Вайн кегийрхой йохье боху

А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь журналистан, хьехархочун, «Къамел даран говзалла» телепередача дIахьош волчу I.Динаевн «20 обычных чеченцев» книга йовзийтар дIадаьхьира хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, республикин «Хьехархо» газетан коьртачу редактора Цуруев Шамхана, Темиргираев Асланбека, книгин цхьаболчу турпалхоша, Динаев Iалиханан белхан накъосташа, цуьнан студенташа, гергарчара.

«20 обычных чеченцев» книгах а, цуьнан авторх лаьцна дош а олуш вистхилира Алиев Тимур.

– Вайна ма-хаъара, кегийрхошна юкъахь цхьаберш цхьана а хIуманна гуьнахь а боцуш, деша а ца лууш хуьлу. Дерриге а цхьана дийнахь хуьлуш дац. Цхьана хIуманна тIекхача дуккха а къахьега а, хаарш гулдан а деза. Динаев Iалиханах аьлча, хьекъал долуш а, къахьега лууш а, керланиг Iамош а, денна а лехамашкахь а ву иза. Книга язъярца цо яьккхинарг йоккха гIулч ю. Вайн кегийрхошна пайдехь ю иза, хIунда аьлча, царах лаьцна дешча, церан а дог догIур ду деша а, шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь кхиа а. Суна баркалла ала лаьа Iалиханна а, книга вовшахтохарехь а, иза арахецарехь а гIо-накъосталла мел диначарна а. Со тешна ву, оцу книго вайн кегийрхошна гIо дийриг хиларх, – элира цо.

– Кегийрхошна дахарехь шайн меттиг караяйтарна тIехь доккха гIо дийр ду Iалихана язйинчу книго. Тахана, деша а, къахьега а ца луучу кегийрхошкара цхьацца хабарш хеза. Тахана деша а, болх бан а хьелаш ду. Ткъа тхо кегий долчу хенахь иштта дацара. ХIетахь дечиг даккха дезаш дара, пешахь цIе лато езаш яра, кертахь дан дуккха а гIуллакхаш хуьлура.

Тхан деца кертахь цхьацца гIуллакхаш дечу хенахь «дависа, цхьана сохьтана мукъане а берашца ловза аравалийтахьара со», – олий дагатосура суна.

Ловзуш доккху цхьа сахьт а доккха ирс хетара. Ткъа тахана кхин сурт го вайна. Массо а тайпа хьелаш долушшехь, шайн мукъа хан эрна дIайохуьйту вайн цхьаболчу кегийрхоша.

И саннарг мегар дац. Масала, масех мотт хууш цхьа хьенех ву аьлча, цецдовлу вай. Ткъа вайна цо санна къахьега ца лаьа. Шена тахана хууш долу меттанаш Iамон цо мел дукха къахьоьгу. Ишттачух масал эца хьовса деза. Цхьана дийнахь и мотт цаIамарх, хIора а дийнахь кхоккха дош Iамийча, баттахь, шарахь мел дукха дешнаш Iемар ду, – бохура Темиргираев Асланбека.

Цуруев Шамхана билгалдаьккхира Динаев Iалихана ша язйинчу книгица вайн заманахьлерчу кегийрхошна гIо дийриг хилар.

Ханна къона а болуш, амма хIинцале а шайн дахарехь меттиг а карийна, яккхий гIулчаш а, кхиамаш а баьхна болу кегийрхой бу «20 обычных чеченцев» аьллачу книгин турпалхой.

Билгалъяьккхина книга язъяран Iалашо – шен хааршца ша сатуьйсуче кхачалойла хаийтар ю.

Динаев Iалиханан книгах лаьцна дуккха а хаза дешнаш элира цига баьхкинчара. Книга ешначу студенташа а дийцира цунах лаьцна шайна хетарг.

Книга арахецарна тIехь шена гIо-накъосталла диначарна а, книга йовзийтаран суьйренехь дакъалаца мел баьхкинчарна а баркалла элира I.Динаевс:

– Суна хазахета, сан ларам а бина, таханлерчу суьйрене шу даьхкина. Суна мехала ду, аш, сан книгин ешархоша, аьлла долу хIора а дош. Книгин турпалхой тайп-тайпана адамаш ду, шайн-шайн кхолламаш а болуш. Ткъа уьш цхьаъ бийриг, цхьаьннан гIоьнца а я ахчанца а доцуш, шайн хааршца уьш лакхене кхачар ду.

З.КУНТАЕВА

№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: