дог ду и ойланаш кхуллург.
Къоман дозалла хилла халкъан иэсехь ваха висинчу похIмечу ден хьуьнаре йоI кхечу агIор хилча товр дацара. Ма дика ду-кх цуьнгахь и синшорто йолуш, вайн махкахошна Айдамирова Машара иза ца кхоош а.
Кхул тIаьхьа дуккха шерашкахь ирсо хьоьстуш, кхоллараллин лакхенаш йохуш, массо а сирла сатийсам кхочушхилла ехийла дикачу ден, хьуьнаре йоI.
А.ДАЧАЕВА
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо