ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира 2002–2004-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски охьатохархлатарехь хьалхеяккхаран турнир.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикин гIаланашкара, кIошташкара къона спортсменаш. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь.
Хьалхара меттигаш ехира: Закриев Аьрзус (32 кг.) – ДЮСШ №7, Хакуев ИбрахIима (35 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Гигиев Малика (38 кг.) – РДЮСШ, Хаджиев (57 кг.) – ДЮСШ №3, Исаков Асламбека (41 кг.) – ДЮСШ №7, Лорсанакаев Iабдула (44 кг.) – ДЮСШ №3, Ирисханов Ислама (48 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Иблаев Илеса (52 кг.) – ДЮСШ №3, Ковраев Малика (62 кг.) – Соьлжан кIоштан ДЮСШ, Дугучиев Хьасана (68 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Мальцагов Мяхьдис (75 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ, Асиев Юсупа (85 кг.) – ДЮСШ №7, Пакчиев Iадлана (92 кг.) – РДЮСШ, Ибрагимов Мохьмада (I00 кг.) – РДЮСШ.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо