Студенташна – наркоманин хьокъехь

ХIокху деношкахь наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьаран дерригдуьненан денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу гуманитарни техникумехь. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин пресс-службо.

Цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Юкъараллин палато корта бахош йолчу хIуманашна профилактика яран мероприятеш дIаяхьаран гурашкахь.

Цигахь дакъалецира «Медицинин профилатика яран республикин туш», «Республикин наркологин диспансер», «Берийн а, кегийрхойн а кхолларалла кхиоран республикин туш» организацийн векалша.

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг вара Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин векал Гайраханов Мовла.

Цигахь говзанчаша дийцира наркотикаш могашаллина зене хиларх а, цуьнан чолхечу тIаьхьалонех а лаьцна. Иштта, дийцира оцу зуламах законца жоп дала дезаш хиларх а.

– Тайп-тайпана наркотикаш йовзийтина ца Iаш, уьш кегийрхошка дIакхачоран некъаш а довзуьйту интернето. Цундела кегийрхошна юкъахь наркотикашна дуьхьал къийсам латторан ойла кхио еза, – дийцира Гайраханов Мовлас.

Гулбеллачарна наркотикех долучу зуламех лаьцна йолу буклеташ дIасаекъарца дIадирзира цхьаьнакхетар.

А.АЛИЕВ

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: