Агропарк «ЮгАгро»
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, Соьлжа-ГIалин мэрис кечйина республикехь а дуьххьарлера хир йолчу агропаркан проект.
Цуьнан кертахь, билгалдаьккхина ма-хиллара, помидораш а, наьрсаш а кхиоран теплицийн комплекс а, стоьмаш Iалашдойла а, иштта, дакъийначу стоьмийн сурсатийн а, консервийн а заводаш а ян лерина.
Проект кхочушъяро республикин пачхьенан экономики юкъа 1,8 млрд. сом даийтина ца Iаш, белхан 225 меттиг а хуьлуьйтур ю.
Мэрис хIинцале а кечйина проектан бизнес-план а, концепци а, проектни-сметан документаци а.
«ЮгАгро» цIе лелор йолчу оцу паркана лерина 15 гектар лаьттан майда билгалъяккха кийча ду Соьлжа-ГIалин Iедал.
Шерипов Асламбекан урамна реконструкци яр
ЛекхагIишлойн «Грозный-Сити» комплекса тIера «Минутка» майдана тIекхаччалц болу Шерипов Асламбекан цIарахчу урамна реконструкци ян лерина ду Соьлжа-ГIалин Iедал.
Йовзийтинчу проектаца нийса а догIуш, 76 гектар майданахь дан лерина дукхапетарийн 42 цIа а, 800 берана лерина 2 школа а, 240 берана лерина берийн беш а.
Керлачу цIенош чохь серан телевидени а, интернет а, кондиционированин кхузаманахьлера система а хилла ца Iаш, лаьтта бухахь йолу машенийн дIахIуьттийлаш а хир ю.
Цул сов, 4 асанах лаьтта некъ а 6 асане кхаччалц шорбина ца Iаш, оцу некъаца мел йолу коммуникацеш хуьйцур ю. Иштта, оцу некъаца йолчу Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствон кетIара дIа «Южная» автостанцина тIекхаччалц эстакада ян а лерина.
Оцу проектана 23 миллиард сом ахча деза.
Махлелоран а, офисийн а туш
Кху шеран чиллин (февраль) беттан чаккхенехь Соьлжа-ГIалахь ян йолийна махлелоран а, офисийн а керла туш.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима билгалдаьккхира иза инвестицийн проект хилар а, йина яьлча, оцу туьшахь бахархошна белхан 30 меттиг нислург хилар а, республикин пачхьенан бюджетана цунах пайда бериг хилар а.
Ши гIат долу туш яран белхаш доIа дарца дIаболийра.
Сайхановн урамехь – гIишлойн керла комплекс
Сайхановн урамехь ян лерина гIишлойн керла комплекс.
Соьлжа-ГIалин мэрис йовзийтинчу проектаца нийса а догIуш, комплекс 5 гIат долчу 19 цIийнах (чохь 950 петар а йолуш – авт.) а, маьждигах а, школах а, берийн бешах а лаьтташ хир ю.
ЦIенойн лахара гIаьтнаш туьканаша а, тайп-тайпанчу офисаша а дIалоцур ю.
Цул сов, комплексан «бешахь» садаIаран а, берашна хIаваэхь ловзаран а майданаш йийр ю.
И.ИСЛАМОВ
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо