Дерриге а коррупцин орам хадорна тIехьажийна

Россин Федерацин кхечу регионашкахь а санна, Нохчийн Республикехь а х1ора шеран 9-чу декабрехь билгалдоккху коррупцина дуьхьал къийсам латторан Дуьненаюкъара де.

Оцу декъехь динчу билггалчу г1уллакхашца т1екхочур бу цунна Нохчийн Республикин 1аламан таронийн, гуонахара хьал лардаран министерствона чудог1учу дакъойн берриге а белхахой. Цара жам1аш дийр ду шеран йохаллехь коррупцина дуьхьал къийсам латторна т1ехьажийна  дийнна ведомствехь санна, х1ора коллективехь динчу г1уллакхийн, билггал декхарш хьалхах1иттор ду т1ейог1учу ханна. Т1екхуьуш йолу т1аьхье ийманехь кхиорна юкъа вайх х1ора а шен дакъа дилла дезаш хилар хьесапе а оьцуш, оцу г1уллакхашкахь коьрта меттиг къоначу чкъурана юкъахь д1ахьош болчу балхана кхочуш хилча-м муххале а.

– Ч1ог1а мехала ду оцу хиламан чулацамах кхетар, бакъонаш ларъяран кхечу кепех иза схьакъасто хаар, – тидам т1ебохуьйту регионан 1аламан таронийн, гуонахара хьал лардаран министра Магомадов Лоьмас коррупцин гучудийларшца къийсам латторан коьрта некъаш билгалдохуш. – Дийнна схьаэцча вайн ерриге а юкъараллин хьаштех хьакхалуш хила тарло коррупци, тайп-тайпана ю иза гучуйийларан кепаш. Цуьнца доьзна ша-шаха хаттар х1утту: бакъонаш ларъяран кхечу кепех муха къастало коррупци?  Нагахь «Коррупцина дуьхьало яран хьокъехь» аьлла № 273-ФЗ йолуш долу Федеральни закон девзаш делахь,  тахана оцу документана т1е а доьг1на билгалбаккха йиш ю  коррупци бохучу хиламах болу кхетам. Дагахь латто деза уггаре а коьртаниг: материальни, я материальни боцчу пайда хилийтаран 1алашонца шен а, муьлххачу кхечуьнан а даржехь хиларх пайдаоьцуш дакъалаьцнехь, иза коррупцин системин дакъа хуьлий д1ах1утту.

Иза даима а дагахь латтош хилар гойту, масала,  Нажи-Юьртан хьуьнан бахаман йоккха йоцчу коллективо деш долчу г1уллакхаша. Хьалхарчарна юкъахь бара цигара хьуьнхой  коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъарчу денна лерина  г1уллакхаш билгалдохуш ведомствон куьйгалло х1иттийна декхарш кхочушдан долош а. Дийнна шарна х1оттийна план хиллехь а, вовшахтуьйхира белхан тоба, билгалдира оцу денна т1екхачале ден долу г1уллакхаш. Иза къаьсттина хьакхалуш дара къоначу чкъураца, ша аьлча, шайн районан дешаран учрежденешкахь берашца д1ахьон болчу кхеторан балхах.

Хьуьнхойн коллективан куьйгалхочо Абдулкеримов Илеса дийцарехь, билгалйинчу темаша а гойтура берашца хиндолу къамел стенах лаьцна хир ду: «Кегийрхой коррупцина дуьхьал бу», «Х1ун ду коррупци бохург?», «Ц1ен лента», оцу темех лаьцна къамелаш, сочиненийн конкурсаш, суьртийн гайтамаш. Т1аьхьарчу хенахь и тайпа болх д1абаьхьна № 8 йолчу гимназехь, Бенарчу юккъерчу школан хьуьнхойн школан дешархошца, № 3 йолчу юкъарадешаран школехь. Хьуьнхоша берашна кхета аттачу маттаца бовзуьйтура «коррупци» бохучу дешан кхетам, муьлха г1уллакхаш лара дог1у цунах хьакхалуш дерш.

– Коррупцина юкъадог1у шен хьал тодаран 1алашонца ша даржехь хиларх пайдаэцар, кхаъ балар, иштта кхаъ эцар, коммерцин г1уллакхашкахь кхаьънаш далар, я юкъараллин, пачхьалкхан хьашташна жоп луш доцу кхидолу г1уллакхаш лелор, – билгалдоккхура Илеса гимназин дешархошна хьалха ша къамел дечу хенахь. – Халахеташ делахь а, шайн дахаран-1еран г1уллакхаш къастийна цхьалхадахархьама баккхий боцчу барамашкахь кхаьънаш далар бехкам болуш х1ума ца хета вайн дуккха а адамашна. Дахаран лехам болуш санна т1еоьцу цара оцу кепара хьал.

Т1аккха берашна йовзийтира законан билггал йолу статьяш: иштта, Россин Федерацин Уголовни кодексехь шен белхан хьолах шена пайдаэца г1ортарна 285–286-г1ий статьяшца жоьпе озор билгалйина, кхаъ баларна – 291-ра статья, кхаъ эцарна – 290-г1а статья, коммерцин г1уллакхашкахь кхаьънаш даларна – 204-г1а статья. Аьлча а, киншкийн, синъоьздангаллин амал йолчу кинофильмийн масалш т1ехь ницкъ кхочучу кепара бераш кхето г1оьртира дуьненахь а, Россехь а коррупцина дуьхьал д1ахьош йолчу политикех, стага кхаъ эцарна дуьхьало х1унда ян еза бохучух.

Дагахь а доцуш, оцу къамело боккха айъам г1аттийра берашна юкъахь. Шайн дай-наноша, гергарчара кхаьънаш даларх лаьцна дуьйцуш шайна хезнарг карладохура цара, гойтура оцу хьолана шаьш реза цахилар, ишттачу г1уллакхаша стеган сий-ларам лахбеш хилар. Коррупци санна болчу сакхтечу хиламна уьш реза цахиларна тоьшалла дара школехь д1аяьхьначу конкурсехь цара жигара дакъалацар а, бераша дехкина суьрташ а, язйина сочиненеш а.

Дахарехь шайна оьшу долу дуккха а пайдехьниг девзира берашна оцу цхьаьнакхетарехь. Х1етте а цкъачунна шайн дуккха а хаттаршна жоьпаш ца хезира царна оцу дийнахь, уьш кестта хезарг хиларх тешна а дара уьш. Х1унда аьлча, хьуьнхошний, царний юккъехь тасаделла гергарло т1ейог1учу хенахь а д1акхехьа шаьш кийча хиларна. Иза кхин цкъа а ч1аг1дира хьешаша х1ара бутт чекхбалале оццу гимназехь «Х1ун ду коррупци бохург? Иза кхоллаяларан бахьанаш» аьлла берашца «горга стол» д1аяхьа лаам хилар гайтарца.

Дийнна схьаэцча хьуьнхоша районан дешаран учрежденешкахь оцу декъехь кхетаман болх д1ахьо дешархойн хенан къастамалла хьесапе оьцуш, конкурсаш, классийн сахьташ, схьайиллина урокаш д1аяхьаран, анкеташ х1итторан, билггалчу г1уллакхах лаьцна къамел даран кепехь. Догг1учуьра аьлча, школашкахь д1адаьхьна 5 классан сахьт, 3 схьайиллина урок, суьртийн а, сочиненийн а 4 конкурс.

Иштта мехала лара дог1у х1ора цхьаьнакхетар чекх моссазза дели хьуьнхоша «йовхачу линин» телефонан номер т1ехь а йолуш, берашна юкъахь визиткаш д1асайоькъуш хилар. Коррупцих хьакхалуш шайна нийса дац аьлла хетарг оцу телефонехула д1аала йиш хир ю церан.

Л.АБУБАКАРОВ

(Пайдаэцна 1аламан таронийн,

гуонахара хьал лардаран министерствон

пресс-службин хаамех)

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: