Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Физически культурин а, спортан а министерствон коллективана керла министр вовзийтира. Иза хIинццалц Соьлжан кIоштан куьйгалхо лаьттина волу Ханариков Муса ву.
«Ханариков Муса Кадыровн командехь къахьоьгуш волу дуккха а хан ю. Ша тешаме накъост а, дика говзанча а хилар дукхазза а гайтина цо. Иштта, мел хала делахь а, тIедиллина декхар кхочушдарца а вевзаш ву хIара. Цул сов, кIоштийн куьйгалхошлахь спортаца уггаре а юххера гергарло лелош а вара Муса. Цундела со тешна ву кхуьнга Физически культурин а, спортан а министерствон болх керлачу, лаккхарчу тIегIане баккхалург хиларх. Керлачу даржехь кхуьнан бакхий кхиамаш хуьлийла лаьа», – элира республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь 93 эзар стаг спортхо хилар а, 500 сов эзар – физкультурхо а.
Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, оцу терахьаша гойту кегийрхошна спорт езаш хилар а, иштта, оццу терахьаша Физически культурин а, спортан а министерство декхарийлахь йо тренерш кхиорехь а, спортан учрежденийн болх дIабахийтарехь а кхин а жигара къахьега.
Ханариков Мусас хаийтира шена белла тешам ларбарехь, хьалха хIиттийна декхарш кхочушдарехь, ша, де-буьйса ца къестош, къахьоьгург хилар.
Цул хьалха спортан министр лаьттинчу Хизриев Хасмохьмадна баркалла а олуш, цунна «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал елира Кадыров Рамзана.
«Вайна Хизриев Хасмохьмад цкъа а халонех къихкина а, идда а воцу говзанча а, белхан накъост а санна вевза. Иза куьйгаллехь волуш вайн Физически культурин а, спортан а министерство ларийна Россин спортан министерствоца дика юкъаметтиг дIахIотто а, зIенаш латто а. Тахана хIара балхаца лара а ца вина дIавоккхуш вац хIокху даржера – хIара кхечанхьа тхайна эшарна дехьавоккхуш ву» – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Хизриев Хасмохьмада баркалла элира республикин Куьйгалхочунна шен белхан лаккхара мах хадорна.
«Тхуна массарна а хууш ду, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хьоьгара гIо-накъосталла ца хиллехьара, таханлерчу кхиамашка кхаьчна хилла хирг цахилар, спортхойн таханлера хьелаш хилла хирг цахилар. Даггара баркалла ала лаьа хьуна спортана а, спортхошна а ахь къаьсттина тидам латторна а, Iуналла дарна а. Царна а, тхуна массарна а мехала ду иза», – элира цо.
И.ИСЛАМОВ
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо