С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь кест-кеста вовшахтуху берийн яздархойн юбилейшна лерина суьйренаш.
Иштта рогIера «Жюль Вернан шатайпа дуьне» цхьаьнакхетар дIадаьхьира библиотекехь. Иза лерина дара французийн яздархочун Жюль Вернан 190 шо кхачарна. Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин №20 йолчу юккъерчу школин 6–11 классашкара дешархой.
Жюль Верн винчу денна лерина суьйре дIахьош яра библиотекарь Джамалдаева Мадина. Яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцира цо берашна.
– Верн Жюль вина Францин Нанте гIалахь 1828-чу шеран чиллин (февраль) беттан 8-чу дийнахь юристийн хIусамехь. Жима волуш дуьйна а йозанца гергарло хилла цуьнан. Дуккха а дийцарш, повесташ язйина цо. Царах дукхахъерш фантастикин истореш ю. Царна юкъахь уггаре а дезаш тIеэцнарш, тахана а массарна а хазахеташ долу «Дети Капитана Гранта», «Дядюшка Робинзон», «Двенадцать тысяч лье под водой» фантастикин дийцарш ду, – бохура цо.
Бераша леррина ладуьйгIира вевзаш волчу яздархочун дахарх лаьцна шайна дийцинчуьнга. Цул тIаьхьа церан дуккха а хаттарш кхолладеллера. Библиотекара кхачам боллуш жоьпаш делира царна.
Классикин дахарх, кхоллараллех дерг довзийтинчул тIаьхьа библиотекара берашна юкъахь хаарийн ловзарш дIадаьхьира.
Берийн яздархочун дахарх а, говзарех а лаьцна кечдинчу хаттаршна ша-ша хьалха жоп дала лууш дара бераш. Книгаш йоьшуш хилар а, дийцарш схьадийца а, коьрта турпалхочун васт схьаделла а, шайн хетарг дийца а хууш дара бераш. Церан самукъаделира ловзарх.
Жюль Верна лерина суьйре ерзош цхьаьна суьрташ дехира оцу цхьаьнакхетаран дакъалацархоша.
М.ВЕГИЕВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетар
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо