ХIокху деношкахь Радион цIийнахь дIаяьхьира Дагестанан культурин хьакъйолчу гIуллакххочун, Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхочун, «Къумукъ тюз» газетан коьртачу редакторан, поэтессин Атаева Гегюрчюнан поэзин суьйре.
Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос юкъараллин «Оптимум» организацица цхьаьна.
Цигахь дакъалецира министерствон векала Вазаралиев Висадис, лакхахь билгалъяьккхинчу организацин председатела Ахмаев Руслана, поэтессин гергарчара, накъосташа, юьртахоша, цуьнан поэзи езачара.
Дагестанерчу поэтессех а, цуьнан поэзех а лаьцна дош элира Вазаралиев Висадис:
– Кхоллараллин нах шатайпа амал йолуш хуьлу. Гегюрчюн а ю ишттачарах цхьаъ. Цуьнан дуьнене хьежам а, ойла а цхьа шатайпа хуьлу. Шена гуш дерг байташкахь охьадилла говза ю Гегюрчюн. Байташ кхаа маттахь язйо цо: нохчийн а, оьрсийн а, шен ненан – гIумкийн маттахь а. ХIора а маттахь хаза а язйо цо. Вуьшта аьлча, Гегюрчюнан поэзи шен чам болуш ю.
Иштта, Атаева Гегюрчюнан поэзех лаьцна шена хетарг элира Ахмаев Руслана:
– Уггаре а хьалха, суна баркалла ала лаьа, Гегюрчюнан поэзин суьйре вовшахтохарехь а, иза дIаяхьарехь а гIо-накъосталла динчу къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствона. Гегюрчюнан кхоллараллина лерина суьйре дуьххьара дIахьош яц кхузахь. Тахана шун таро хир ю цуьнан башхачу байташка ладогIа. Со тешна ву, уьш шун дегнех кхетарг а, шуна хазахетарг а хиларх.
Суьйрене баьхкинчарна Гегюрчюнан байташ йийшира кегийрхоша. Шен ларам а бина, оцу суьйрене баьхкинчарна баркалла элира Атаева Гегюрчюна:
– Суна хаза кхаъ хилла шу тахана кхуза дахкарх. Со Нохчийчохь ехаш ю, цундела, Дагестанера хьеший кхуза баьхкина хиларх йоккхае со. Ас язъечу хIора а байтан мах хадо шу хилар сайн ирс хета суна.
Дагестанера баьхкинчу хьешаша а Гегюрчюнах а, цуьнан поэзех а лаьцна довха дешнаш элира.
Атаева Гегюрчюн Дагестанера ю, амма Нохчийчохь ехаш ю. Иза нохчийн нус ю. 60 шо ду цуьнан. Нохчийчохь Iаш йолу дукха хан хиларна нохчийн мотт дика хаьа цунна. Оцу бахьаница язъян йолаелира иза нохчийн маттахь а.
Даймахках а, ненах а, безамах а лаьцна ю цуьнан байташ. Кхаа маттахь язъеш елахь а, хIора а маттахь цо язйинчу байташкахь хаало цуьнан похIма.
Цул тIаьхьа, Парсанова Таисас а, Дагестанан хьакъ болчу артисташа – Сатуева Зояс а, Шаипов Латипа а эшаршца а, иллешца а самукъадаьккхира суьйрене баьхкинчеран.
З.ИСАЕВА
№18, еара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2018 шо