Къахьега а, сакъера а говза…

Къинхьегаман стаг даима а ларам болуш хилар кхин цкъа а гайтира Итон-Кхаьллан Культурин цIийнехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаро.

Схьахетарехь, хIара кIошт кхоллаелчахьана а, республикехь а, цул арахьа а бевзаш болу культурин иштта дукха векалш-иллиалархой ца гулбеллера лаьмнийн Итон-Кхаьллахь, цу дийнахь санна.

Меттигерчу бахархойх а, кегийрхойх а, дешархойх а юьзнера Культурин цIийнан зал. Концерташ кIезиг ца гинехь а, хIокху гIуллакхан Iалашо йовза лаьара массарна а. Иза йовзийтира суьйре дIахьош волчу Чапаев Булата.

– Лараме хьеший, бахархой, хIокху башхачу цхьаьнакхетаре вай гулделла вайн махкахь ерриге а заманан курорт схьаелларан декъан белхешкахь дакъалаьцначу бахархойн сийнна.

Цо сцени тIе кхайкхира кIоштан администрацин куьйгалхо Алхастов Мовсар. Гулбеллачаьрга вист а хуьлуш, цо билгалдаьккхира:

– Вайн къоман хаза гIиллакх хилла, цхьа гIуллакх деш волчу лулахочунна, юьртахочунна гIо-накъосталла дар. И гIиллакх ширделла цахилар а, и санна кхидолу а вайн къоман оьзда гIиллакхаш девзаш, лелош вай хилар а карладаьккхира вай вайн лаьмнашкара курорт схьайоьллучу деношкахь.

КIоштан учрежденийн, организацийн белхахоша а, иштта ярташкарчу бахархоша а жигара дакъалецира и бахьана долуш дIабаьхьначу белхешкахь. Шуна массарна а Дела реза хуьлда а олуш, оцу деношкахь аш къахьегар ца дайнийла а хоуьйтуш, вайн Культурин урхаллин куьйгалхочуьнца Исмаилов Шарпуддица дагадевлла, иштта, шуьга болчу ларамна дина дезде ду хIара.

Цхьа а ледара вара ала ца лаьа суна,
хIорамма а шен хьуьнаре хьаьжжина къахьийгира. Амма массарел а жигара хилларш а бара, уьш билгалбаха луур дара суна.

КIоштан администрацин куьйгаллера Баркаллин кехаташ а, совгIаташ делира а администрацин куьйгалхочун заместительна Саидов Русланна, Итон-Кхаьллан юкъарадешаран школин директорна Рабуев Альбертана, ЧIиннаха юьртан администрацин куьйгалхочунна Дацаев Шарпуддина, кIоштан Культурин цIийнан директорна Исмаилова Залинина.

Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин халкъан артиста, Кадыровн орденлелорхочо Исмаилов Шарпуддис элира:

– Тахана вай цхьа хаза цхьаьнакхетта. Дала иштта дикачу гIуллакхна цхьаьнакхетарш ма эшадойла вайна. Дала ирс-аьтто болуш, дикачунна тIекхиош, вочух тIехдохуш дахар лойла вайна. Дала тIаьхье беркате йойла. «Итон-Кхаьлла, сан дозалла, сан ламанан Нохчийчоь,….» хIораннан а дагах чекхдолуш дийкира артистан иллин дешнаш.

Даггара тIараш деттарца тIеийцира къоначу хелхарчийн «Итон» тоба а.

Цул тIаьхьа кIоштан Культурин цIийнан сцена Нохчийн Филармонин артисташна йисира. Церан цIарах йистхиллачу Саламова Лианас билгалдаьккхира:

– Хьоме доттагIий, суна а, сан белхан накъосташна а, тхаьш Итон-Кхаьлла хьошалгIа кхайкхарх доккха хазахетар хилла. Вайна массарна а ма-хаъара, Итон-Кхаьллан кIошта керла къона куьйгалхо веана. Иза Алхастов Мовсар ву. Цхьа а шеко яц, шена тIедиллина деза дукъ дIакхехьа цуьнан доьналла, хьуьнар, могашалла, хьекъал тоьург хиларх. Дала аьтто бойла цуьнан, Дала барт цхьаъ бойла вайн массеран а!

Иштта, кIоштан Культурин урхаллин куьйгалхо вайн махкахь дика вевзаш, везаш волу Исмаилов Шарпудди хIоттор а шун боккха аьтто хилар ду. Дала аьтто бойла цуьнан а, вайн массеран а! Филармонин артисташ шун самукъадаккха лаьмнашка хьалабаьхкина.

Ца хедаш деттачу тIарашца, сцени тIе кхайкхира Нохчийн Республикин хьакъволу артист Хайдаров Майрбек.

Цул тIаьхьа цхьаъ вукхуьнца хийцалуш, шайн иллеш, эшарш хазийтира республикин халкъан а, хьакъболчу а артисташа Газиева Хедас, Бетельгириев Iабдурахьмана, Эдильсултанова Миланас, Ибрагимов Руслана, Садулаева Ларисас, Исмаилов Ризавдис, Биналиев Руслана, Кавраева Маликас, Байкаев Мурада.

Адамийн беламечу амалех лерина дуьйцуш инсценировка гайтира Джабраилов Асхьаба, Мешаев Рудольфа, Исмаилов ВахIида.

Концерт ерзош, шаьш иштта хаза тIеэцарна баркалла элира Л.Саламовас.

Хьеший баркаллица новкъабохуш дийкира Гимаева Маликин дешнаш а:

– Хьовзаехьа хелхаран йиш, пондарча, ахь сихонца. Екаехьа чехка вота, лараме вотанча. ХIоттабайша хелхаран хIоз, баккхийнаш а, кегийрхой а. Хелхаран кIеж йолаяйша, Итон-Кхаьллан сий айдеш.

Тхуна тIедахка шу а, шу тIеэца тхо а ма эшадойла.

Р.РИЗВАНОВ

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: