Даймехкан илланча

(НГIАССР-н халкъан артист Усманов Iимран вина 65 шо кхачарна лерина)

Цхьа шатайпанчу башхаллица къаьсташ дара цуьнан вайнехан эстрадехь гучувалар. Нохчийн иллин хазалла гойтуш, цунах дозалла дойтуш яра Усманов Iимранан сцени тIера дуьххьарлера гIулчаш. Къоман музыкальни культуре керла хIо деара похIмечу иллиалархочо. Цуьнан озо ладогIархойн самукъадоккхура, ойла тIома йоккхура. Цул сов, юьхьанца дуьйна маьIне дара Усманов Iимрана дIаолу иллеш. Йоккхачу репертуарехь цкъа а нохчийн къонахчуьнгахь товш доцу илли ца хилла цуьнан. Бакъволчу нохчичун яхь йолу дог дара цуьнан кийрахь детталуш. Иза Нохчийчоьнан воI а, цуьнан илланча а вара. Цундела къаьсттина дукхавезара иза халкъана. Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист, Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу гIуллакххо хилла Iаш вацара иза. Уггаре а хьалха иза нохчаллех къилба дина вехаш къонах вара. ТIаккха поэт а, дай баьхначу лаьттан илланча а вара. Цул сов, воккха забарча а вара.

Бералла

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, вайнах Сталинан хьадалчаша махках баьхначу муьрехь, дуьнен чу ваьлла Усманов Iимран, ГIиргIизойн махкарчу Ошски областан Узень гIалахь 1953-чу шеран бекарг (март) беттан 2-чу дийнахь, схьавалар Нажи-Юьртара долчу Усманов Германан доьзалехь. Когавахар а, мотт Iамар а ГIиргIизойн махкахь хилла цуьнан. Германан доьзалехь бархI бер хилла: кхо кIант а, пхи йоI а, берех воккхах верг Iимран а волуш. Вайнехан гIиллакх-оьздангаллехь кхиочу доьзалехь уггаре а коьртаниг – барт хилла. Вовшашка болу ларам а хилла. Дерриге а дахарехула чекхбоккхур бу УсмановгIара вовшашка болу ларам а, безам а. Цуьнца цхьаьна массо а адаме, къаьсттина нохчийн халкъе, махке болу безам бу УсмановгIаьргахь. Доьзалан да Герман Нажи-Юьртан кIоштахь а цIе йоккхуш воккха забарча хилла. Цуьнгара кIенташка кхаьчна оьздачу амалх хьерча и самукъане хьаса. Нохчийчохь наггахь а стаг хир вац Усманов Iимранан а, цуьнан вешин Iилманан а самукъане забарш ца евзаш.

Iимран-м бераллехь дуьйна хилла забарна тIера. КIант ведда-хьаьдда лелачу муьрехь нанас тIе бедарш юьйхина махе-малхе аравалийтина хилла. Ловзуш лелачу Iимранан когара цхьа мача яйна. КIант чувирзича, нанна гучудаьлла кхуьнан когахь цхьаъ бен мача цахилар. Дов ден кеп хIоттош, нанас динчу хаттарна мотт Iемина вогIучу Iимрана, шек воцуш жоп делла, ши куьг ластош: «Дац»!.. ТIаьхьо лийчош, кIентан юьхьтIерачу модашна реза йоцчу нанас хаьттина: «ХIара мара туьйдина хьан лелийна хьан?» Шега хоьттучух ца кхеташ, амма бехке цхьаъ хила везачух дика кхеташ волчу Iимрана жоп делла: «Iилмана лелийна-кх»! Доцца аьлча, бераллехь дуьйна самукъане стаг хилла-кх вайн илланча.

1957-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дара 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, гIийла мур боккхуш болчу вайнахе мерза кхаъ кхаьчча. ЦIаберза некъ маьрша баьллера царна. Даймахка цIабирзинчийн хьалхарчу могIаршкахь бара УсмановгIар а. Шен боккха доьзал балош, ворхIе да ваьхначу Нажи-Юьрта цIавирзира Усманов Герман а. Нажи-Юьртахь вахара Iимран школе деша а. Бераллехь дуьйна ира хьекъал, само, доттагIаллин уьйраш лело хууш вара кIант. Дика дешарал сов, книгаш ешар марзделла вара иза. ХIинца санна бегIийлаш яцара нохчийн доьзалшкахь Iимран кхиъна вогIучу муьрехь.

Телефонаш-м хьехайойла дацара. Ур-атталла телевизорш а наггахь хIусамехь яцара. Электросерло йоцуш меттигаш дукха яра. Иштта яьхкина Iаьнан еха суьйренаш, лула-кулахь цхьана хIусамехь гуллой йохура ламанхоша. КIеззиг ца хилла и тайпа суьйренаш кхиъна вогIучу Iимранан дахарехь а. Цунна чIогIа хазахетара баккхийчара вовшашца йохье буьйлуш нохчийн халкъан турпалаллин тайп-тайпана иллеш олуш.

Цара довзийтира кIантана нохчийн къоман доьналлех, оьздангаллех, къонахийн нуьцкъалчу амалх дерг. Халкъан иллешка ладоьгIуш кIентан даг чу куралла юссура, цо дозалла дора ша схьаваьллачу нохчийн халкъах, цхьа мисхал хилла а, Iимранна чIогIа лаьара халкъан турпалхойх тера хила.

Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна зевне аз долу Усманов Iимран исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалоцуш вара. Цо цхьабосса дика олура иллеш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Къаьсттина хазахетара кIантана Даймахках, доьналлех, майраллех долу турпалаллин иллеш. 1970-чу шарахь, кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIала охьавеара I.Усманов.

Цуьнан лаам, коьрта Iалашо яра Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша ваха. Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ яра оцу хенахь и музыкальни училище. Дуьйцуш санна, атта дацара цига деша ваха. Амма Усманов Iимранан башха аз дIахезначу училищен хьехархоша, тIеэцаран зераш чолхе ца дохуш, мелла а аьтто бира жимачу стеган. Училищен студент хилира Iимранах 1970-чу шарахь. Амма шена хетачу агIор дешар чекхдаккхар-м ца хилира цуьнан. Цхьацца сингаттамаша дешарна юкъараваккхар бахьанехь, эскарехь гIуллакхдан вахар а тIедуьйжира. Iимранан амалехь дацара дан дезачу гIуллакхашна пебеттар.

1972-чу шарахь эскарехь гIуллакх дан вахара иза. Казахстанерчу Балхашан йистошца Iуьллучу Приозерск гIалахь, Даймахкана декхар дIалуш, ши шо даьккхира вайн махкахочо. Эскарехь гIуллакхдеш хан музыкальни искусствона хийра ваьлла ца яьккхира цо. Эскаре вахале Усманов илли олуш хиллехь а, эскарехь гIуллакхдеш гучуделира илли дIааьлла ца Iаш, иллина дешнаш яздан а, цунна мукъам баккха а иза хьуьнар долуш хилар. Эскарехь волуш даьккхина ду Усманов Iимранан «Малика» цIе йолу илли.

Ца вуьтуш со безамо,
Хьийзаво со даима.
Лаьар-кха хьо йолчу кхача,
Хьоьца ирсе вехийла.
Малика, хазахийти бIаьргашна,
Дукхайийзи хьо дагна,
Йолахь соьга, Малика…

Усманов Iимранал хьалха Нохчийчу схьакхечира илли. Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Эльмурзаев Бека вара и илли дуьххьара дIааьлларг. Вайн махкахоша хазахетарца тIеийцира илли. Иштта, беркатечу гIулчашца ладогIархойн дегнашка некъ бан дIайолаелира вайн турпалхочун беркате, маьIне, синхьааме кхолларалла. Эскарехь гIуллакх дина цIавирзича Соьлжа-ГIалара музыкальни училище кхиамца чекхъяьккхира Усмановс. Иза чекхъяьккхина валале вайн махкахь вевзаш иллиалархо вара Iимран.

Мукъамийн хьаьрмахь

Музыкальни училище чекхъяккхарх тоам ца бира хаарийн лакхенашка кхийдаш волчу Усманов Iимрана. Ростов гIаларчу музыкальни институтан «сольное пение» факультете деша вахара. Иза сутараллица кхийдара мукъамийн исбаьхьачу хьаьрман къайленашка. Цунна довза лаьара и башха дуьне. Нохчийн лаьмнашкарчу кIантана дахаран маьIна хилла дIахIоьттира музыка.

Цунна кхачаме ца хетара иллиалархочун говзалла караерзор. Ша яздина дешнаш а, царна тIехь даьхна иллеш а долчу жимачу стагана шен таронаш кхин а шуьйра хетара. Цундела мукъамийн композицин къайленаш йовза, караерзо сатесна вара иза. Замано гойтур ду композиторан говзалла цо кхоччуш караерзийна хилар. Вайн республикехь Усмановн цIе йовзийтинарг «Дагмара» цIе йолу илли ду.

Илли сирлачу, цIеначу безамах дара. Иллина мукъам баьккхинарг а Iимран вара. Вевзачу нохчийн композитора Димаев Iелас тIаьхьо билгалдоккхур ду «Дагмара» говзарца къоман иллина эстраде гечо даьккхинарг I.Усманов хилар. Иллин мукъам кхаа декъах лаьтташ бу. И тайпа кеп дуьххьара юкъаялийна яра къоман музыкальни культурехь.

Хьо лепа, маьлхан зIаьнарш санна,
Хьо мел ю малх эшац дуьненна;
Ца еза бахьна дац хьо дагна,
Хьо суна ца йоьгIнехь, сан ирс дайна.
ДогIа догIу,
Ша дог тедо моьттуш,
Амма дац догIа
Соьга хьо хоьттуш, Дагмара,
Хьо цхьаъ ю ойланца хьерчаш, Дагмара,
Ялац хьо дагчуьра цкъа!

«Дагмара» илли вайн ладогIархоша дезаш тIеийцира алар кIезиг ду. Цунах мерза кхаъ хиллера къоман музыкальни культура езачарна. Иза декара массо а маьIIехь. Цул сов, оцу муьрехь дуьнен чу девллачу дукхах долчу зудаберашна Дагмара цIе тиллар ламасте дирзира. Иштта, ладогIархошна тайначарех дара Усманов Iимрана дешнаш, мукъам баьккхина Нажи-Юьртах долу илли а. Ховхачу безамца ялхайо къоначу поэта дай баьхначу лаьттах йолу шен сирла ойланаш. Нажиюьртахойн гимн хилла даха дисина и илли.

Нажи-Юрт – дай баьхна юрт,
Лаьтта тIехь бIаьстенан сурт,
Хьо сан дагна ду даима.
Хилийта сайн дахар ирсе,
Декийта сайн илли зевне,
Хьо сайн дагчохь ас латтайо…

Нохчийн мехкан уггаре а хазачарех цхьа маьIиг ю Нажи-Юьртан кIошт. Iаламан аьхналло йийсаре лоцу кхузахь, бIаьрса хьоьстуш. Лекха лаьмнаш, юькъа хьаннаш, шийла шовданаш, массо а тайпана стоьмийн бошмаш… Ткъа Нажи-Юьртан уггаре а коьрта бахам – адамийн комаьрша дегнаш.

Церан догцIеналло къоьжачу лаьмнийн шагатIулг хилла лаьтта баххьаш дашор дара. БIешерийн кIоргенера, хIайкал санна лардеш, вайн дайша таханене схьадеана гIиллакхаш доггах леладо Нажи-Юьртахь, хьаша-да тIеэцар чIогIа ду. Цундела тамашийна ца хета Iимрана шен дай баьхна юрт хестор.

Бакъду, илланча цхьана Нажи-Юьртан кIоштан кIант хилла Iаш вацара. Иза ерриге а Нохчийчоьнан а сийлахь кIант вара. Шен сица, цIийца бакъволу поэт волу Усманов Iимран дика кхетара цунах. Дерриге а дуьне маракъовллал комаьрша дог-ойла йолуш вара иза. Махке, халкъе болу безам а бара иштта бух боцу хIорд санна. Мукъамашка дирзина илланчин могIанаш теш хIуьтту оцу ховхачу безамна. Цара бовзуьйту вайна илланчин Нана-Нохчийчоьне болу боккха безам.

Малхана уллохь ю, стигланах ийна,
Седано хьоьстуш ю, буьйсанна тийна,
Туьйранаш кхуллуш ю шен хазчу Iаламах,
Шен лаьттахь кхиош ю комаьрша, оьзда нах.
Шен карахь хьоьсту цо аганан иллица,
Къаьстича, йоьлху и догIанашца.
Шен дагца лелош ю генара хьоьгучо.
Нана, кIант вайша ду, сан Нохчийчоь.

Лерса хьоьсту иллеш хилла юьсуш яцара Усманов Iимранан музыкальни говзарш. Уьш поэтан халкъаца, махкаца дагардийцар дара, муьлхха а ладогIархо ойлане ваккха ницкъ кхочуш.

Оцу дагардийцаро Iамавора, уггаре а хьалха, Даймохк беза, ненан сий дан, дега ларам хила. Амма и дерриге а тIечехар, кулане доьрзу хьехарш дар доцуш, цхьа эсала, тайна, мерзачу Iаьнарца дора Iимранан говзарша.

Цара ойъура, мел таьIна елахь а, дог-ойла, тешавора сирлачу кханенах, дозалла дойтура Хастам хиларо, АллахI-Дала, нохчи кхолларх. I.Усманов санна оьзда, иллешкахь безам балхош, таханлерчу къоначу артисташна юкъахь наггахь а хуьлуш вац. Цунна къеггина тоьшалла ду Усманов Iимрана дешнаш яздина, мукъам баьккхина дIаолуш хилла хIара илли:

Хьо тхо долчу ма ца йогIу
Тхо ма хьалхе дицди ахьа.
Хьо кхин суна гур яц боху.
Бакъ дуй-те и дуьйцург наха?

Цхьана кепара шеко йоцуш, къеггина похIма долуш стаг вара Iимран. Цо даьккхина хIора илли а вайца даха дисина. Нохчийн къоман культурехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина илланчин башха кхолларалла. Иза данне а дац цо ша даьхна иллеш бен ца олура бохург.

Нохчийн поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла вайна йовзийтинарг а иза ву. Поэтан дешнаш тIехь мукъам баьккхина шолгIа дахар делира цо «Дарта», «ЦIен берд», «Даймахке сатийсар» цIе йолчу Гадаев Мохьмад-Салахьан байташна.

Хазахетарца дIаолуш дара Iимрана Дикаев Мохьмадан, Сулаев Мохьмадан, Хатуев Iабдул-Хьамидан, иштта дуккха а кхиболчу гIарабевллачу нохчийн поэтийн байташ тIехь даьхна иллеш.

Оьрсийн, гуьржийн, жIайхойн поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш дара цуьнан йоккхачу репертуарехь, нохчийн матте даьхна дIаолуш. Цкъа а, цхьаннах а тарвала лууш ца олура Iимрана иллеш. Цунна даима шен харш, шен хатI карадора муьлхха а илли дIаолуш. Цунна къеггина тоьшалла ду Гамзатов Расулан дешнаш тIехь,Ю Френкель Яна мукъам баьккхина «ГIаргIулеш» илли а, Харитонов Владимиран дешнаш тIехь Тухманов Давида мукъам баьккхина «Толаман де» илли а.

Ишта-м цуьнан репертуарехь дара нохчийн матте даьккхина дIаолуш Кикабидзе Вахтанган репертуарера Рождественский Робертан дешнаш тIехь Мовсесян Георгийс мукъам баьккхина «Сан шераш – сан бахам» илли а, Магомаев Муслима мацах цкъа дIаолуш хилла Гамзатов Расулан дешнаш тIехь Фельцман Оскара мукъам баьккхина «Разве тот мужчина» илли а. Шен сица литтина, цIийца лезнарг дара илланчас мукъаме дерзийна сцени тIера даггара дIакхайкхош дерг.

Лакхахь хьахийна иллеш Усманов Iимрана ша нохчийн матте даьхна дара. Авторша иллешна юкъадиллина маьIна лардеш, рифма, ритмика ца йохош уьш гочдан а, ладогIархошна товчу агIор дIаала аьтто баьллера цуьнан. Цо нохчийн матте даьхначу иллеша тоьшалла дора гочдархочун хьуьнар а цуьнгахь хилла хиларна.

Цкъа мацах цхьана хьекъалчас ма аллара, похIме стаг массо а агIор похIме хуьлу-кх. Ишттачу похIмечу адамех цхьаъ вара Iимран а. Цо дIаолуш хилла хIора илли моноспектакле доьрзура, ладогIархойн синкIоргене кхочура, церан ойланаш дикане, адамалле, къинхетаме, комаьршалле кхойкхуш. Цара йоккха лар юьтура ладогIархойн дегнашкахь. Иза воккхачунна, жимачунна, зударшна, божаршна цхьабосса дукхавезара. Цуьнан говзарш дош-дезар хетара.

Юьхьанца цо дIаолуш хилла иллеш безамах хиллехь а, заманан йохалла мелла а чулацам хийцабелла, хьекъалечу могIанашкахь философин хьаса тосалуш хуьлура. Амма ладогIархойн цаьрга болу безам, цаьрга йолу шовкъ хийца ца лора. Замано дуьнене хьежар шордеш, поэтан ойланаш кIаргъеш хиларна тоьшалла дара иза. ХIора иллин шен зама, хан хиларна тоьшалла дара. Халкъо иштта дезаш тIеэцначарех дара цо даьккхина «Ма кIеззиг деха вай» цIе йолу илли а.

Ма сиха къанло вай,
Ма кIеззиг деха
Я чомахь ца йоккху и йоца хан.
Цамгарша гуо буьллий, чехаво къиза.
Iожалло катухий, тосуьйту чан…

Кхийолу корматаллаш

ХХ-чу бIешеран 90-гIий шераш дуьйлалуш Усманов Iимран Къилбаседа Кавказехь а вевзаш иллиалархо вара.

Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артистан сийлахь цIе дозаллица лелош а вара. Башхачу кхоллараллин стаг велахь а, пачхьалкхан болх дIатесна, иллеш дохуш вацара иза. Эскарехь гIуллакх дина цIавирзича, божарийн «Илли» вокальни тобанна куьйгаллехь болх бира цо. ТIаккха Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телевиденехь музыкальни куьйгалхочун даржехь болх бира.

Цул тIаьхьа цхьайолчу кIоштийн культурин кхерчашкахь къахьегар нисделира. Делахь а, цуьнан дахаран коьрта маьIна иллеш дахар дара. Оцу беркатечу некъа тIехь илланчас баккхий кхиамаш баьхна. Кхин цхьа башха амал яра цуьнан. Муьлхха Iедал хилча а шен забарш, бегаш битина Iалуш вацара иза.

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь олаллехь хиллачу Iедалан векалша оьгIазаллица цкъа-шозза цхьацца дIахьедарш динера цуьнга. Амма Iимран цхьаннах оза ца лора, къарвелла юха ца волура. Цуьнан амало, эххар а, шийла ша биллира шена а, керлачу Iедална а юккъе. Иза ларамаза дацара.

1967-чу шарахь дуьйна советийн экранашкахь боккхачу кхиамца дIайоьдуш яра режиссера Тутышкин Андрейс яьккхина «Свадьба в малиновке» цIе йолу музыкальни комеди. Советийн Iедал тIедогIучу муьрехь, Украинин цхьана юьртахь хилларг дара забарехьа даьккхина комедехь дуьйцург.

Ткъа I.Усмановс комедехь дуьйцург вайн махкахь хиллачу хиламашна герга озийнера. Комедин турпалхойн цIерш хийцинера. Хуьнжарбек, Iонжи, иштта кхин а. Нохчийн Республикерчу бахархойн чIогIа самукъадаьллера цунах. Комедин турпалхойн амалш чIогIа тера яра Нохчийчохь дIахIоьттинчу керлачу Iедалан векалийн амалех. Iедалан векалшка ла ца делира «Свадьба в малиновке» нохчийн матте яккхар. Усманов Iимран, дIавигна, чувоьллира.

Цуьнга набахтехь ши кIира гергга хан яккхийтира. Амма илланчин амал кагъян ницкъ ца кхечира. Iимран дукхавезаш долу миска адам карзахдаларна кхерам совбаьлча, дIахийцира иза. Ткъа Iимрана цул тIаьхьа Гайдай Леонидан «Кавказская пленница», «Иван Васильевич меняет профессию» цIерш йолу фильмаш яьхна нохчийн матте, хьовсархоша хазахетарца тIелаьцна уьш. Доцца аьлча халкъана, махкана Усманов Iимрана дина диканаш, дийцина ца валлал, дукха ду. Цо цкъа а ца кхоийна ша. Вайн дуьхьа ваьцна иза де-буьйса ца лоьруш. Делахь а цунах долу къамел дуьззина хир дацара Усманов Iимранан поэзи, зорбане евлла гуларш ца хьахийча.

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь зорбане яккха кечйина яра цуьнан байтийн дуьххьарлера гулар. Вайн Яздархойн союзо зорбане яккхар къобалдина, типографи дIаелла яра иза, шен рогIе хьоьжуш.

Амма 1994-чу шеран гурахь дIаболабеллачу тIамо новкъарло йира илланчин гулар зорбане яккха. Авиатохаро лаьттаца дIашарйира типографин гIишло. ХIаллакьхилира дуккхахболчу нохчийн яздархойн йозанаш. Царна юкъахь дара Усманов Iимранан йозанаш. Цундела тIаьхьо зорбане ялар хилира 2003-чу шарахь дуьйна Россин Яздархойн союзан декъашхо волчу I.Усмановн дуьххьарлера гулар. Цуьнан цIе ю «Геналло хьегийна».

2008-чу шарахь зорбане йолу Усманов Iимранан шолгIа гулар. Цуьнан цIе ю «КIайн дуьне». 2014-чу шарахь зорбане елира Усманов Iимранан кхоалгIа, мел халахеташ делахь а, тIаьххьара гулар. Цуьнан цIе ю «Едда йоьду зама».

ТIаьхьарчу хенахь цо дукха дуьйцура едда йоьдучу заманах. Шена цхьанна бен ца хуу цхьа къайле евзаш санна, хаддаза диканаш дан хьаьгна вара иза. Чолхечу замано а, вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемаша а, мелла а дог-ойла гIелйинера цуьнан, могашалла галъяьккхинера. Делахь а, цкъа а къахьоьгучуьра соцуш вацара иза. Радио а, телевидене а, кхайкхинче дIавоьдура, къамелашкахь дакъалоцура, керла иллеш дохура, уьш дIаолура, ваа санна чувогIург, тIевогIург везара. Цхьа тамашийна беркате серло яра цуьнца. Мел дог доьхна веанчунна а самалхадолура Iимранца къамеле ваьлча.

Хьеннан а догъэца, сатедан хаьара цунна. Муьлххачу хенахь а, гIо-накъосталла оьшуш, шен неIаре хIоьттинчунна орцанца гIатта кийча вара. Цо деш дерг, лелош дерг цкъа а цIархазмана доцуш, цIеначу даггара дара. ХIара малх кхета дуьне Хастам хиларо АллахI-Дала чуьркан тIоман меха ца лериний хуучарех вара Iимран. Дукхах долчу иллешкахь шена девзина и бакъдерг кхайкхош чекхваьлла иза. Къаьсттина «КIайн дуьне» цIе йолчу иллехь.

Хьо ма девзи делара тхуна
Хьо ма дийзи делара тхуна
Хала ду хьох къаста тхуна
Дуьсур долу кIайн дуьне.
БIаьсте йолуш сенлуш, денлуш
Гуьйре йогIуш мажлуш, къахьлуш
Къонлуш, къанлуш, хазлуш, тишлуш
Хьийзаш ду хьо кIайн дуьне.
Хийла кIентий белла ду.
Вайха диса герга ду.
Деза, леха делла ду
Хьо малх кхета кIайн дуьне.

Халкъе, махке ала хьекъале дош хилла, шех ала довха дош дитина ву иза. 50 шарахь гергга беркате, кхоллараллин серло яржош ваьхна иза. Йийцина ца валлал йоккха ю цо къоман музыкальни культурехь йитина лар. Цунах беркат далар бахьанехь зазахецна дIаяхана нохчийн къоман эстрада, цуьнан хьаналчу къинхьегамо цкъа а дагахь ца хиллачу лакхенашка яьккхина иза. Цхьа а шеко йоцуш, Усманов Iимран нохчийн къоман эстрадин бухбиллархо ву ала мегар ду.

Шен халкъе болчу безамо винера цунах Даймехкан илланча. Нохчийчоьнах хьерчаш яра цуьнан ойла. Усманов Iимран ша а вара массо а нохчичун синкъерам, дозалла. Бакъду, дахлург ца хиллера вайн вовшех самукъадалар.

2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь детталучуьра сецира илланчин экаме дог. Нохчийн къоман культурина иэшам хилла Iаш бац и тайпа къонах дIавалар. Иза махкана боккха иэшам бу. Цундела шен похIмечу илланчин зевне аз дIалекъначу дийнахь догъэшна, тийна, кхоьлина яра ерриге а Нохчийчоь…

А.ГАЗИЕВА

№19, шинара, бекарг (март) беттан 13-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: