Соьлжа-ГIалахь Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина республикин «Ши седа» конкурс хилира.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшаца цхьаьна.
Эстрадин а, фольклоран а жанрашкахь эшарш, иллеш дIаалар карладаккхаран а, къоначу иллиалархойн а, ладогIархойн а музыке болу исбаьхьаллин хьежам кхиор а яра конкурс дIаяхьаран Iалашо. Иштта шимма цхьаьна илли алар а дара тидаме эцна.
Нохчийн Республикин кхитIедолчу дешаран 14 учрежденерчу векалша дакъалецира конкурсехь.
Халкъан йиш а, эстрадин йиш а – ши номинаци яра конкурсан.
Жюрин сацамца «Эстрадин тоьлла йиш» номинацин толамхо Ленински кIоштан берийн а, кхиазхойн а кхоллараллин цIийнан тоба хилира.
Оццу номинацехь совгIатан меттигаш ехира Хьалха-Мартан кIоштан берийн а, кхиазхойн а цIийнан а, ТIехьа-Мартан кIоштан кхитIе а долчу дешаран учрежденийн а тобанаша.
«Фольклоран тоьлла илли» номинацин толамхой хилира Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан кхитIе а долчу дешаран учрежденин а, Устрада-ГIалин кхитIе а долчу дешаран «Устрада-ГIалин берийн кхоллараллин туш» а, «Нажи-Юьртан берийн кхоллараллин туш» а учрежденийн тобанаш.
Толамхошна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а дипломаш а, кубкаш а елира.
З.ХИЗИРОВА
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо