Дахарехь дика а, вуон а гина…

20141009_212146

Дуккха а бу нохчашлахь ийманехь доьзалш кхиийна наной. Царех цхьаъ ю ТIехьа-Мартан районан яхархо Цукаева Араш. Иза йина 1939-чу шеран 18-чу мартехь ТIехьа-МартантIехь ЦукаевгIеран Ахьматдукхан а, Минатан а доьзалехь. Араш йоцург кхин а 4 кIант а, цхьа йоI а хилла церан доьзалехь.

Вайн халкъ дохийна де гIенах санна бен дага ца дог1у Арашина. ХIетахь 5 шо кхачаза хилла иза. Арахь хьийзош ло а долуш, шийла еанера и Iуьйре. 1аьнан бедар схьаэца а ца кхиош, сихонца ара а баьхна, цхьанхьа дIабигира церан доьзал. Шаьш стенга кхаьчна хаале цIерпошта тIе бехира. Цкъа а шайна ца гина ирча хьал гира царна оцу новкъахь… Мацалла доьлху бераш, царна дан хIума цахиларна къаьхьа къурдаш до наной, шелоно, мацалло эгадо адам, ткъа уггаре а даго цалайнарг – белларш новкъахь охьакхийсар дара. И дерриге а ловш, бехха некъ бира цара.

Иштта дIакхечира уьш Казахстане. ДIакхаьчча цхьана гIишло чу бигира. Ког билла а меттиг йоцуш, дукха адам хилла цу чохь. Хилларг хIун ду ца хууш, шайх хIун хир ду ца хууш, доьхна хьийзара адамаш цу буьйсанна. Царна юкъара цхьа стаг кхелхира цу буьйсанна. ТIехьа-МартантIера вара иза  Арашг1еран лулахо. Иза кхелхича, Къуръан деша хууш волу Арашин да хьалха а ваьлла, цхьатерра дIахIиттира божарий велларг дIаверзон. «Букъ берзабелаш зударий, дIалацалаш кохкарш» аьлла, шен четара Къуръан схьадаьккхира Арашин дас. Ясин а доьшуш, дIаверзийра цара кхелхинарг. Дуьххьарлера каш цунна даьккхира цара.

Юьхьанца яахIума  йоцуш, дIавижа мотт  боцуш, хала хенаш текхира Арашг1еран доьзало. Махках баьхначу цхьаболчу доьзалшна гIуллакхна даьхни лучу хенахь, Арашг1еран доьзална шинара делира. «Мацалло кIелбитинчу, жижигах йинчу яахIуманах хьаьгна болчу наха-м дIадиира уьш. Тхан дас-нанас  шинара, урс ца хьокхуш, кхебира. Дукха хан ялале боккха етт хилира цунах. Дуккха а шура а, тIо а хуьлура тхоьгахь. Баккъал а тхан дас лулахошна дакъа динчул тIаьхьа бен тхуна шуран чам ца хаьара. Тхайн долахь етт хилар хIетахь тхуна боккха бахам хетара», – дуьйцу Араша. Хилларш тахана  дагалоьцуш, шайн да-нана мосазза хьахадо, елха ца елха, къурдаш до цо. Цара лайна халонаш а, шаьш кхаба г1ерташ хьегна къа а дагара ца долу.

ХIорш бехачу Сенокосное  юьртахь колхозехь балхахь хилла Арашин да. Цхьана дийнахь, марха а долуш балха ваханчу цуьнан дог гIелделла хилла цигахь. Балхарчу шиммо цIа валийна иза. Араша дийцарехь, мацалла юьхьа тIера бос байна, балдех к1омар даьлла вара да. Мацвелла, гIаддайна чувеанчу дега къинхетамца хьоьжура доьзал. Сихха цунна хьалха чорпин кад а, баьпкан 3 цастар а диллира. Шайн ден марха хиларх а, цуьнгахь долчу хьолах а ца кхетачу Арашин жимах йолчу йишас тIе а яхана, баьпкан цхьа цастар дIадиира, ткъа шолгIа цастар шена схьаийцира. Шена дисинчу баьпкан цхьана цастарх тоам бира дас. Иштта хала юьхь дIаяьллачул тIаьхьа, шайна цIа дан а аьтто хилира церан. Поппарх буьда кибарчигаш еш, царах жима ши цIа а, уче а йира Арашин дас-нанас. Хьан еллера дага ца догIу Арашина, цхьа котам елла хилла царна. ТIаккха цо кIорнеш а даьхна, цунах дIайолаелла котамаш.

Кусейн бохуш цхьа казах вара Арашин деца гергарло лелош. Кусейн кIа лелочу складехь болх беш вара. Оцу складе а воьдий кIан ведар дохьура дас. ЦIа веача, пешан экъа тIехь кIа кхарза а кхорзий, шен доьзал а, луларнаш а меца хиларна кхоьруш, буьйсанна хIораннан коре а воьдуш, корехула и кхаьрзина кIа чукховдош хилла цо. Иштта, дуккха а гIо дина Кусейнас царна. Иза кхелхича, Арашин дас дIаверзийра казах.

1956-чу шарахь доьзал кхоьллира Араша. 1957-чу шарахь 11-чу майхь цIа бирзира кхеран доьзал. ХIорш цIа баьхкича, кхеран хIусам чохь Iан тамехь яцара. Биъ пен боцург кхин хIумма а дацара. ТIаккха оьшуче кибарчиг а юттуш, тхов туьллуш, битаме далийра цIа. ЦIа баьхкина дукха хан а ялале, Арашин хIусамда эскаре вигира. ХIетахь Арашин жима кIант Сулейман а хилла. Шен марненаца кIант а витина, шайн юьртарчу конторе техничка балха яхара Араш. Цигахь 27 сом алапа дара. Шайн юьртарчу дохнан фермера цхьа хьелиозархо балхара дIаяьллийла хиъча, цига балха яхара иза. Цигахь болх бан атта дацара. Делахь а, де дацара, балур бацара шега аьлла цIахь ца Iаш, дукха хан ялале уггаре а дика болх беш ю аьлла къаста а еш, дIаюьлира балхах. ХIора дийнахь 25 етт оза безара цуьнан. Иза дийнан норма яра. Наггахь болх шозза-кхузза дукха бар а нислора. 9, 10, 11 туьма ахча оьцура цо. ХIетахь и дукха ахча хилла. Тахана цуьнан куьйгашка, пхьаьрсашка хьаьжча, кхин цо хIумма а дийца  ца оьшуш, оцу куьйгаша гойту цо хьегна къа… ХIусамда цIахь воцудела, пеш лато дечиг  даккха дезара Арашин. Болх дика бечарна балхахь даьхни луш, Арашина етт белира. Иштта, хIусамда цIа вале, кхаа шарахь дукха хало хьийгира цо, делахь а, дикка бахам вовшахтуьйхира цо. Сту а, етт а, 5 газа а, гIезаш а, москалш а яра цуьнан. Эскарера цIа веача цуьнан хIусамда а оццу ферме шофер балха вахара. Иштта, хаза баха хевшира уьш. Ша балха яхале, Iуьйрре, арахь Iаьржа  йолуш,  хьала а гIоттий, берийн гIуллакх дой, царна бовха кхача кечбой, сатосучу хенахь балха йоьдура Араш. Шо-шаре мел дели а хьелий оза ницкъ ца тоьара. Амма къар ца лора иза, хIунда аьлча, 4 кIант, 3 йоI кхио атта дацара. Иштта, Араша а, цуьнан хIусамдас а шайн доьзална хIума ца эшийта, уьш дешна хилийта г1ерташ къахьоьгура. Оццул халачу балхара цIа еача буьйсанна хан яллалц, берийн бедарш юьттуш, царна иту хьокхуш, хIума тоьгуш Iара. Арашин доьзал школехь дика доьшуш, шайн нанна цIахь оьшучохь гIо лоцуш, шайн нанас хьоьгу къа шайн дуьхьа дуйла хууш бара. Арашина дага а догIуш, цуьнан доьзалхочух ледарло яьлла аьлла цкъа а хьехархоша школе кхайкхина яц иза. Фермехь 15 шарахь болх бира Араша. Ферма йохийча, цигара дIаяла дийзира цуьнан. Делахь а, мукъа ца Iийра  иза. Тайп-тайпана белхаш бира цо: буц хьокхура, асарш дора, латта охкура. Цхьана дийнахь Къинхьегаман лагере (Трудовой лагерь) кхайкхира Араш студенташна кхача кечбан. Дукха мерза кхача кечбарна балха схьаийцира иза. Ткъа хIусамда юьртарчу цIеяйаран учреждени шофер балха вахара. Дукха хан ялале циггахь куьйгалхочун дарже вахийтира иза. Иштта, шераш дIаоьхура…

Бераш а кхуьуш дара… Школехь дешна ваьлла доьзалхо кхид1а деша вохуьйтура Араша а, цуьнан хIусамдас а. Берриге а доьзалшка дешийтина цара. Воккхахволчу кIанта Кустанайхь автомобилийн некъийн техникум яьккхина, йоккхахйолчу йоIа Соьлжа-ГIалин медицински училищехь дийшира. ШолгIачу кIанта Москвара махлелоран экономикин университет яьккхира. ШолгIачу йоIа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь дешна кхоалгIачу йоIа Къилбаседа Кавказан юьртабахаман Академехь дешна. Цхьана кIанта «Москвара некъийн институт» яьккхина. Жимахволчу Iадлана Ессентукехь йолчу заьIапхошна леринчу техника тояран техникумехь дешна.

«Дуьненахь хазахетарш а хуьлу, уьш хуьйцуш халахетарш а хуьлу. Иштта, сайн дахарехь дукха хIума гина суна, дукха хIума лайна ас. Тахана шен берийн берех самукъадолуш, цара 1ехош еха Араш. 14 берийн бер ду цуьнан. Цо дозалла до, шен доьзал кхион а, цаьрга дешийта а, наха лоруш доьзал хилийта а шен ницкъ кхачарна.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: