ХIокху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь хилира Россин Федерацин Къоман гвардин, эшарийн а, хелхарийн академин ансамблан 45-шо кхачарна лерина юбилейн суьйре.

Оцу ансамблан куьйгалхо ву чоьхьарчу службин инарла-майор, дирижер, хьехархо Елисеев Виктор.
Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхо, инарла-майор Делимханов Шерип, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди, иштта, кхийолчу ведомствийн векалш а.
Оцу суьйренехь Академин ансамбло тайп-тайпана номерш гайтира: оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а классийн говзарш а, Россин халкъан а, кхузаманан а хелхарш а, иллеш а. Иштта, бIаьхаллин хIинцалера а, шира а иллеш дIаэлира.
Иллеш олуш дакъалецира ГIалгIайчура, Кхарачойн-Чергазийчуьра, Дагестанан а халкъан хьакъболчу артисташа а.

– Маршалла ду шуьга массаьрга а, Россин Федерацин Къоман гвардин Академин ансамблана баркалла ала лаьа суна, хаза концерт вовшахтохарна а, дIаяхьарна а. Ансамблан хIора номер шатайпа самукъане а, хаза а яра. Гулбеллачарна концерт хазахетта хилар гуш а ду, – элира Делимханов Шерипа.
Цул тIаьхьа вистхилира Дааев Хож-Баудди:
– Хьоме хьеший, махкахой, марша догIийла шу! Хазахета тахана вай кхузахь цхьаьнакхетта. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам латтабо культура кхиорна тIехь. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Россин турпалхочочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлла дешнаш дагадахкийта лаьа: «Куьлтура ца хилча, къам а ца хуьлу». Цуьнан кIант Кадыров Рамзан шен дас дIаболийначу некъа тIехь къахьоьгуш ву.
Юбилейни концерт ерзийра Россин Федерацин Къоман гвардин академин ансамблан куьйгалхочунна а, дакъалацархошна а Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин а, культурин министерствон а Сийлаллин грамоташ а, мидалш а луш.
АСЛАХАНОВА Хеда
Авторан суьрташ тIехь: юбилейн концертан дакъалацархой
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо