Биткоинаш а, блокчейн а хIун ю? Царна тIе муха кхачалур ву? Уьш муха, мичахь лелайо? Уьш хиларан Iалашо хIун ю?

Ас а, кхин шина накъоста а биткоинах а, блокчейн технологех а гIуллакх деш дика хан яьккхина, Иорданехь а, Iаьрбийн кхийолчу пачхьалкхашкахь а криптовалюташ лелош, церан мехаш толлуш.
Керла арахоьцуш йолу криптовалюташ а толлура оха. Вайн нохчашна и технологи, и гIуллакх дика довза деза. Вайн къам массарал хьалха хила деза цу белхан декъехь, хIунда аьлча криптовалюта а, блокчейн технологи а вайн экономикин (дуьненан экономикин а) кхане хир йолуш ю. ХIун ю биткоинаш? Цара хIун до?
Биткоинаш шен низам долуш интернет чухула лелаш ахча ду. «Криптовалюта» а олу цунах (юкъара цIе). Карахь лелош ахча дац иза, цуьнан шен башхалла ю: цхьаьннан долахь цахилар, ала дашна, пачхьалкхан хуьлийла иза я банкан. Доцца аьлча, вай лелочу ахчанах (соьмах, еврох, долларх) тера дац иза цхьана а кепара. Наха шайна юкъахь леладо иза, и дIасадахьийта банк санна йолу цхьа а агIо ца оьшуш. И ахча электронни бумаьштигаш чохь дIадиллина хуьлу интернета чохь, иза оцу бумаьштигаш чуьра лачкъо чIогIа хала хуьлу.
Биткоинаш 2009-чу шарахь гучуевлла, уьш арахецнарг Сатоси Накамото ву. И мила ву тахана а хууш дац (лакхахь яьккхина цIе цуьнан псевдоним ю). Цо биткоинаш яран бахьана хIун ду аьлча – банкаша нах Iехош, церан ахча шайна ма луъу лелош хилар ду (цунна хетарехь).
Биткоинаш дуьххьара арахецначу хенахь цхьаннах 0.01 цент йоккхура, амма карарчу хенахь 10 000-11 000 гергга доллар доккху. Экономикин талламашка хьаьжжина цуьнан мах кхин а хьалбер бу.
Биткоин йоцург кхин а дуккха а гIаръевлла криптовалюташ ю, масала Эфириум, Рипл, кхиерш. ХIораннан шен гIуллакх а ду, Iалашо а ю.
Блокчейн технологи хIун ю? И технологи стенна лелайо?
Блокчейн керла яьлла технологи ю. Йоккха сеть ю иза, цу чохь хаамаш дIабехкина хуьлу, уьш цхьаьнгга а лелалур я ловзалур боцучу кепара.
Оцу сета чохь болу хаамаш цхьана компьютер чохь хилла ца Iаш, дуккха а компьютерш чохь дIабехкина хуьлу. Нагахь санна и хаамаш цхьана я масех компьютер чуьра хийцалахь я дIабовлахь, изза хаамаш кхин эзарнаш компьютершкахь хир бу (оцу йоккхачу сетана юкъайогIучарна чохь). И компьютерш вовшех йоьзна а йоцуш Iалашбо царна чохь хаамаш, цундела оцу сета чохь йолу ерриге а компьютерш цхьана хеннахь йохо йиш ца хуьлу къуйн.
Блокчейн технологи арахецаран бахьана Биткоинан ахча дара. Церан хIун зIе ю аьлча – нахана юкъахь болу биткоинийн берташ цу блокчейн сета чохь дIаязбина хуьлу.
Блокчейн технологи биткоинашна лелийна ца Iаш, кхидолчу дакъошкахь лело а йиш ю, ала дашна могашалла Iалашъярехь а, дешарехь а. Дешархойн а, лазархойн а хаамаш цу сета чохь дIабахка а, лело а мегаш ду.
Криптовалютица а, блокчейн технологица а доьзна кхин а дуккха а гIуллакхаш ду. Масала, валюташ йохкар-эцар а, керла валюташ арахецар (первичное предложение монеты) а, и валюташ яхар (добыча валют) а. Инвестицеш а яло царех.
Ала дашна, оцу платформи чухула леладо наха валюташ «йохкар-эцар» а, оццу платформи чохь нехан электронни бумаьштигаш а хуьлу.
ШИРДО Мохьмад
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо