Юридически Iилманийн доктор, профессор, юрист, Нохчийн литература кхиоран гIоьналлин фондан председатель Мусаев Iалавди дика вевза вайн республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а.
Вайн халкъан литература кхиорехь беркате къахьоьгуш схьавогIу иза. И доцург кхин дуккха а ду цо дина диканаш. Кхин хIумма а ца хилча а цуьнан гIоьнца арахецна вайн халкъан поэтийн а, яздархойн а говзарш чIогIа деза а, мехала а совгIат ду вайн халкъана.
Иштта, I.Мусаевс сий деш а, гIо-накъосталла деш а ду дуьнен тIехь а нохчийн маттахь арадолуш цхьаъ бен доцу «Даймохк» газет.
Цуьнан белхахошна тIаьхьарчу хенахь масех хазахетар дина Iалавдис. Царах цхьаъ ду Евразин яздархойн лиго, Нохчийн Республикин яздархойн союзо, Яздархойн-гочдархойн союзо, Россин Яздархойн союзан Москва гIалин организацис, лакхахь хьахийначу фондаца цхьаьна юкъаяьккхина Окуев Шимин цIарах «Лаьмнийн аз» мидалш газетан хIора белхахочунна ялар.
ХIокху деношкахь хIора белхахочун цIарах цо яийтина (шийтта книга юкъахь йолу) нохчийн яздархойн говзарийн библиотека. Иза схьакхачарх боккха кхаъ хилла бу редакцин белхахой. Къаьсттина зударшна бархIалгIачу мартана деза совгIат ду иза.
Нохчийн халкъан гоьбевлла яздархойн: М.Мамакаевн, Ш.Рашидовн, С.Бадуевн, Н.Музаевн, А.Сулеймановн, М.Сулаевн, Р.Ахматован, Б.Саидовн, М.Мусаевн, М.Кибиевн, I.Алиевн, говзарийн «Нохчийн фольклор» книгаш ю уьш.
«Даймохк» газетан белхахойн цIарах баркалла ала луур дара иштта мехала совгIат тхайна дарна.
Дела реза хуьлда хьуна! Дала сагIа къобалдойла хьан, Iалавди!
РЕДКОЛЛЕГИ
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо