Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Шемара цхьаболу террористаш «Джебхат-ан-Нусра» цIе йолчу террористийн организацех дIа а къаьсташ, Малхбале Гутера арабовлуш бу. ТIаьхьарчу деношкахь, герзаш Iедалан векалшка дIа а луш, оцу шахьарара араваьлла 13 террорист. Иштта, стомара цигара араваьлла 52 маьрша стаг. Царна юкъахь 26 бер а ду. Оццу деношкахь Малхбале Гутехь бисинчу бахархошна 70 тонна кхачанан сурсаташ дIасадекъна.
***
ОвгIанера хьал тIаьхьарчу деношкахь юха а карзахдаьккхина террористаша. Масех де хьалха цара эккхийтар дира цхьана маьждигана хьалха. Цигахь 9 стаг кхелхира, 18 стагана чевнаш хилира. Цул тIаьхьа террористаша тIелатар дира бакъонаш ларъяран органийн белхахошна. Бакъонаш ларъярхошна юкъара лаххара а 20 стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.
***
Хонкаран тIеман ведомствехь бечу хаамашца Шемарчу Афринехь «Зайт-диттан га» тIеман операции йолийчахьана, цигахь лаххара а 3,2 эзар террорист хIаллаквина. Бакъду, маьршачу курдашна юкъахь а бу кхелхинарш а, чевнаш хилларш а. ТIаьхьарчу масех дийнахь тIамах ведда Афринера араваьлла ши бIе сов маьрша стаг. Царна юкъахь дукхахберш зударий, къаной, бераш ду.
***
Iамаркерчу Флорида штатан законаш дахаран Iедалан векалша чIагIдина школашкарчу хьехархошна балхахь герз лело бакъо луш долу закон. Иштта закон тIеэцар доьзна ду штатерчу школашкахь кест-кеста герзаш детташ, зуламаш деш хиларца. Делахь а, бахархойн йоккха шеко ю хьехархоша герзаш лелорах зула- маш дар лахлург хиларх. Герзаш юкъара дIадахаро бен лахдийр дац зуламаш дар.
***
Мисаран лакхарчу суьдо 10 стагана вен кхиэл кхайкхийна террористийн гIеранашкахь дакъалацарна а, къиза зуламаш дарна. Суьдахоша далийначу тоьшалла чIагIдо цара массара а маьрша нах а, полицин белхахой а байъарца доьзна зуламаш дина хилар. Цу тайппана луьра таIзарш до Мисаран Iедало терроризмана доьзна зуламаш дарна.
***
Евросоюзан а, Японин а куьйгалхоша дIахьедина Iамарко шайн махка дохьучу болатах а, наштарх а пошлина яккхаран барам лакхабаккхарна шаьш дуьхьал хилар а, Iамаркан куьйгалло бинчу оцу сацамо цуьнца йолу юкъаметтигаш галъяха тарлуш хилар а. Ша аьлча, болатах йоккхуш йолу пошлина 20 процентана а, наштарх йоккхуш йолу пошлина 10 процентана а лакхаяккха дагахь ю Iамарк.
***
Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара схьадогIуш хилла Хонкаран пассажирийн жима кема доьхна ГIажарийчохь. Цу тIехь хилла 8 пассажир а, 3 пилот а кхелхина. Кема дохаран бахьана цкъачунна хууш дац. Хонкаран леррина комиссии ю талламан белхаш дIахьош. Оьшучунна тIехь цунна гIо деш ду ГIажарийчоьнан Iедал.
***
Оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь Азербайджанехь дIахьур бу Президентан харжамаш. Оцу дарже шайн кандидатураш хьалхатеттина 7 кандидата. Царна юкъахь ву оцу пачхьалкхан таханлера Президент И.Алиев а. Дийцарехь, Азербайджанехь баьхьна ца Iаш, кхин а 41 пачхьалкхехь дIахьур бу харжамаш, цу юкъахь Россехь а. Цунна оьшуш болу кечамаш хIинцале беш бу.
***
Дуьненан дукхах болчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша хIокху деношкахь чIогIа йийцаре еш ю Россин Президента Путин Владимира NВС компанин журналистана елла интервью. Цуьнгара интервью эцар доьзна дара В.Путина Россин Федеральни Гуламе динчу костаца. Журналистан хаттаршна жоьпаш а луш, Россин Президента дийцира дуьненахь синтеме хьал хиларе, пачхьалкхийн юкъаметтигаш аьхна хиларе муха кхочур ду а, дуккха кечунах а льацна.

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: