Шу доцург дуьне дац

Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь дIадаьхьира зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина даздарш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Р.Кадыров, Парламентан Председатель М.Даудов, министраш, кхиберш.

Даздарш дIадолийра зудчух лаьцна видеоролик гайтарца. Цу тIехь хестайора иза, яз а йора. Иза йоцчохь дахар хила йиш цахилар билгал а доккхура. Цул тIаьхьа вистхилира республикин Культурин министр Х-Б.Дааев. Цо элира:

«Вай дIахьош долчу цхьаьнакхетаршна юкъахь таханлерниг шатайпа башхалла йолуш ду. ХIунда аьлча, вай билгалдоккхург Зударийн дуьненаюкъара де ду. Нохчийн зуда – иза яхь, доьналла, оьздангалла хиларца масал эца хьакъдолуш ю. Ненан а, Нохчийн зудчун а деза денош билгалдоху вай. Нана дийна мел ю, цхьа а доьзалхо воккха хуьлуш вац, цхьалха муххале а вац. Тхан хьоме наной, йижарий, шайн безачеран вуон ца гуш, Дала диканца дуккха а дахадойла шу. Тхуна шу деза а деза, оха шу лара а лору. Шу доцург дуьне дац, шу доцург сий дац».

Цул тIаьхьа Хож-Бауддис сцени тIе кхайкхира Кадыров Рамзан.

«Вайн ненах, йишех лаьцна дийца диканиг дуккха а ду. Суна нохчийн массо а зуда декъалъян лаьа хIокху денца. Цаьрга болу ларам гучубоккхуш, царна зезаг делла, хаза дош аьлла церан дог хьаста дезаш де ду хIара. Нохчийчохь дуккха а сингаттамаш лаьттина, хала хенаш яьхкина.

ХIетахь ша мел доьналла долуш а, яхь йолуш ю а гайтина нохчийн зудчо. Вайн къомана иза муха накъост хилла лаьттина нохчичунна бен хуур дац. Нохчийн нана, йоI, йиша ца йоьхна ша хала кхиийна болу доьзал халкъана дIабелча. Кхоъ, шиъ, цхьаъ бен воцу доьзалхо дIа а воьллина Iаш, яхь, доьналла долуш наной бу вайн.

Суна уггаре а хьалха царна Дела реза хуьлда ала луур дара. Дала дуьне, эхарт декъалдойла шун! Тахана дуьнен чохь тхуна шуна баркалла ала а, дог хьаста а хуур дац. Амма вай Деле доьхур ду кхана догIур долчу Къематдийнахь шуна цунах ял ло бохуш. Таханлерчу дийнахь а вай арабаьккхинчу некъа тIехь еза чевнаш хилла шайн доьзалан дог оьцуш, шайн кийрахь болу бала ца хоуьйтуш, наной бу.

Дала ийманца собар лойла шуна! Дала мукъ лахь, вайна чохь са мел ду, къахьега нийят ду вайнкхин цкъа а нохчийн нана ца елхийта, кхин цкъа а Нохчийчохь тIом ца хилийта. Вайн махкахь яхь йолуш наной, йижарий мел бу тIекхуьу чкъор кхин цкъа а барт гал ца болуш бертахь дехар ду. Ялсамани ненан когаш кIелахь ю боху бусалба дино. Цундела вай, Дала мукъ лахь, ялсамани яккха къахьоьгур ду. Аш тхо иза яккха кхетош-кхиорна Дела реза хуьлда шуна».

Цул тIаьхьа къинхьегамехь билгалбевллачу зударшна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца а, иштта, дипломашца а совгIаташ дира.

Даздарш дерзийра Нохчийн Республикин бевзаш болчу халкъан а, хьакъ болчу а артистийн иллеша а, эшарша а, иштта, кегийрхойн а, берийн а хелхаран ансамблаша а.

Л.ИБРАГИМОВА

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: