Некъашкахь хьал синтеме дац

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, Нохчийчохь некъан боламехь кхерамазалла хилийтарна кхачояран оперативни штабан кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, оцу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

Кхеташо Нохчийчоьнан МВД-н ГИБДД-н урхаллехь хилира. Цигахь дакъалоцуш вара республикин МВД-н министран заместитель Алаудинов Апти, МВД-н ГИБДД-н урхаллин хьаькам Черхигов Идрис, ткъа иштта, МВД-н гIаланийн а, кIоштийн а отделенийн, ГИБДД-н отделенийн хьаькамаш.

Кхеташонехь жамIаш дира хIокху шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна бекарг (март) беттан пхоьалгIа де тIекхаччалц бинчу белхан.

Оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дийцира билгалбинчу муьрехь республикехь хьесапе эцнарг 48 некъан-транспортан бохам хиларх, и бохамаш бахьанехь 22 стаг кхелхина хиларх, царах цхьаъ кхиазхо хиларх лаьцна. Оцу бохамашкахь 80 стаг лазийна, царна юкъахь 10 кхиазхо ву.

Билгалдаккха деза, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, карарчу шарахь некъан бохамаш хилар 23,7 процентана, алсам даьлла хилар я стохка оццу муьрехь хиллачул 10 бохам алсам хилла хIокху шина баттахь. Къаьсттина новкъа ду кхелхинарш 120 процентана алсам хилар.

Вуьшта аьлча, дIадаханчу шеран оццу муьрехь кхелхинчул 12 стаг дукха кхелхина кху шарахь вайн некъашкахь хиллачу бохамашкахь. Ткъа лазийнарш 21,2 процент алсам бу, я 15 стагана.

Даудов Мохьмада дийцарехь, маьршачу хенахь цу тайппана дукха адамаш кхалхар хилийта йиш йолуш хIума дац. Делахь-хIета, некъашкара хьал тодарехьа къахьега деза. Машен лело хиъначуьнга некъан бакъенаш ларъяйтарна тIехь чIогIа терго латто еза, цаьрца кхеторан болх дIабахьа беза.

И болх тахханехь лаккхарчу жигараллица дIаболор тIедиллира цо ГИБДД-н берриге а белхахошна.

– Къаьсттина тидам тIебахийта беза дуьхьал йогIучу машенийн асанал дехьа бовларца, светофоран цIен стогар летча цасовцарца некъан боламан бакъенаш талхочаьрца, вахош долу малар мелла машен лелочаьрца, машенийн аьнгалешна Iаьржа пардо летийна лелачаьрца къийсам дIабахьарна.

Дукха хьолахь, уьш санна болу водительш бахьанехь хуьлуш бу некъашкахь бохамаш. Билгалдаккха деза буьйцуш болчу муьрехь вехна а волуш машен лелош волу 93 стаг сацийна хилар.

Дуьхьал йогIучу машенийн аса а хадош дехьаваьлла 1 474 водитель, светофоран цIен стогар летта боллушехь ца соцуш дIавахана 1 445 стаг. Оцу бакъдолчара гойту некъан боламан бакъонаш талхочарна дуьхьал боккха болх республикин ерриге а гIаланашкахь а, кIошташкахь а дIабахьа безаш хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана къаьсттина боккха тидам тIебохуьйту вайн бахархойн кхерамазаллин гIуллакхашна. Цо массо а агIор гIолоцуш хилар бахьанехь кхаьчна некъашкахь бохамаш хиларан хьал тодаларе.

Цундела, тахана бахархойн кхерамазаллина гIаролехь лаьтташ болчеран коьрта декхар ду некъашкара хьал тодар, синтеме хилийтар, белхан жамIаш тодаларе кхачар. Тешна ву хьалха хIиттийна Iалашонаш кхочушъяре кхачархьама вай кхин а эвсаре болх бан безаш хиларх. Вай и дийр а ду», – дерзийра шен къамел Даудов Мохьмада.

Цу хьокъехь хаам бина Парламентан пресс-службо.

Хь.САИДОВ

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: