Бекарг беттан 11-гIа де, 1975-гIа шо. Дагестан Республикин Хасавюьртахь вина Сайтиев Бувайсар, Россин спортан хьакъволу мастер, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кхузза Олимпийски чемпион.
Шен исс шо кхаьччахьана паргIатчу кепара охьатохархлатаран секце лела кIант, цуьнан дуьххьарлера тренерш бара вежарий Исхьакъ, Мурад ИрбайхановгIар. ТIаьхьо шуьйра евзаш йолчу охьатохархлатаран Красноярскерчу школе, Д.Миндиашвили волчу дехьа волу иза.
Спортехь баьхначу баккхийчу кхиамийн юьхь йолаелира 1995-чу шарахь. Оцу шарахь цкъа хьалха кегийрхошна юкъахь хиллачу дуьненан чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху Бувайсара, цул тIаьхьа дукха хан ялале баккхийчарна юкъахь дуьненан чемпион а хуьлу.
Шен ирсе нисделлачу спортан дахарехь 6-зза Европин чемпион, 6-зза дуьненан чемпион, 3-зза – 1996-чу шарахь Атлантехь, 2004-чу шарахь Афинехь, 2008-чу шарахь Пекинехь – Олимпийски ловзарийн чемпион хуьлу Б.Сайтиевх.
Нохчашлахь дуьххьара Олимпийски ловзарийн деши даьккхинарг ву Сайтиев Бувайсар.
Бекарг беттан 11-гIа де, 1942-гIа шо. Жимачу АтагIахь вина Аслаханов Асламбек, политикин, юкъараллин деятель, милицин инарла-майор, юридически Iилманийн доктор.
Дешна Харьковерчу пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
1967–1990-чуй шерашкахь Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон органашкахь болх бо.
1990-чу шарахь Россин Федерацин Лакхарчу Советан депутат хоржу.
2000–2003-чуй шерашкахь Нохчийчоьнна тIера Россин Пачхьалкхан Думин депутат лаьтта, 2003-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Президентан хьехамча волуш къахьоьгу, 2008-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Федеральни Собранин Федерацин Кхеташонан декъашхо лаьттина.
Юридически Iилманийн доктор, профессор А.Аслаханов бIе сов Iилманан белхан автор ву.
МВД-н органашкахь, пачхьалкхан балхахь хьуьнаре къахьегарна цунна совгIат дина ЦIечу Седанан, ДоттагIаллин, «Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна» орденшца, ялхийтта мидалца.
Iер-вахар, болх бар республикал арахь нисделлехь а, Нохчийчоьнан юкъараллин, политикин дахарна цкъа а юьстах ца лаьттина Аслаханов Асламбек.
Бекарг беттан 12-гIа де, 1936-гIа шо. Хьалха-МартантIехь вина Магомаев Салавди, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, цул тIаьхьа Лаккхарчу партийни школин журналистикин факультетехь.
Журналистикехь хьалхара гIулчаш яха волавелира 1955-чу шарахь, хIетта Алма-Атахь нохчийн маттахь арадала доладеллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь.
1957-чу шарахь Даймахка цIавирзичхьана, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь къахьоьгу (литсотрудник, гочдархо, корреспондент, коьртачу редакторан заместитель волуш).
1990-чу шерашкахь «Грозненски рабочий» издательствон директоран заместитель а, зорбанан, хаамийн министран заместитель а волуш белхаш бо.
2004-чу шарахь дуьйна 2017-гIа шо кхаччалц «Даймохк» газетан жоьпаллин секретарь лаьттира.
Журналистикин хьаьрмахь цо бинчу белхан лаккхара мах хадош, С.Магомаевна совгIаташ дина «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлаллин цIерш яларца а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а.
«ХIетахь догIанаш мела хуьлура» книгин автор волу Магомаев Салавди Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо ву.
Бекарг беттан 14-гIа де, 1939-гIа шо. Грозненски кIоштан БердакIел юьртахь вина Махмаев Жамалди, берийн яздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо.
1944-чу шарахь нохчийн къам махках доккхуш, 5 шо а кхачаза ву иза. Бераллин а, кхиаран а шераш Казахстанехь чекхдевлира.
Литературе болу безам школехь доьшуш волуш дуьйна гучубелира кIантехь.
Цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбатуьйхира «Казахстанан пионер» газета тIехь иза 6-чу классехь доьшуш волуш. Вайн къам шен махка цIадирзича нохчийн литература а, мотт а кIорггера Iамо волавелира иза.
Цо чекхъяьккхира хьехархойн училище а, хьехархойн институт а.
Белхаш бина Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» а, цул тIаьхьа «Ленинан некъ» а газеташкахь.
1970-чу шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц ша винчу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш къахьийгира. «Маликат», «Маликат школехь», «Со – Соскин Солса ву», «Мамин сурт», «Самукъане абат», «Сан кегий доттагIий», «Некъан абат», «Аьттан бер», берашна леринчу кхечу а книгийн автор.
Хьехархочун, поэтан Махмаев Жамалдин хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, цунна совгIаташ дина «Знак почета», А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденшца.
Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.
№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо